Ксенофобин барам: Москварчу автобус чохь бага лейина дагестанхо лаьцна

Дагестан, гайтаман сурт

Социалан машанашкарчу кавказхойн сегментехь коьрта меттиг дIалецира Москварчу автобус чохь дIадахначу кIиранан сарахь пассажирашца дов а эккхийтина, бага йиттинчу дагестанхочо. Юкъараллерчу иттаннаш жигархой кхиина хиламна комментари ян, ыу царалахь Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей а, зуламхой хьехочохь церан къам дийца хьашт дац аьлла волу Пачхьалкхан Думин депутат Хамзаев Султан а. Хиламан дахар дIадахдеш, видео гучуяьлла хIинца: дагестанхо вуьйцуш, боьха мот лебеш ву чохь инцидент иккхина хиллачу автобусан да.

Йолуш йолчу информацица, пассажир шена оьшучу социйлехь охьавосса ца кхиина делахь а, я цо шена оьшшучохь автобус сацае аьлла делахь а, неIарх каетташ, аравалийта ша бохуш, дов эккхийтина дагестанхочо. Видео чохь го цо шофере боьха бага етташ. Вукхо оццу маттаца до шен къамел а. КхидIа са салон чохь оьзда боцу мотт лебеш Iа пассажир.

"IадIехьа хьо волохь: воккха стаг, хезаш вуй хьо? Ас сайна луъург дуьйцур ду. Шуьца кхин мотт богIуш а бац. Шуьца, гIазакхашца… Со сайн цIахь ву-кх, бага дIакъовлахь, воккха стаг… ХIума а дац, йогIур ю хан оха шун массеран а пес йохъеш. Тхой? Дагенстанхой ду-кх тхо", – боху цо автобус чуьрчу цхьаьнга, массарна а цIе ло, "нацисташ" олий.

ТIаьхьо ша-шегара видеокхайкхам баржабо девнан дас - иза ву 29 шо долу Болатукаев ШуIайп.

Ша оьгIазвахийтинарг дин а, къам а бехдар дара, боху цо: "Хеццна сийсаздора дерриг а…

"Суна уллехь хевшина Iачу наха, уьш буьйлабелира, хIара бусалбанаш ишта-вуьшта бу, аьлла, цхьацца вониг дийца. Со тIаккха волавелира, оццул чIогIа шуна бусалбанаш ца безахь, шу нацисташ ду, аьлла! Со оьрсашна лен воллуш вацара, дерриг а къоманна, ас буьйцурш бусалбанаш безаш боцу нацисташ бара, дагестанхой, каказцаш безаш боцу. Иштта бара ас лебина мотт. ХIинца а дIабоху ас: автобус чохь хилларш нацисташ бара", – дIахьедина цо.

Билгалдоккху цо ша оьгIазвахийтинарг дин а, къам а хьехор дара, бохуш: "Хеццна сийсаздора дерриг а… Шу, мажош йолу бусалбанаш, ишта ду, вуьшта ду, бохуш. Массо а кепехь, боьха хабарш а дуьйцуш", - боху Болатукаевс. Амма дац хьалхарчу видео чохь цо пассажираша дира боху къамелаш.

Пабликашкахула, прессехула яьржина информаци тидаме эцна Москварчу Талламан комитетан урхалло: Кулугина гергахь лаьцна дагестанхо, адаман мехаллаш цо сийсазйина, аьлла, гIаттийна бехктакхаман гIуллакх.

Шинарин дийнахь Дагестанерчу Кизилюртан кIоштан, гIалин куьйгалхоша а, Болатукаевн гергарчара а наханна хьалха дехна шайна бехк цабиллар.

Экстремизм а, цуьнца Оьрсийчоьнан Iедало латттабен къийсам а тергалбечу информацин-аналитикан "Сова" центран (Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" могIара язйина ю и цхьаьнакхетаралла) экспертна Юдина Натальяна гарехь, Болутукаевс дийцинчуьнца хаало цунна тIебаьхьна болу бехк.

"Иза ша ма-дарра нахалахь дина къамел ду. Соьга хаьттича, нийса хир дара цунна дуьхьал оццу бехках долу административан таIзар даьккхича, тIех доккха зулам а дац цо динарг, тийсина кхерамаш а бац сов бух болуш", – билгалдаьккхира Юдинас.

"Корта хьовззийна схьабоккхур бара"

Шен ламасте иштаниг дерзийна ша ма-хиллара, тидаме эцна махкахочо лелийнарг Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс – къамел дира цо деношкахь эгначу ницкъхойн хIолламаш сийсазбинчех лаьцна а.

"Адамашна юкъахь мел лела низамаш хьаьшна оцу жимчу стага, бехдина исторехь кхолладелла къаной лоруш волчу дагестанхочун бIаьрла васт а. Оцу стага шена къинтIера баха беза ша сийсазбинарш хьовха, ша стенгара вуй а хоуьйтуш, юьхьIаьржахIттийна дагестанхой а", – дIахьедина Меликовс.

Къилбаседа Кавказерчу нахаца и санна эхье гIуллакх Iоттаделча, лен бовлу прессехь вайна массарна а

Дагестанан цIарах Пачхьалкхан Думехь Iачу депутата Хамзаев Султана бахарехь, иштачу стеган "корта хьовззийна схьабоккхур бара ХIинжа-ГIаларчу автобус чохь", дагестанхочунна "товш дац иштта лелар".

Вайн бахархошца – Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу, ерриг а Къилбаседа Кавказерчу – нахаца и санна эхье гIуллакх Iоттаделча, бовлу прессехь цунах кхаьрдарш, са оьцурш, элира шен Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Дагестанерчу публициста Саидов Iабдулрашида.

"Хуьлуш ду иштаниг. Амма кху хиламехь суна ца го совдаьлла кхардар. Мухха а делахь а, вай оьзда лела деза. И жима стаг бакъван бух бац банне а", – аьлла хета Саидовга.

Цо бахарехь, оцу кепехь лела Iамаво Оьрсийчуьрчу телегойтийлаша, уггаре хьалха пачхьалкхан каналаша: "Муьлхха а дискусси цигахь тIамца дIахьо, агресси естайо. И тайпа шоу адам хьерадоккхуш ю. Кхин а цхьаъ – Iедалца бац кегийрхой, Iедало уьш дIатесна. Школа а ю ас юьйцуш, кегийрхоша цигахь вуно ледара доьшу".

Саидовна хетарехь, социологаша тергаме эца езара и санна йолу конфликташ, орам талла безара оцу кепехь харцхьа леларан, талла дезара вуьйцучу "турпалан" дахар, жамIдан дезара.

"Жванецкийс баьхна ма-хиллара: "Консерваторехь цхьаъ дIанисдан дезий-теша?" Социологашна каро еза оцу хиламашкахь и "консерватори", талла деза, стенгахь иккхина гIалат. Иштта махкахой леларх жоп дала деза республикерчу Iедало а", – тешна ву Саидов.

"Серло дIайовра аьлла, я нехан дукха ю аьлла, ХIинжа-ГIалахь халкъ къинтIерадоккхуш ца хааделла суна. Цунах хета дезара эхь уггаре хьалха", – боху къамелдечо.

Публицистна Саидовна хетарехь, нах къинтIерабоху нохчийн кеп маьттаза ю – "лартIахь долчу адамашна ца оьшу иза". Амма оьшу низамна тIехьожучу урхаллаша, мехкан куьйгалхочуьнга а ца долуьйтуш, иштаниг сацор, бехкеволчунна таIзардар.

Естийна конфликт

"Вайна ца хаьа, хIун дара жима стаг дарвинарг, амма цунах масал а дина, Дагестано кегийрхойх, къамнийн юкъаметтигех жоп ц ало бахар – иза проблема естор ду", – билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамел деш "Конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а центран" директора Сокирянская Екатеринас.

Вон стаг схьа мел ваьллачу регионан губернаторан а дезий халкъ шена къинтIера даха?!

Экспертна хетарехь, нагахь санна къаьмнийн юкъаметтигаш стага даръеш елахь, низамхошна ган деза иза. Цхьамма-шимма харцхьа мотт лебинера аьлла, массо а адамашна, къоманна тIехIотто ца деза бехкан мухIар, иза нийса дац, зуламе а ду.

"Нагахь санна цхьамма динчух массара а жоп луш делахь, Москварчу Iедало стенна ца ло жоп цигарчу бахархоша дечу зуламех? Вайна гуш ю социалан машанашкахь ксенофоби, расизм – иштаниг мел ваьллачу регионан губернатора дезий халкъ шена къинтIера даха иза бахьанехь? " – цецъюьйлу Сокирянская.

Ткъа Iедало баккъал а дан дезарг ду кепана а доцуш, оьшу кехаташ хIитторхьама а доцуш, къаьмнийн юкъаметтигаш тоен болх гIаттор, ксенофобица къийсар, билгалдоккху цо.

"МаьIне дуй Нохчийчоьнан куьйгалло харцхьа лелла нохчо махка а валавой, цуьнан юьхьъхар? Суна нийса ца хета цхьана а кепехь, низамца а доцуш – ткъа Нохчийчохь и хьал диллина лаьтташ ду - стаг халкъанна хьалха сийсазвар, я пайде а дац иза. Тоьаш ду адамна ша динчу зуламах низамехь жоп дехчхьана", – боху Сокирянскаяс.

Доьхнарг ду, цунна герехь, пачхьалкхехь зулам дина стаг, цуьнан схьавалар а туьдуш, бехке озош хилар: "Масала, дагестанхочунна вониг дийцича, хьуна хIума а дийр дац, амма дагестанхочо хьуна зен динехь, иза лоцур ву. Кхечу къаьмнех верг а лоцур ву. Иштта Iедал хьийзаро, къестамаш цо баро хердо къаьмнаш вовшашца".

Талламчаша къаьмнаш а я дин а ца хьедеш бан беза шайн болх, низам олуш доллу таIзар а къастош динчунна дуьхьал, чIагIдо бакъонашларъярхочо.

"ХIоьан чкъуьйриган болу мах а бац оцу историн. КIирандийнахь хиламаш дукха бацарна сема Iен пресса чухьаьдда хилам бийца, Къилбаседа Кавказерчу стагера даьлларг десто, оцо шайн газеташна пайда бохьу аьлла хеташ", – элира бакъонашларъечу "Мемориал" центран куьйгалхойх волчу Орлов Олега (Оьрсийчохь арахьара агент лору "Мемориал" , амма иза цуьнца реза яц).

Харцхьа леларг милла а ву бехке, амма автобус лелочо а гайтина шегара харцо, боху Орловс. Регионашкарчу куьйгалхоша кавказофоби а еза емалъян, чIагIдо цо.

***

ГIадужу-беттан юьххьехь Дагестанера схьаваьллачу кхаамма къиза йиттира Москварчу метро чохь йоI Iалашъян воьллачу пассажирна. Уьш бехкебина стаг вен гIортарна, Iедалхочунна кхерамаш тийсарна.

2021 шеран лахьан-баттахь Новая Москвахь "кавказхой" леттаро гIара эккхийтира социалан машанашкахь. Прессин хаамийн хотIо оьгIазбахийтира Кавказера бахархой, къаьсттина ца тайра царна Iедало ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редактора Симоньян Маргаритас язйина комментари.