Пропаганда цхьаъ ю Кремло Нохчийчохь лелийнарг а, хIинца Украинехь лелош ерг а

Украина - Оьрсийчоьнехьа болчу герзахоша а, Украинан салташна а юкъахь хиллачу тасадаларехь диттинчу герзаша динчу зенашка хьовсуш бу меттигера бахархой, Славянск, 20 Сти2014

Оьрсийн герзахоша Украинехь хIинца лелочунна а, Нохчийчохь тIемаш боьлхуш лелийначунна а юкъахь цхьатера хIун билгалонаш го шуна?


Цу хаттарна жоп деллачу Нохчийчура бахархошна цхьатера йогIуш дукха билгалонаш карийра. Коьртачу декъана, телевизионехула оьрсийн Iедалша а, царна муьтIахьчу хаамийн гIирсаша а кхайкхо пропаганда а, нах лечкъор а, журналисташ ца битар а, иштта дIа кхин а.

Your browser doesn’t support HTML5

Сулейман



Референдум дIаяхьар а, цигахь цхьаммо тесна кхаж боццушехь, 89% процент йийцар а, кхин дерг а, дагадеара Iелина а.

Your browser doesn’t support HTML5

Iела



Мовсарна, хIинца Украина санна, Нохчийчоь екъа кечъйина хилла хан дагайогIу.

Your browser doesn’t support HTML5

Мовсар



Хьамида дукха хIума дагардира, Украинехь хIинца хуьлчух а, Нохчийчохь хиллачух а дустуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Хьамид