"Массо а хIаллакбалур бац кадыровхошка". Блогер Белокиев Ислам – Нохчийчуьрчу репрессех

Белокиев Ислам

Ницкъхошца юкъарлонехь лоручу "Лехамаш ГIалгIайчоь" телеграм-канало деношкахь хаам баржийра, Нохчийчуьрчу Iедална критика ярца девза " Исламан ойланаш" ютуб-канал лелочу Белокиев Исламна дуьхьал терроризм къобалъярца доьзна бехктакхаман гIуллакх схьадиллина, аьлла. Хаамехь билгалдоккхура: иза "жигара дакъалоцуш ву дозанал арахьа Оьрсийчоьнна дуьхьал хIиттаечу митингашкахь, вониг дьуйцу Нохчийчоьнан куьйгалхойн лаьцна". Белокиев ночхо ву дегахьахула, цундела йо цо критика шен даймахкахь лелацчу харцонийн хьокъехь.

Беран хенахь дуьйна Европехь вехачу, амма даймахкара хьал диллина тергонехь латточу блогера Белокиев Ислам Кавказ.Реалиига дийцира шена дуьхьал гIаттийначу девне шен болчу хьажамах, шена экстрадици ян тарлуш хиларх, кадыровхошца шен йолчу юкъаметтигех, ша санна волчу блогере Абдурахманов Тумсогашен болчу ларамах, жигархошна тIехь лаьттачу кхерамех а лаьцна.

–Хьуна дуьхьал айдинчу гIуллакхехь ахь терроризм къобалйо, боху. Юй хьан каналехь адамашна гIелояр къобалден видеоматериалаш?

– Сайе каналехь ас даима а олу, зуламхоша низамо доьхху жоп дала деза шаьш дечу зуламех. Ас дийриг церан некъах къастошдерг ду терроризман цхьа а кеп ас тIе ца эцар. Шогга ала тарло царех лаьцна, зуламхой, я кхин цIе тилла мега, амма хIуманна а бехкебоцчу наханна дуьхьал терроризм яккха я кхидолу зенаш ден алар – иза царех дIатарвалар ду.

Европахой кхета беза, маршоне сатесна бу нохчий даима а санна, лаьа царна адамийн бакъонаш ларъеш хуьлийла

Терроризмах дерг аьлча – ас цкъа а ца дина терроран тохарш бакъ. Сан вуно дукха ю Бесланехь школа дIалацар ас харцо лору а, метрош чохь лелхийтарш дар емалден а, машенашца нах байъинарш бехкевеш а видеош. Цхьана а зуламо бакъо ц ало вайна цIечу сизал дехьадийла. Цунах оьздангалла олу – цо до вайх ваьшна къинхетам беха бакъо йолу адамаш.

Ткъа стенна хаьржина талламо хьуна дуьхьалъяккха Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера 205.2 артикл?

– Терроризмца йозучу артикло кхелехь лачвоккху муьлхха а суьдхо. Нах кхоьру терроризмах а, цунна бехкевечуьрца юкъарло лелон а. Аьлча а, цунна бехкевийриг набахьех хьалхавер ву бохург аьттехьа а ца дуьсу. Сох дерг аьлча, террорист ву аьлла, дуьненаюкъарчу лехаме со велча, сахьт дац со вехачуьра суна экстрадици ян а.

Стенна оьшу со шайгахь мьаршша лелийта, кхаба, ас терроризм къобалъеш хилча? Атта ду царна Оьрсийчоьне дIавала а. Хьанна хаьа баккъал соьца и сакх доллий а. Цундела алсамйолу зуламийн чархан дегайовхо а.

– Тахана мел атта ду блогерах я жигархочух "террорист" ван?

– Цул аттаниг дан а дац. Уьш стенах кхера беза? Шаьш шайх? [Оппозиционер] Навулаьный Алексей дIаьвшаца вен гIоьртира, Iедало кхин эхь ца хеташ, бехктакхаман дов а ца гIаттийра оцу хьокъехь. Доцург тIе а кхоьллина иза набахте хьажор-м ас дийца а ца дуьйцу. Цундела цецвийла ца оьшу блогерца Абдурахманов Тумсоца хиллачух, я журналистца Прокопьева Светланица хиллачух, со санна болу цхьа декъазнаш-м ас бийца а ца буьйцу.

Дукха а шераш ду хьо дозанал арахьа веха. Ницкъхой кхта хир бу-кх хьо иштта атта шайн каракхочур воций? Ткъа стенна леладо цара иза?

– Оьрсийчохь ницкъхошкахь Iедал ду дуьззина. Къаьсттина Кавказехь. Церан карабелла стаг Iаткъамашка воккху гIирс. Цундела пайда а оьцу-кх цара. Даккхийчех дац аьтто ца баьлча а, хьаькамна хьалха болх бийраш хир бу уьш. Доха хIума дац церан. Со лаца ца лахь а ца хуьлу царна зен.

Кадыровхошка, массо а лечкъа а бина, байъалур бац. Оьшуш бу уьш оцу къовсамехь

– Терроризманна бехкевийриг Европера араваккха тарло, элира-кх ахь. Къоьрий хьо Интерполехула хьо лаца кхайкхорна, хьо Оьрсийчоьне дIаваларна?

– Кхоьру дера. Диссенденташ Европо Оьрсийчу дIахьийсийна дукха меттигаш ю. Терроризм хьехочу даьлча, нийсо лаха хьажа а ца лаьа – атта ду экстрадици йича. Цундела хила сахьт доцург ду иза.

–​ ТIаьххьарчу хенахь шен Европерчу а, Туркойчуьрчу а оппонеташца, критикашца луьра ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Хьуна муха хета, и некъ чIагIбийр бу цо?

– Бу, аьлла хета суна. Халахеташ делахьа чIагIлур бу. Делахь а, кхин цуьнан дан хIума доцийла а го, шен карьера цо иштта чаккхене юьгуш а го. Цара шайн критикийн гергарнаш бакъа болон а сахьт дац. Официалехь, эхь ца хеташ, цхьана бохамна кIел нисбелла хир бу уьш а бохуш, амма шайе леларца зуламаш шайгара дуйла а гойтуш.

Цхьаверг бердах гIур ву, " чу а шершина", Устрада-ГIалахь мэр лаьттина Темирбаев ИбрахIим санна, я машена кIел нислур ву, иштта дIа кхин а. Лаьара со харц хуьлийла.

Дуьнено Нохчийчохь къизалла, зуламаш дар чIагIделлийла шена ца гуш санна дуьтуш хаало дуьненан юкъаралло. Стенна?

– Малхбузе екъаяла йоьлла "аьттунаш" и "аьррунаш" аьлла. Хьалха иза ца хаалора, хIинца Iин ду царна юкъадулуш. Аьттучара дин: керстанийн мехаллаш лакхара ларахь а, ниционализм ю цаьрца. Аьррунаш, шаьша интернационалисташ, мультикультуристаш белахь а, коьрте долу цара юкъараллийн лаицизаци (нах динах бахар – ред.).

Оцу шина агIонна юккъехь лаьтта нохчо. Аьттучарна иза кхечу къоман, кхечу динера стаг ву, аьрручарна – ламасташца веха стаг. Иза хьанна оьшу? Цундела бен-башха а ца лору Малхбузерчу политико нохчашна тIехь деш лаьттарг. Аьттучарна лаъане а ца лаьа нохчийн хьехон, аьрручара ца хьехадо Нохчийчохь Малхбузенан мехаллаш лроуш яцарх бен. Амма ала деза, аьрручаьргахь Дела алсам ву, аьттунаш санна цунах тешаш бацахь а.

Ала деза, Гергарчу Малхбалехь хиллачу тIемаш бахьанехь, нохчашка цатешамца, кхоьруш хьежа боьлла, кIеда аьлча. Хьалха шаьйна маршонехьа къийсалуш гина нохчий тарбелла царна динан радикалех.

Европера цундела болийна нохчийн эмигранташ Оьрсийчу дIахьийсо? Стенна ца сацадо шун нах Оьрсийчоьне дIабалар, аш хIиттош йолу митингаш, бакъонашларъярхоша ден дIахьедарш, бакъал а нах кхел а йоцуш бойъий ца го Европина?

– Иза мел кхераме ду хаа йиш ю Gulagu.net талламашка хьаьжча а. Оьрсийчуьрчу набахтешкахь ехачу Iазапийн чархо эргIадбахийтина, Iадийна хийла вониг дайна нах а тIехь. Ас дIабоху-кх, и хIинцца Оьрсийчохь хааелла акхаралла Нохчийчохь лаьтта ю дуккха а зама. Нохчийчоь полигон ю, цунна тIехь зуьй керла герзаш, иштта зуьй адам кагдеш, цуьнгара сий, доьналла дIадоккху гIирсаш а. Gulagu.net кхоьллинчу Осечкина гучубаьккхинарг бац хичуьрчу шенан бохь бен. Зуламийн дукхалла яц ас юьйцург, кепаш ю.

Халахета таханлерчу дуьненахь ишта Iазап лелаш хиларх даьцна аьрзнаш кIезиг хезаш. Политикан гIулч ю цунна дуьхьал яккха езаш. Таханлера Европан Цхьанакхетараллера политикаш Iедал а, электорат а къуьйсуш хьийза. Нийсонан кIезиг бала бу церан. Харжамхошна шайгара хаза луург бен ца олу цара. Ткъа харжамхой а бу аьттонаш, аьррунаш…

Хьо а, хьан гергарнаш а хьоьгара гIо оьшучу къоман меха боцийла кхетадо ахь

Жигаралла йоьжна Кавказерчу нехан, шайх аьлча, нохчийн – иза а ду лаьттачу ирчачу хьоланна аьтто беш. КIезиг нах бовлу гуламе ара. Вайна хаьа иза стенна ду. Уьш кхоьру. Делахь а, кхина чIогIа кхерийта лаьа Iедална. Европахой кхета беза, маршоне сатесна бу нохчий даима а санна, лаьа царна адамийн бакъонаш ларъеш хуьлийла а, амма уьш шаьша хьовса беза шайн бакъонаш ца хьешийта. Бакъду, тIаьххьарчу хенахь нехан резабацар десташ го, иза дика ду.

– Дечкен-беттан 8-чохь Страсбургехь хиллачу митингехь хьо цхьанакхийтира блогерца Абдурахманов Тумсоца. Цхьадолчу телеграм-каналаша шуьша берта вахна, яздо. Кийча вуй хьо хIинца цуьнца цхьаьана медиа проекташ вошахъетта, Тумсоца юъарло лелон?

– Бакъду, тхойша вовшашка вист хилира, барт а карийна, Европерчу нохчийн ассоциаци, "Барт-Маршо", кхийолу тобанаш юкъарло лелош а йолуш. Бакъду, цхьа медиа проекташ-м яц оха хьехийна. Амма хила тарлург ду иза а.

– Цхьаболчу тергамчаша билгалдоккху, Кадыровн критикийн гергарнаш лецаболийча, нохчийн диаспорин протестан болам лагIбала боьлла хилар. Дуй иза ишта?

– Дац. Кхо шо хьалха хиллачу протестийн жигаралла тергалъе, таханлерчуьнга а хьажа. Массарна масал а луш, блогераш боьхна ца хьовзаро ир-кара хIиттийна кхиберш а. Осло дукха хан йоццуш хилла пикеташ, иза гойтуш сан канале хьаьжна 75 эзар сов стаг, Страсбургерчу гуламо дегайовхо елла наханна. Кадыровхошка, массо а лечкъа а бина, байъалур бац. Оьшуш бу уьш оцу къовсамехь.

Аьлча а, оппозицера блогераш, жигархой совцо гIертар экран ду-кх. Стенна?

– Халкъан лаам бу коьрта. Оцо, цIаро санна, дохдо нехан дегнаш. Цхьа хан йогIу, хьо а, хьан гергарнаш а хьоьгара гIо оьшучу къоман меха боцийла ахь кхетош. Оцу кхетамо марса бен а ца йоккху и цIе.

Бакъду, кхерам дагчу буссуш меттиг а йогIу. Коьрте ца хьаьвзаш хIун ду! Хьоьжу хьо хьогамца могIарчу бахархошка, туьканашкара цхьацца оьцуш хьийзачу нахе, дагахь совнах Iхума доцуш, школе сихделла доьлхучу берашка, ойла йо ахь: "Ас хIун лоьху, суна стенна оьшу хIара дерриг а ?!"

Амма дагалоцу ахь 2017 шеран Дечкен-беттан 26-чу буса Нохчийчохь хIаллаквина 27. Нохчийчоьнан некъан инспекцин инспекцин буьйранчас Черхигов Идриса хьийзийна Хамидова Биназир дагаоьккху хьуна, тIаккха кхета хьо, мел йоккха ледарло ю хьан чIеIар.

Кадыровс къизалла тIеяссор маьIна доцуш стенна ду? Блогерша зуламечу режимо лелош йолу харцонаш Iораяхаро дина а дац иза, ду дина, мел-мухха а делахь а, хьо хьайн кхерамашна дуьхьаллатта Iемаш хиларо.

***

Хьалхо ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло бехктакхам гIаттийра Белокиев Исламна дуьхьал "нацизманна реабилитаци яр" олучу артиклца. Бахьана дара цо яржийна "Эхь тIедеъна де" видео – цу чохь автора хоьттура, оьший Даймехкан тIаман заманахь репрессеш лайначу къаьмнашна Толаман де деза лара.

2021 шо доьрзуш Нохчийчохь лачкъийна Кадыров Рамзанан кртикийн гергарнаш иттаннашкахь. Шайн гергарнаш бара кхайкхийра ялхаммо – бакъонашларъярхоша Янгулбаев Абубакара, Садулаев Мансура, Арцуев Аслана, нохчийн оппозицин блогерша Абдурахманов Тумсос, Халитов Хасана, Мализаев Микаила.