Маршоно ницкъ лора суна. "Сий лардеш" йуьйчура кIелхьарайаьллачу йоIах

Гайтаман сурт

2023-гӀа шо чекхдолуш бакъонашларъйархоша билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехь доьзалехь тIехь ницкъ латточу нехан дехарш алсамдовлар, ткъа изза гайтам бара 2024-чу шарахь а. "Кавказ. Маршо. Кхиар" таханлерачу регионийн проблемийн толлучу центран рапорто дийцарехь, къаьсттина меттиг дӀалоцуш ду "сий лардеш" стаг вер Iадат. Нохчийчохь и Iадат ду, дукхахдолчу хьолашкахь зуда йен бахьан – мел кӀезга а, нахана гIара девла и тайпа хилларш теллича.

"Кавказский узел" зорбанан гӀирсан хьесапашца, 2023-чу шарахь 31 зуда йина гIуллакхан йукъехь- 22 доьзна дара "сий лардарна" буха тӀехь - "сийсазйалар", "оьзда йоцуш леларна", "вайн ламасташца ца дохург лела дар» иштта дӀа кхин а. Цул сов "сий лардеш" зуда йер, мехкарий кхероран гӀирс бу, кхин долу зуламаш дан а къайладаха а, масала: зуда хьийзор а, нуьцкъалла ахчанаш дахар а.

Cевер.Реалии корреспонденто къамел дира нохчийн йуьртарчу Петербурге деша йаханчу Адаца. Шен гергарчарах йада аьтто а баьлла, хӀинца Европехь Iаш йу иза.

Доминон эффект

Ада (цӀе цуьнан дехарца хийцина кхерамазаллин бахьанашца. - СР) нохчийн цхьана йуьртахь йина а, кхиъна а йу. Иза ехаш йара къоман Iадаташ лардечу доьзалехь, зуда шен ден, майрачун, вежарийн лаамна муьтӀахь хила йезаш норма йара - иштта цу Iадатехь жимма а галйалахь къиза таIзар а, шен дог ойла йовзийтар бен дацахь а. Ткъа цул тӀаьхьа, Адас йишира Сулейманова Седа йеран хьокъехь юкъараллехь хиллачу реакцех лаьцна.

Сулейманова Седа Петербурге едира шен гергарчарех - шен дахар ша кхолла лууш, церан омрица а йоцуш. 2023-чу шеран аьхка цуьнан гергарчара, полицин гӀоьнца, лачкъийна, нуьцкъала йуха а Нохчийчу дӀайигара иза. Седан доттагӀашна а, бакъонашларъйархошна а хетарехь, цуьнан гергарчара, “сий лардан” аьлла йийна хила тарло иза- “Cий лардарна” зуда йер Къилбаседа Кавказехь даьржина ду, динна а, Iадатан низамаш дохийча.

Талламан комитете массо а агӀор кхайкхамаш бар а, шуьйра йукъараллехь болх а барна бахьана долуш, 2024-чу шеран зазадоккху-баттахь Талламан комитетан Нохчийчуьрчу декъо бехктакхаман гӀуллакх айдира Седа йер хьокъехь гIуллакх– амма, тахана а цхьана а кепара жамӀаш ца хилла талламчийн.

ХӀетте а, ницкъ бина нах кӀелхьара бохучу “СК СОС”организацин пресс-секретаро Мирошникова Александра дийцарехь, Сулеймановн гӀуллакх зорбане даккхаро Ӏаткъам бира: кхин а дуккхаъчу доьзалехь ницкъ биначу нахана кӀелхьара бовла некъ буйла гайтира.

– Ас "доминон эффект" йу эра дара иза. Йукъараллехь цхьа гIуллакх гIара даьлча, тхьога гIо доьхуш нехан терахь алсам долу. ХIунда аьлча, цхьаболчу нахана еххачу хенахь кӀелхьарадовла лууш хиллехь, Седан гӀуллакх хезча, кӀелхьарадовла некъ буйла кхетча, тхо долчу богӀу уьш. "Сий лардаьш" зуда йер 1адат лелш дуйла, царна зорбанера дешна хууш ма даци – иза церан йукъараллехь лелаш хIума ду. Иза кест-кеста ца нислахь а, уьш шайх хьакхалуш доцуш, хьалдолчу доьзалшкахь бехаш белахь а, царна хезаш ду "сан ненан агӀор стага шен йоӀ йийна - цунна цхьа а таIзар ца дира" бохуш дийцарш. Амма, йукъараллехь гIара даьлла хIума хилча, царна шайн арахьара йукъараллийн реакцеш го. Царна гуш ду и хӀума наха къобал деш ца хилар. Ур-атталла Пачхьалкхан Думан депутаташ а цу хьолана реза ца хилар а, "сий лардеш" аьлла зуда йер -аккхаралла хеташ.

Сулейманова Седа

"Сий лардеш" адам дер - тхан дахаран дакъа ду"

19- шо долчу Адас дуьйцу, шайн юьртахь цхьана а йоӀа шен дахаран да йу аьлла дозалла дан йиш йацара, шена дезарг ,шена луъург къасто маршо йу ала, шен доьзалехь ша- тайпа кепара иза ирсе хилча а,

– Сан доттагӀий бара шайн доьзалшкахь маьлла а паргIат болуш, амма цигахь а ламастан мехаллаш луьра лелаш йара. Сан гергарчарна коьрта мехалла йара доьзалан сий лардар а, зуда божаршна муьтӀахь хилар а. Сан дена-нанна хетарехь сан дахар иштта хила дезаш дара: муьтӀахь йоӀ, цул тӀаьхьа дика зуда а, нана а хила йезаш йара со, доьзална а, майрачун хьашташна а йехаш. Сан дерриге а дахар оцу низамашна муьтӀахь хила дезаш дара, муьлхачу а кепара хьо галйалахь дерриге а доьзална юьхьӀаьржо лорура.

Адина а интернет-артиклашкара хиъна ца Iа "сий дайарна" хин долу ирча таӀзар

– Тхан йуьртахь маситтаза а нисделла "сий дайина" аьлла зуда йина. Цхьа йоӀ цӀера еддера, цхьа ши бутт баьлча йелла схьакарийра иза. Массарна а хаьара цуьнан гергарчара иза йийна хира йуьйла, амма цхьаммо а ца дуьйцуш дацара иза. Кхин цхьа дара, йоӀ нуьцкъала маре йахитийра, дуьхьало йан гӀоьртинера иза, "тIе эхь даитарна" йийра иза. И хIуманаш дуьцуш дацара, амма и дахаран бакъдолчу цхьа дакъа дара, вайн дахаран дакъа,- дагалоьцу Адас.

Иза тешна йу, шен доьзало а, мацца а, ша йуьйр йара аьлла: цо дийцарехь, "сий" а, "эхь" а бохург, хаддаза ницкъ латторан бух хуьлура цуьннан цIахь - нагахь санна иза цхьана хӀуманна реза ца хилча, цунна йаттара, чур арайалар ца магош, цо доьзална арахьарчу цхьаьнца къамел дича, таIзар дар кхерам бар. Цундела, шен 18 шо ма-кхаьччинехь, йада сацам бира Адас.

– Со 17 шо долуш, 10–12 шо соьлла воккхачу стаге маре йахийта сацам бира сан цIахь. Суна иза вевзаш а вацара, маре йахале цуьнца зӀе латто аьтто бацара сан. Тхан доьзална вевзаш волчу стагах цхьаъ вара, сан дена-нанна ма-веззара. Со цуьнга маре йаха реза ца хилча, сан вашас а, дас а оьгӀазвахана йиттира суна, со реза а ца хилла, шаьш "юьхьӀаьржа хӀиттийна" бохуш мохь а хьоькхуш. Суна син чӀогӀа лазаме дара, дегӀана хилла ца Ӏаш. Цара суна тIехь дан тарлучух чIогIа Iадийнера со. Цу мӀаьргонехь кхийтира со, нагахь санна со кӀелхьара ца йалахь, йа со къар йала йезар йу, йа со муьтӀахь ца хиларна йуьйра йу.

Адас дийцарехь, цуьнан нана ницкъ латторехь дакъалоцуш йацара - амма гӀо дан а ца гIоьртар, хIунда аьлчи, ша а кхоьраш хиларна. Ткъа маре йаха реза ца хилла аьлла йеттар, Адас дийцарехь, "тIаьхьара тIадам" бара. Цо сацам бира Петербурге колледже деша дӀайаха – да-нана реза хиллира иза деша дӀахеца.

"Керла дахар дӀадоло сан цхьаъ бен боцу аьтто бара иза. Университет бахьана а хIоьттина, цӀера дIайаха аьтто белира сан", - дуьйцу цо.

Амма, Ада цӀеххьана дӀахецна хиларх цецвала хӀума дац. ХIунда аьлчи, цуьнан дена а -нанна а моьттура, цигара гергарчаьргахула шайн йоӀана урхалла дан а, Ӏуналла дан а йиш хIира йу, нагахь санна иза муьтӀахь ца хилахь - Адин дена полицехь йолчу доттагӀаллин зӀенех пайда эца йиш хира йу аьлла. Мирошникова Александрас дийцарехь, цу кепара генара Ӏуналла дар дика даьржина ду.

– Нах цӀера бевда йа гергарчеран пурбанца цхьанхьа бахча, масала, Москва йа Питербурге, доьзалшкахь даима а меттигерчу диаспорехь йа гергара нах, йа бевза-безарш хуьлу, цаьрга шайн доьзалшка хьажахьара олий тIедожа до цара, иза цигахь харцхьа ца лелийта. Масала, массарна а девзаш долу Ӏайшатан гӀуллакх. Шен ненан йижаршца Ӏаш йара иза – иза а цунна Ӏуналла даран цхьа кеп йара. Ткъа иза цӀера дIайахча, мах луш шен петар карийна Iаш, гергарчара петар чу а лилхина, йиттина Дагестане дӀайигира иза. Ткъа и хIума а шуьйра лелаш ду. Тхуна дуккха а хиларш а хаьа, цIера йедда йоI бахьана, йерриг а меттигера диаспора а хьалагIаттош, и йоIа кхечу гӀала дӀайига йезаш хилла. Къилбаседа Кавказерчу республикашкара и оцу мехкаршна Оьрсийчохь даха маьрша дац.

Керла дахар

Ада кхетара ша махкара дӀайаха йезаш хиларх. Ша Питербурге дӀайахале, иза зӀене йелира бакъонашларъйархочуьнца Угрюмова Геройца, эмигрантийн бакъонашларъйаран "Искра" вовшахтохараллан куьйгалхочуьнца.

Угрюмова Гера

"ГӀовгӀа йаларна кхоьрур со. Цхьаберш, иштта гӀуллакхехь суна хууш, бакъонашларйархойн гӀоьнца кӀелхьара бевлера, амма суна хаьара, нагахь санна сан гIуллакх тӀех сов нахала далахь, сан доьзало кхин а чIога ницкъаца лоьхур йуйла", - боху Адас. "Сайн меттиг оьшура суна лаха, со маьрша хир йолуш, амма тӀех гуш йоцуш."

Угрюмова Герас дийцарехь, бакъонашларъйархоша гӀо дира Адина "Госслужба" сайта тӀехь аккаунт схьайалла а, арахьара паспортан заявка йан а, ткъа иза, цхьа дикка, цхьана баттахь схьаэца аьтто белира. Итали йара хьалха.

"Адехь виза йацара, амма Италехь транзи йан бакъо йу - тховкӀело йеха а аьтто бу", - бохуш, кхетадо Угрюмовас. – Ткъа кхузахь, доьзалехь ницкъ биначу нахана къаьстина ларбеш гIо лоцу. Тхуна мотт а хаьа, дозанхошца къамел дан йиш йу, ингалсан маттах уьш баш кхеташ бац.

Некъана чӀогӀа саготта йара Ада: хӀинццалц дозанал арахьа хилла а йоцуш. Амма лацарна кхерам кхин а чӀогӀо а бара.

Цхьанна а цхьа а тайпа шеко ца хилийта, оха сацам бира Санкт-Петербург – Истанбул – Рим – Каир кеман маршрутца дIадаха.

– Рейс чӀогӀа синтеме йацара. Со кхоьрура, дозанехь цхьаъ галдаларна, йа со йедда хилар цхьанна хаарна. Амма, цхьа а хьовзам ца хилар. Истамбулехь соьга дозахоша Мисаре рейсе дехьайала аьлла, амма Максима (Искран белхахо ву иза) элира цаьрга, со аэропортехь римхойн дути-фри туькана кхача лууш йу аьлла, цара со чуйитира.

Римехь Адас дозалардархой Угрюмоваца зӀене бехийра.

– Дукха хьолахь ледара ингалсан мотт буьйцуш волу стаг схьакхочу. Оха инструкци ло, дозанхой схьа ма-кхаьччинехь - вайга телефон тоха. Ткъа оха къамел до дозалардархошца, кхета бо хӀара Оьрсийчуьра йоI йу, иштта хьал ду бохуш, анкета йазйан а - цӀе, фамили, гергарнаш, болх, хенаш, дешар, иштта дӀа кхин дIа а. Цул тӀаьхьа ши вариант йу. Нагахь санна цу меттехь белхахо велахь, кехат йаздина и стаг марша вуьта, вацахь и схаьаваллаца собар до. Дозалардархочо мухӀар а тухий, куьг а йаздой, пхеа дийнахь полицин декъе гучувала веза олий, кехат лой, дӀавохийта стаг, - боху Угрюмовас.

Аэропортера Ада доьзалехь ницкъ лайна нехан центре йахара. Цигара бакъоларъйархойн а, юкъараллин а кхетам бу нохчийн мехкарийн баланех, цундела бевддачу мехкаршна чIогIа терго а йо цара. Адана дисинарг ду- тховкӀело йехар (Италехь кхузза цу процедурех чекхвала веза) а, меттан курсаш а, цул тӀаьхьа болх лаха аьтто хир бу цуьнна.

"КӀелхьара йаьллачул тӀаьхьа, цхьана йукъана паргӀат хитара суна, маршоно ницкъ лора, амма кхерам са тIехь лаьттара суна. ХӀинца а кхоьру со, царна со карорна, дӀадаханчух лечкъа йиш ца хиларна а. Амма де-дийне мел долу, сайн аьттонах тиша йулайелира со", - дуьйцу нохчийн йоIа.

ХӀинца Ада доьзалехь ницкъ тIехь латтийна нехан центрехь Iаш йу, италхойн мотт Ӏамош, болха а лоьхуш.

"Суна кхузахь а гӀо до. Искрехь соьга аьлла, цхьа хӀумма оьшуш хилахь, шайца зӀене йала". ХIара атта процесс йац, амма со теша, сан ницкъ кхочур бу интеграци йа. Йуьхьанца ас сайн бакъйолу цӀе къайлайоккхур йу, со ларйалархьама. ТӀаьхьо, сайна кхи кхерам бац аьлла хетахь, нахаца йолу юкъаметтиг латто маьрша хира йу со,- сатесна йу Ада.

Цунна ца лаьа шен цIахь болчарца зӀене йала – тӀех кхераме ду аьлла хета цунна, къаьстина шен гергарчеран дуьнене хьежамаш бахьана, цаьрца зӀе нислахь шена йуха а ницкъ бан кхерам хилар тидаме эцча.

"Цхьаболчарна, цхьа-ши шо даьлча цӀа баха дог ойла хуьла дуьйца, амма суна цкъачунна иштта дика хир ду аьлла хета", - боху цо.

Мирошникова Александраc бахарехь, Къилбаседа Кавказера бевддачу нахана кIеззигчу барамехь белахь а, кхерам буьсуш бу, дозанал арахьа. Къаьсттина кхераме йу йоккха диаспора йолу пачхьалкхаш (нохчийн, дагестанхойн, гIалг1ай) йа виза йоцуш тӀекхача аьтто болу пачхьалкхаш.

Мирошникова Александра

ХӀокхул хьалха тхан цхьа а прецедент ца хилла йоӀ нуьцкъала цIайигина, амма гIортор хилла, масала, Эрмалойчохь. Европерчу визан режим йолчу пачхьалкхашкахь кхин хIума хила тарло – Европехь бина мехкарий нуьцкъала Оьрсийчу дIабигар, кхин цхьа а мотт ца хуушехь, масала дӀайигина Исмаилова Селима санна. Дуккха хьолахь гергарчара мехкарий лачкъош ца хуьлу. Цара уьш берта дала до, масала, дененан тезета кхойкхуш. Уьш Iеха ло, тӀаккха цара иза кхин дӀа ца йогIуьйту Европе. Ткъа милла а ницкъаха дIавига гӀертахь, гӀовгӀа йаккха, низамхошца зӀене вала веза.

– Кхечу махкахь, шайн цӀарца, маьрша, баха аьтто буй бевддачу зударийн?

- Дера ду. Интервью луш, шаьш муьлш бу бовзуьйтуш берш а бу, шаьш Iа меттиг ца йовзийтахь а. Цхьаболчарна хетарехь, хаамийн гIирсашка доьвлча кхерамзаллин гIоле ду аьлла хета, хӀунда аьлча, нагахь санна лачкъо гӀортахь, хаамийн гӀирсашна ца хууш дуьсар дац. Амма иза хӀораннан шен лаамехь ду. Дукха хьолахь, тхан клиенташа къайлаха дахар хоржу, шайна кӀелхьарадовла гӀо динчу гергарчарна проблемаш ца кхоллархьама, йа шайх лаьцна ирча хӀуманаш ца йаздайта.

Амма кхечун цӀарца вахар – иза травмаца къийсам латторан некъах цхьаъ бу, керла дахар тӀеэца гӀертар.

– Тхуна нах бевза, кхерамзаллина Iалашонна а цӀеначу кехатан тIера дахар дӀадолорхьама шайнцӀераш хийцина, х1унда аьлчи иштта син паргIат ду царна, - боху Мирошниковас.

Делахь а, бакъонашларъйархоша боху, хиллачух хаам шуьйра дӀасадаржор вуно оьшуш ду: иза бахьана долуш кхин долу мехкарий кхета буьйлало, ницкъ бар- нийса цахиларх а, кӀелхьарадовларца шайна йукъараллехь емал деш нах хира белахь, амма арахьа царна гӀортор йаш нах а хира бу. ТӀаьхьарчу хенахь, Доьзалехь ницкъ латтор Евробертана тховкӀело йеха бух санна къобалдина. Цкъачунна билггал хууш дац, и процесс практикехь муха хира йу, амма билгалдоккху Мирошниковас, иза а дика ду, шена тIехь ницкъ латточунна адамна гIо деха йиш йуйла хаар а, кхерамзалла йолу метте дIаваха а.

"Cий лардеш" стаг вер Iадат лелаш ду уггаре а хьалха Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГӀалгӀайчохь а. Кхаа а республикехь и зуламаш меттигерчу Ӏедалша гӀортор йеш лечкъош ду, ткъа Нохчийчохь зуда (стаг) йерна кӀеда таӀзар до, нагахь санна тоьшаллаш дан аьтто балахь, вийнарг, цаьрга хаьттийча, "оьзда доцуш" лелла хилар. Human Rights Watch организацин Европе а, Юккъерчу Азехула а йолчу декъан директоран гӀовса Локшина Татьянас дийцарехь, "сий лардеш нах байар" уггаре а хьалха къайлах хьош ду. Ма-дарра аьлча, вайна девзаш долу гӀуллакхаш мелла ша-тайпа ду. Масала, "Север.Реалии" сайтан карахь йолчу информацица, Адас шен йуьртахь хилла хьахийначух лаьцна, хӀинццалц хууш хӀумма а дацара.

Къилбаседа Кавказехь адам лечкъор а, ницкъ бар а, "сий лардеш" адам дер а, мехкаршна тIехь лелийна ца Ӏаш, ЛГБТ-н нахана тIехь а лелош ду. Цу кепара, бутт хьалха Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохор хьокъехь шен керлачу рапортехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино тIечIагIдира Оьрсийчохь Ӏазап латтор а, нах байар а, къаьстина ЛГБТ-нах, Къилбаседа Кавказехь, системан дакъа ду аьлла.