Your browser doesn’t support HTML5
"Iамеркан Аз" зорбанан гIирсан корреспондентана еллачу лерринчу интервьюхь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан къоман кхерамазаллехула хьехамча волчу, инарла-лейтенанто Макмастер Герберта (H.R. McMaster) дийцира, Оьрсийчоь Iамеркерчу президентан харжамашна а, Европерчу политикан процессашна а юкъагIертарна шаьш хIун жоп дала дагахь ду а, ткъа иштта Iамеркан администрацино Къилбаседа Корейхь а, ГIажарийчохь а хIоьттинчу хьолан муха мах хада бо а.
Дуккха а пачхьалкхашкахь харжамашна юкъагIерташ Оьрсийчоьно лелийначу "чIогIа кхиамечу керлачу стратегина" дуьхьаллатта кеп каро еза Iамеркана, аьлла хета Iамеркан президентан хьехамча.
Цуьнца цхьана, Макмастера чIагIдарехь, КIайн ЦIийнехь шеко йолуш бац, 2016-чу шарахь Iамеркерчу харжамийн кампанина юкъагIертарна тIехьа лаьтташ Кремл хилла хиларна.
"ХIаъ иза, шеко а йоцуш, хилла, ткъа президенто официалан кепара цунах лаьцна дIахьедар а дира, - элира КIайн ЦIийнан хьехамчо. – Тхайн агIор, тхо аьттонаш каро безаш ду цу стратегина дуьхьал Оьрсийчоьно тайп-тайпанчу кепашца, шайна юкъахь, социалан машанаша лучу гIирсех пайда а оьцуш, дезинформаци а, пропаганда а яржор а долуш, вайн юкъаралла екъа, питана а тесна, тайпп-тайпана (политан тобанаш) дуьхьа-дуьхьал лотточу цу стратегина жоп дала".
Iамеркан президентан къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчо дийцарехь, Кремло тоам ца бира Iамеркин харжамийн камнанина юкъагIортарх.
"Оьрсаша вуно жигаралла гайтира Европехь а, - боху Макмастера. - Дукха хан йоцуш уьш (юкъагIоьртира) Францехь хиллачу харжамашна а, Испанехь Каталонин кхолламах лаьцна хиллачу референдумна а.
Шуна гуш ду уьш жигара хилар Мексикехь, путч айъа гIерташ хилар Черногорехь. Оьрсийчоь хьал галдаккха гIерташ хилар гайтар хьалхара мехала гIулч ю. Цо аьтто бийр бу массерна а гайта церан бакъйолу Iалашонаш. Ткъа цо шен агIор лардийр ду нехан шеко хилар а, юкъараллаш дуьхь-дуьхьал хIитто гIертар а".
Москохо шена бохку бехкаш тIе ца лоцу. Амма, Макмастерна хетарехь, Оьрсийчоьнан куьйгалло хийцина бакъ долчух тардина бехк бац бахар, цхьана а бакъдолчух тера доцу шайн бехк бац бахарх".
"Оццу наха дIахьедарш дора: "ХIан-хIа, оха чудаийтина дацара некъахойн кема, оха ца байинера и берриг а нах"; " ХIан-хIа, ГIирмехь а, Украинин малхбалехь а бац тхан салтий"; "Оха гIортор еш яц Шемарчу режимана, дIаьвшен герзах пайда а оьцуш, дуккха а шайна бахархой байарна жоьпалла долчу". Тахана цара дуьйцучух тешаш цхьа а вац", - тешна ву Макмастер.
ГIажарийчохь а, Гергарчу Малхбалехь а болчу зуламен ницкъех пайда эца гIертарна шен репутацица мах бала безар бу Оьрсийчоьнан, аьлла хета Макмастерна.
"ХIора Iаьрбийн пачхьалкхо кхето деза, Оьрсийчоьно Гергарчу Малхбалехь дийриг билггала хIун ду", - дIахьедар дира цо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсана.
Макмастерна хетарехь, Оьрсийчоь пайда эца гIерташ ю, цу регионехь бахархойн тIом баккхар Iалашонца, "Хезболлана" гIортор еш, цунна герз латтош ГIажарийчоьно лелочух. Шемахь Асад Башаран режимана тIехIиттина тIом беш болу 80 процент нах уьйр йолуш бу ГIажарийчоьнца. Оьрсийчоьне хатта деза: "Шуна луучуьнца муха цхьаьнадогIу цу тайпаниг леладайтар Iалашонца гIажарийн режим карзахъяхар?"
Макмастерна хетарехь, президенто Трампа дIахьош йолчу арахьарчу политикана бухе йиллина ю "бакъдерг ма дарра гаран принцип", ткъа цуьнан коьрта чулацам буьйцуш бу стохка шо чекхдолуш йовзийтинчу Iамеркан Къоман кхерамазаллан стратегехь"
Макмастерна хетарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIортор ян еза ГIажарийчохь дуьхьалонан акцешка арабуьйлучу нахана. Цул сов, Iамерко билггала гIулчаш яха еза аьлла хета цунна, могIарерчу гIажарошна гIор дар Iалашонца.
Кхин цхьа коьрта проблема ю, Макмастера дийцарехь, Къилбаседа Корейхь хIоьттина хьал. Iамеркан президентан хьехамча тешна ву, Пхеньян ТехIранца юкъаметтигаш лелош хиларх, керла ракетийн технологеш юкъайохуш.
"Нагахь Къилбаседа Корейн истори аш схьаэцахь гуш ду, цара кхечу пачхьалкхашна дIацалуш дитина цхьана а тайпана герз ца хилар", - боху цо.
"Заррат герз дарца йоьзна программа кхочуш яро а, ракеташ яро а хьал кӀажбухе дуьгур ду бохучух Къилбаседа Корейн режим кхета мега аьлла сатийсам мел буьсу а, тIом кхайкхор дIадаьккхича, Китайн а, кхечу цхьайолчу пачхьалкхийн а аьтто болу экономикан Iаткъам бан йиш йолчу ницкъах пайда эца беза", - боху Макмастера.
Цо дийцарехь, алсамдолуш ду Къилбаседа Корейца махбар сацош йолчу пачхьалкхийн терахь. Царна юкъахь ю, масала, Вьетнам, Филлипинаш, кхин йолу а пачхьалкхаш.
Инарло Макмастера даре до, Пхеньянца юкъаметтигаш дIаяьхьар дукхачу хьолехь, шен экономикан Iаткъамах пайда эца аьтто болчу Китайн лаамах дозуш хилар. Шен жамI дан дезаш ю боху цо, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташоно юкъаяьхна санкцеш а.