Нохчийчохь Iедалхоша йуха а дIахьедина махкара дIаоьхучу бахархошна тIехь шаьш терго латтор йу аьлла. Меттигерчу зорбанан министро билгалдаьккхина, Кадыров Рамзана "шогаллица" тIеоьцу кхечу регионашкахь нохчий "товш доцуш" лелча. Регионехь ламасташ репресси йаран дакъа хиларх лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа.
Нохчийчуьра къоман политикан, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, республикера арабевллачу Нохчийчоьнан бахархойн "леларна" тIехь шен урхалло бIаьрг латтабо. Цкъацкъа "жоьпалла тIе а ца лоцуш, шайна ма-хеттара лела деза аьлла хета" царна бохура цо. "И тайпаниг магийта йиш йац" аьлла хаамбира цо, диллина дийцира "Iедало а, Кадыровс а цунна луьра реакци йо" аьлла. Ма-дарра аьлча, регионера дIабахначу Нохчийчоьнан бахархошна тIехь къайлах тергойар нийса ду аьлча санна вистхилла хьаькам.
"Цо (Кадыровс. –Редакцин билгалдаккхар.) вицвелла стаг цIа валийна, телехьожийлехь гайтича, йа цхьа кхин хIума цо дахь, интернетехь турпалхой гучубовлу, цуьнан бакъонаш хьоьшуш йу, тайп-тайпана хаамаш баржабо", - аьлла Дудаевс.
КХИН А ХЬАЖА: Махкара арабовлучарна тIехь "терго латториг" хиларах дIахьедина нохчийн министроЦхьа могIа Европан пачхьалкхаша адамийн бакъонаш хьешарна санкцийн тептаршка йазвинчу Кадыровх "кхерамзаллин, аьхналлин гарант" элира цо. Иштта тIетуьйхира, вукхо "шен лелар нис ца до, агIонехь йолчу йукъараллаша а, институташа а, журналисташа а, бакъоларйархоша а цхьана агIор реакци йийр йуй а хууш" аьлла.
И дIахьедар динера "кегийрхойн йукъараллин-патриотикан "Ахмат" боламан а, "патриотикан "Путин" клубийн векалшца хиллачу цхьанакхетарехь. Церан офисаш йу Соьлжа-ГIалара Путинан проспектера кегийрхойн ЦIийнаца цхьана гIат тIехь. "Ахмат" боламан а, "Путин" клубан а белхан Iалашонех лаьцна йаздина цхьа йоза ду: "Нохчийчоьнан Республикан хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан некъах вахар". Изза аларх пайдаоьцу нохчийн официалан пропагандехь а. Хаамийн гIирсаша дукхазза йаздира Кадыров Рамзанан ден культ кхиорах а, меттигерчу Iедалхойн багахь лелаш "Кадыров Ахьмадан некъ" хиларх а.
Шен вистхиларехь Дудаевс билгал ца доккху, махкахойн муха лелар ду цунна "товш доцуш" хетарг, оцу йукъанна Оьрсийчоьнан низамашкахь бац, оцу кепара репрессиш лелон могуьйту бакъонан барам. Делахь а, Нохчийчуьра Iедалхоша дукха хан йу и лелон.
Массо а хIуман регламент хIоттийча, тоталитаран рожан билгало йу иза, кхетадо бакъоларйаран "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.
"Долахь хIуммаъ дац – йовлакхаш а, йеха мажош а лелорна тIера маьждигийн автономи цахиларна тIе кхаччалц. Нохчийн ламасташца аьттехьа а догIуш дац и. Долара хIума баккхийчара доьзала чохь латтон дезаш ду, арахьара цхьаммо а урхалла дан догIуш дац цунна тIехь. Цул совнах, коьрта цхьаъ вац. Оцу меттигехь коьртанаш а бу, денна хуьлучу дахарна тIехь регламентаци а йу, хьо миччахь велахь а", - боху эксперто.
"Сий дицделларш?"
"Маьттаза" леларна бехкебина, махкал арахьара Нохчийчуьра бахархошна тIехь бIаьрг латтор долийра 2015-чу шарахь дуьйна – хIетахь Кадыровс дIахьедира, Москвахь "лела цахуучу" нохчашна тIехь терго латтор йу аьлла. ХIетахь дуьйна цхьа а бакъонан бух боцу и практика лелайо кест-кеста.
Масала, 2020-чу шарахь Москвара Соьлжа-ГIала валийра нуьцкъаша бIе гергга нохчо, уьш бехкебинера ницкъахоша наркотикаш лелорна а, йухахьара леларна а. "Грозный" пачхьлкхан телехьожийлехь сюжет арайелира "Москвара Нохчийчу балийна, эхь-бехк дайна, нахана йукъахь лела ца хиъна кегийрхой" аьлла. Цига кхайкхийнера церан гергаранаш а, "шахьарахь кегийчу наха шаьш болх беш ду а бохуш, лелориг" дIагайта. Оцу видео тIехь массарна а хьалха дIахIиттина дохкобевлира уьш, ладийгIира цара хьаькамийн нотацешка.
ЦIа далийначу берашна хьалха вистхилира иштта Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам а. Стенна бехкебо республике цIа балийнарш, ца дийцира цо, амма бохура "Кадыровга денна социалан машанашкахь йаздо регионера арабевллачийн леларх". Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло Алханов Руслана бехкебира уьш "нохчийн къомана дискредитаци йарна", "уггар боьха белхаш бойтур бу" аьлла, кхерамаш тесира.
Цу шеран зазадокху-баттахь оццу хьаькамаша йуьхьйаьккхира Москвара цIа йалийначу, шовзткъе итт стагах лаьттачу тобанан. Уьш бехкебира наркотикаш лелорна а, къаьркъа мийларна а, харцахьа леларна а. "Грозный"ЧГТРК-н сюжетехь "йукъараллин къепе йохийнарш, Нохчийчоьнан имидж талхораш" бу элира. Оцу барамехь иштта схьабалийна бара церан гергара нах а, "гIуллакх гена далале, цхьа йист йаккха, элира цаьрга Кадыровс.
"Результат" йеш бу
Йуьхьанца дуьйна Кадыровс "леларна тIехь бIаьрг латтор" бу баьхна практика Москвана тIехь ца йерзийра. Масала, 2022-чу шарахь нохчийн Iедалхоша рейдаш йолийра Къилбаседа Кавказан регионашкахь а "лартIехь лелаш боцчаьрца" къийсам латтон Iалашонца. "Чечня Сегодня" пачхьалкхан агенталло йаздира "вайнехан гIиллакхашца" лелаш боцурш лоьхуш, йолийначу рейдех, хаамбира, Дагестанехь а, Пятигорскехь (Ставрополь-мохк) а дIакхехьа йезара уьш бохуш.
Оцу хаамел а хьалха, Дагестанера Избербашехь Нохчийчуьра мехкарша буса эшарш лоькху аьлла дийцира. Цул а тIаьхьа мессенджерашкахь аудиохаам баржийра, цу тIехь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан озах терачу цхьаммо кхайкхамбора, регионал арахьа бехачу нохчийн "маьттаза лелар" сацаде бохуш. Цо дIахьедира, хIинцале а шен къамел хилла "лулахойн" куьйгаллица (йуьйцург Дагестан йара.- Редакцин билгалдаккхар.), тIедожийра гIиллакхаш, ламасташ сийсаздийраш цIа балабе" аьлла. Дукха ца Iаш социалан машанашкахь хаамаш бира Дагестанехь нохчийн ницкъахоша рейдаш йарх.
Оппозицин NYISO нохчийн телеграм-каналехь бахарехь, иштачу меттигашкахь кадыровхошна тIетов цхьаболу нах.
"Эвхьазаллица къийсам" латтабо а бохуш, шайна луьйш берш лехьабо цара
"Шайн репутацига чIогIа экама хьоьжу нохчийн йукъаралла ша-башха хиларна ду и. Амма, халахеташ делахь а, адамаш ца кхета цхьана хIуманах, кадыровцаш "йукъаралла цIинйан, могуш кхане хилийта" ца хьийза, мелхо а уьш шаьш бу эвхьазалла йаржораш а, маьттаза леларш а", - элира каналехь.
Iедало ша шена йен пиар лерира NIYSO телеграм-канало дукха хан йоццуш Дудаевс дина дIахьедар.
"Цкъа делахь, уьш кхета и тема нохчашна лазаме хиларх, шолгIа аьлча, "эвхьазаллица къийсам" латтабо а бохуш, шайна луьйш берш лехьабо цара. Вуьшта алча, "результат" йеш бу уьш шайггара гIуллакхаш а долош", - дерзийра къамелдечо.
"Кремлан палн"?
Рейдаш, массарна а хьалха дIахIиттийна къурд алийтар, "низам дохийначийн" гергарнаш а, уьш шаьш цхьана жоьпалле ийзор меттигерчу телеканалехь – Кремлана дагайеъначу концепцин дакъа ду иза, тешна ву "Кавказан халкъийн Ассамблейн" куьйгалхо Кутаев Руслан. Цунна хетарехь, леррина, "норма" йолуш санна и дIагойту йукъараллин цхьана декъо а.
"Лайн лелар ду адамийн кхетамехь даржош. Царна гойту, нохчашна тIехь Iедало хIуъа а дийр дуй. ЧIогIа коьрта ду цхьана меттигерчу Iедалхойн импровизаци и цахилар. Царна йукъахь бац цхьа жимма а хьекъал долу нах, уьш ца кхета муьлхачу гIирсах пайдаэца оьшу, тIейогIучу тIаьхьенах лоллехь халкъ дан", - боху Кутаевс.
Царна гойту, нохчашна тIехь Iедало хIуъа а дийр дуй
Нахана дIаоьхьуш гечдарш доьхуьйтуш, меттигерчу телехьожийлехь "гIиллакхех боьхнарш" дIа а гойтуш, Кадыровс сигнал ло Кремльна, цуьнан къомана тIехь урхалла далун дерг махкара цхьа Iедал бен доций аьлла хета экспертана.
"ХIара урхаллин кеп оьрсийн цхьамзанаш тIехь лаьтташ йу. Iедало Кремльна сигнал кхачайо, шайн аьтто баьлла Нохчийчохь "лайн бацилла" йукъайаккха, йукъараллехь иза цхьа хила дезарг санна тIеэцна олий. Лай миччахь велахь а, цуьнан долахочун таро йу цунна таIзар дан. Кремльна гайта хьийза уьш, шаьш цхьа толам баьккхина бохуш, амма нохчийн къома йукъахь цо мелхо а цабезам гIаттабо", - бохура Кутаевс.
- Нохчийчоьнан урхалхочун вешин кIант, цуьнан хьехамча Кадыров Хьамзат вистхилира, социалан машанийн агIонашкахь "нохчийн гIиллакхаш дохочу" мехкан бахархойн цIарах. И аккаунташ лелочарна тIаьхьа девлла лелар ду, "дозанах хаьддарг саца а веш" аьлла, тIетуьйхиар цо. ХIун низамаш дохор ду дуьйцург -–хууш дац, оцу йукъанна Оьрсийчоьнан низамашкахь оцу тайпа нахана тIаьхьабийла бакъо лун бух бац.