Кремлера программа: Кадыровн телеграмерчу каналах тIеман рупор муха хилла

Украинера тIом болабелчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграмера канал сихонца кхиа йолаелла – чиллан-бутт болалуш 50 эзар тIевазвелла хилла йолу иза зазадоккху-баттахь 1,6 млн бараме кхиъна, тIаккха марсхьокху-баттахь – 2,6 млн тIебазбеллачу нехан терахье кхачалц. ТIеме хьийсийначу кадыровхойн а, "лаамхойн" а видеош гучуюьйлу оцу тIехь, Украинхойн Iедална, Евробертан пачхьалкхашна, къобалъянзачу Ичкерин агIончашна кхерамаш туьйсуш посташ а, иштта арахьарчу политикан хеттаршкахула Кадыровн видеокхайкхамаш а, цуьнан шен суьрташ а. Пхеа баттахь политикан телеграм-каналах коьрта зорба хилла (инстаграман меттана, цигахь Нохчийчоьнан куьйгалхочу агIонаш дIакъуьйлу санкцеш бахьанехь), иштта хилла цунах тIеман пропаганда ечу оьрсийн майданех йоккхачех цхьаъ.

TGSTAT гIирсан хаамашца, чиллан-беттан 23-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун канале вазвелла вара 58 эзар стаг, зазадоккху-беттан 28-хь – тIом болабелла диъ де даьлча – 270 эзар вара, тIаккха охан-беттан 12-хь – ши миллион. ГIайгIанечу постийн терахь кхиарца доьзна дара иза – тIом болабелла хьалхарчу баттахь цо арахецнера бIеннаш керла материалаш, царна юкъахь хьал чолхе даккха бохуш кхайкхамаш дара.

2020-чу шарахь "Украина" дош Кадыровн телеграмерчу каналехь шозза хезара, 2021-чу шарахь – доьазза, амма карарчу шарахь – кхо бIенал сов. НАТО аббревиатура шина шарахь цкъазза а гучу ца елира цуьнан каналехь, амма 2022-чу шарахь посташкахь 16-за хьахайо иза. Зазадоккху-бутт болабелча "гуманитаран гIо" каналехь 53-за хьахош ду тIеман контекстехула.

Охан-баттахь Мариуполехь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера ду аьлла гIо дIасадоькъуш видео арахийцира каналехь – Bellingcat-н журналисташа-талламхоша билгалдаьккхина ма-хиллара, сурсаташ украинхойн дара, оцу гIуллакхо тоьшалла до, кадыровхоша шаьш лечкъийна сурсаташ доькъуш хиларна. ТIаьхьо и пост дIаяьккхира.

Чиллан-беттан 26-хь Кадыровн телеграмерчу каналехь арахийцира Соьлжа-ГIалин юккъехь дIахIиттийна нохчийн эскархой гойтуш видео. Уьш, видеона кIел яздинчу йозане ладоьгIча, кийча бу Укрине новкъабовла. Оцу дийнахь дуьйна каналехь хIора дийнахь арахоьцура масех видео, царах доккха дакъа эскархошна а, Кадыровс "лаамхой" олучу нахах лаьцна ду – аьлча а, Гуьмсарчу спецназан университетехула йолах тIаме хьийсочу нахах.

Амма ерриг хенаца дуьстича, биллинчу хаамашца а догIуш, уггара дукха нах хьежна посташ кхинаш ю. Масала, Американ Палатан векалийн спикеран Пелоси Ненсин Тайване яхарх Кадыровн ойланаш а, республикан куьйгалхо шена огIаз вахана хилла волу нохчийн ницкъахо Алаудинов Аптина Оьрсийчоьнан турпалхочун чин даларх, иштта Кадыровс шех "Путинан гIашсалти" а, Путино "буьрса ларош йолчу" цхьа хьенехан "синмехаллашна дуьхьа шен са дIадала кийча ву ша", олуш йолу пост а.

Украине чугIортале Кадыровн канале цхьана дийнахь-буса вазлуш верг иттанаш, йа бIеннаш хиллехь, амма тIом болабелча керлачу базбалархойн терахь иттанаш эзарнашка даьлла. Амма марсхьокху-бутт болабелчхьана и хьал бIостнехьа дирзина – постийн чулацам хьалх санна хиллехь а, тIебазлучу нехан терахь лагIлуш ду. Хийцалуш ду аудиторин бала кхачар а: товбецан-марсхьокху беттанашкахь каналера посташ йоьшура 33-34 процент тIебазбеллачу наха. Амма зазадоккху-охан беттанашкахь и терахь шозза алсам дара. Оцу гIуллакхо гойтуш хила тарло, цуьнан канале тIеман юьххьехь тIебазлуш хилар, амма хIинца цара иза схьадоьллуш ца хилар.

RKadyrov_95 каналан биллинчу хаамийн скриншот / TGSTAT

"Каналехь шортта посташ хIиттор долийра зазадоккху-баттахь, йиъ эзар арахецар, уьш дIатекхийра кхечу сеткаша. Кхузара ю трафикан тулгIе а. ЦултIаьхьа хьашт хилар дIадолу: контент кIезга ю, нах хьовсар лагIло. Канале дуккха а нах базлучу деношкахь къаьсттина гуш дац ботийн трафикех пайда оьцуш хилар, тIаккха уьш баккъала дийна нах хила тарло", - комментари йо Кадыровн каналан статистикана телеграм-аналитикехула волчу эксперта, шен цIе а, ша болх бен меттиг йовзийта ца лиъна цунна.​

"ЛартIахь ахьа хьой гайтахь – алсам деха йиш ю"

ТIом болабелча кхиъна йолчу Кадыровн майданаш – уьш доккхачу декъанна цуьнан шен пропагандин дакъа ду, ерриг Оьрсийчоьнан пропагандин дац, аьлла хета Free Russia Foundation экспертана Соколов Денисна.

"Мелла а чIогIа пайде хила гIертар а, керла дийцаре диллинчуьнца вогIуш хилар ду иза, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна иза дан аьтто а хуьлу цхьайолчу меттигашкахь. Дера, наггахь тIехволу иза – цуьнца доьзна дерриг санна. Делахь а, Кадыров дуьххьара вара брендан тIеман тобанаш кхолларехь – кадыровхоша шайн бренд кхуллура тIеман дуьххьарчу деношкахь дуьйна, уьш иштта эвсара тIемалой бац, дукха хьолехь естийна ю церан цIе. ТIаккха иза массочу хенахь ахча тIегулдарца доьзна хуьлу. Цуьнан тобанаш гуттара "кечйина" хуьлу гIирсаца, герзаца: оьрсийн эскарехь цуьнца баккхийра кхачамбацарш бу, амма кадыровхойн – бац. Аьлча а, лартIахь ахьа хьой гайтахь – алсам деха йиш ю", - ойланаш йо Соколовс.

Мелла а чIогIа пайде хила гIертар а, керлачу дийцаре диллинчуьнца вогIуш хила гIертар а ду иза

Агрессиве пропаганда – иза шен шатайпаналлех вохарна дуьхьал реакци ю, агрессиве хуьлург шен меттигех волург ву, дуьйцу къамелдечо: "Оцу маьIнаца агресси массочу хенахь эшначуьнгара йогIу, шен ресурсех волучуьнгара. Шегахь дерг лардархьама а, маргиналан шатайпаналла кхоллархьама. Нахе тIом муха байта беза? ЦIечу сизал дехьа лехка беза уьш".

Цо бахарехь, кадырохоша а, Нохчийчуьрчу "лаамхоша" а Оьрсийчоьнан рогIерчу эскархоша санна тIом бийр бу моьттура, тIаккха Оьрсийчоь мобилизаци ца гулъян гIертахь, тIаккха ишттачу гибридан эскарца тIом бан дезар ду церан.

"РогIерчу оьрсийн стагна цхьа а Iалашонаш яц Украинехь тIом бан. Стенна бийр бу цо и тIом? Цуьнгара тIеман зуламаш дарна бехкаш дахийта? Иза долийнчарна цига шортта нах дIагулбан лаьа, цултIаьхьа инерцин кепехь цаьрга тIом байта. Нах цхьана агIор окопаш чу лехка беза церан, тIаккха цигара бовдийта а ца беза", - дерзадо Соколовс.

"Путинан акха дивизии"

Кадыров – иза Путинан " хьеръяьлла дивизии" ю, информацин агIора ойла йича а, аьлла хета Киеверчу политикан талламийн "Пента" Центран куьйгалхочунна Фесенко Владимирна.

"Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца дуьстича, кхузахь чIогIа пропагандин бух бу, амма коьртанаш – иза Кадыровн пиаран информацин гIирсаш бу. Кадыров - иза шогачу кепехь тIомбар кхайкхош хьийзаш хиларна, цунна тIе тидам бахна. Цуьнан рогIера тIебазбеллачу нахал сов, цуьнан санна хьежамаш болу нах а баьхкина иза волчу. Хила тарло, хьалха цара кIезга тидам беш хилла тарло цунна, амма хIинца тIеман радикалан агIончийн тобанан барт чIагIбаларна, оцу нехан цхьа дакъа кадыровхойн хаамийн майдане а нисделла", - хета къамелдечунна.

Оьрсийчохь информацин майданера аралаьхкина тIеман дуьхьалончаш, лоялисташ бу, иштта бу "тIеман партина" декъашхой, уьш кхоалгIа дакъал дукха бу, дагардо Фесенкос.

"Агрессиве шовинистийн а, империн хьежамаш болу нах бу уьш, вуно чIогIа Украинина дуьхьал бу уьш. Оцу наханна Кадыров тIом тIекхачале оьшуш ца хила а тарло. Амма хIинца царна иза Медведев, Симоньян санна хаамийн флагман хилла. Цунна хетачуьнна тIехьбовлу уьш хIинца. Царна юкъахь Кадыровх уггаре коьртачех цхьа хаамийн объект хилла".

Кремло шайга кховдийнарг леладо Нохчийчуьрчу Iедалша, боху политолога Кутаев Руслана: "Кадыровс ша лелориг кхин дIа а лелор ду, Оьрсийн куьйгаллина хетарг хийцадаллалц. Иза цо долийна дац – шега кховдийнарг ду цо дIахьош".

  • Кавказ.Реалиино яздора, тIом болабелча шен телеграмерчу каналехь Украинан президентана Зеленский Владимирна а, официалан Киевна агIо лаьцна тIом беш болчу нохчашна а, пачхьалкхийн куьйгалхошна а Кадыровс кхерамаш тийсарх лаьцна.
  • Нохчийчохь ши тIом бирзинчул тIаьхьа зуламийн тулгIе яьржира Оьрсийчухула. Зорбанан гIирсашкахь кест-кеста арахецарш гучудуьйлура, тIеман декъашхо хилла хьенех йа минех тIелетта шен зудчунна, маре ян дуьхьалъяьлча йийна, йа салтий хиллачара талораш, къоланаш лелийна, бизнесхой байъина бохуш. Ницкъбаран керла тулгIе хир ю олийла дуй – хIинца Украинехь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцначаьргара схьа? Цунах лаьцна къамел дира Кавказ.Реалиино тIамера юхабирзинчу эскархойн гергарчаьрца.
  • Нохчийчуьра 30 шо долу Салман Украинерчу чугIортарехь дакъалоцуш ву чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна. Эскархочун нана гIоьртира иза тIамтIе ца вахийта, амма гIуллакх ца хилира цунах. ТIамехь дакъалацаро шен кIант хийцарх а, шен ладоьгIийлех а дийцира Кавказ.Реалиига Салманан нанас.
  • Украинан кхерамзаллин урхалло таллам болийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, цунах шек бу пачхьалкхан Зуламан кодексан Iедалан кхаа къепехь: "Къиза тIом бар", "Территорин цхьаалина тIелатар", "Украинина дуьхьал Оьрсийчоьнан тIеман агресси къобалъяр" а.