Оьрсийчоьнан вахархо хиларал совнаха, Британин вахархо а волу Нохчийчуьра схьаваьлла Абубакаров Мохьмад охан-баттахь ницкъхоша луьра чевнаш йинчул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀаларчу дарбан цӀийнехь цунна тIехь гӀелонаш хьегна хилла. Иза хӀинца Пятигорскерчу СИЗО-хь ву, говза лоьрийн гӀо ца хилар бахьана долуш телхина цуьнан хьал.
Абубакаровс бахарехь, чевнаш йинчул тӀаьхьа Хьалха-Мартанарчу дарбан цӀийне кхачийнера иза, цигахь операци йинера цунна, хаамбина "Къизаллашна дуьхьал йолчу тобано". Иза меттавеанчул тIаьхьа цунна тӀевеанера ши талламхо – цара цуьнан мIараш хедийна, бедарш дIаэцна хиллера, ткъа иштта мукӀарло динчу кехатна куьг язде баьхнера. Цу тIехь йаздина хиллера, полисхошна герзаца цо дуьхьало йина бохуш – ткъа Абубакаров реза ца хиллера.
Цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀаларчу дарбан цӀийне дехьаваьккхира иза. Цигахь маьрша духар дуьйхина пхиъ гергга стаг веара цунна тӀе, царах цхьаммо кхаа сохьтехь йиттинера цунна, айхьа шпионаж лелийна алий, мукӀарло де бохуш. Ницкъахочо Абубакаровн ирхъоьллина ког ийзийна хиллера, лазийначу хонан даьIахкаш йохийна вара иза.
Соьлжа-ГIалахь кхин а цкъа операци йира Абубакаровна, шолгӀачу дийнахь цхьа стаг веара цунна тӀе, ша ФСБ-н белхахо ву аьлла вовзуьйтуш. Цо а деа сахьтехь гергга ницкъ бина хиллера цунна тIехь. Абубакаровн кога чу хӀоттийна чIу схьабаьккхина, иза сийсазвеш, цунах кхаьрдаш, хIуманаш лелийнера цо. ХьотI чуьра тIоьрмиг баьтIча, цунах вийлинера. Цо мохь бетташехь, лоьрийн белхахой чу а ца баьхкинера Ӏазап латточу хенахь. ХӀетте а Абубакаров реза ца хилира ша шпионалла лелийна, ницкъахоша ма-боххура, Украинера Сергей цIе йолчу цхьана стага вербовка йинера шена аьлла, бехкаш тIелаца.
Абубакаров карарчу хенахь Пятигорскерчу СИЗО-хь ву, ша лоцучу хенахь герз тоьхна хиллачу полицин белхахочунна тIелетта хилла иза аьлла бехке а вина. Цунна ца хаьа, шена дуьхьал шпионажан гӀуллакх диллина ду, йа дац. Хонах йинчу тоьпан чевно Iаткъам бина цуьнан чуьйрашна, хонах тIоьрмиг оьллина лелаш ву иза. Корматалла йолу лоьраш цунна тIебуьтуш цахиларна, иза дIабаккха йиш а йоцуш.
- Дуьххьара лецира Абубакаров ницкъахоша 2009-чу шарахь, Хьалха-Мартанара тIеман декъана гена доццучохь динчу эккхийтарна бехке ву бохуш, цунна тIедожон гIоьртира хIетахь. Эххар а гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, кхел йина, цхьа шой, кхо буттий хан туьйхира цунна.
- 2013-чу шарахь Мохьмад Британе дIавахара, цигахь цунна мухIажирийн статус йелира, тIаьхьо махкалла а. Цул тIаьхьа иза масийттаза вахара Нохчийчу, йахна бIаьста кхаччалц низамаш ларадаран урхаллийца проблемаш Iиттайелла йацара цунна.
- Стохка стигалкъекъа-баттахь Абубакаров лачкъийна, маьршаваьлча цхьа бутт гергга хан йаьккхира цо низамехь йоцчу набахтехь, цуьнах лаьцна цхьа а информаци йацара. "Мемориало" хаамашца, 15 шо хьалха динчу эккхийтарехь дакъалацарх жоьпалла хьайна тӀеэца баьхнера цуьнга. ТӀаьхьо гучуделира лахьан-баттахь и стаг Британе дIаваха гӀоьртина хилар, амма йуха а лаьцнера, цунна дихкира Оьрсийчуьра аравалар.
- ХӀетахь дуьйна шен деца-ненаца Хьалха-МартантӀехь Ӏаш вара Абубакаров. Охан-беттан 4-чу дийнахь ФСБ-н белхахоша церан цIенна го а бина, Мохьмад вада гIоьртинера аьлла, цунна герз тоьхнера. Хонан даьIахк аьттера цуьнан, цхьа хIоъ чохь буьсуш.