Гомосексуалисташ Нохчийчохь цхьаммо а ца хьийзабо, уьш гучубовллушехь, бойу гергарчара, аьлла Кадыровн пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис, махкахь и тайпа гучубевлларш хьийзабо аьлла прессехь яьржинчу информацина комментари луш.
«Прессехь яздийриг – аьшпаш бу, махкахь воцург лаца а лур вац, хьийза а валур вац»,- аьлла Каримовс "Интерфаксе".
Нагахь санна республикехь харц кепехь лела божарий я зударий бовлахь, уьш шайн доьзалша бойур бу, аьлла хета Кадыровн пресс-гIоьнчина.
Тахана «Новая газетано» хаамбира Нохчийчохь 100 сов гомосексулист лаьцна, царех лаххара а кхоъ вийна, аьлла.
Газето бахарехь, цуьнга кIира хьалха дуьйна схьа хьостанаша дийцина, Къилбаседа Кавказерчу цхьацца регионашкахь гомосексуалисташна гулам хIотто дихкича, Нохчийчохь лоьцуш, хьийзош, бойуш бу иштанаш, аьлла.