Кеп-кепарчу бахьанашца шаьш балхара дIадахар доьхучу контрактхойн аьрзнаш кхаьчна Къилбан тIеман гонан гарнизонан кхелашка – рогIра тIеIиттаделла хIуманаш, йа Украинерчу тIамехь дакъалаца лаам ца хилар ду оцу бахьанашкахь. Амма гезгмашин-беттан чакхенгахь дуьйна кхелаш духьал хуьлу и аьрзнаш къобалдан, Путин Владимиро мобилизаци йолайе, аьлла арахецначу омрана тIе а тевжаш.
Оцу омран пхоьалгIачу артикло кхаа бахьанца бакъо ло армехь болчу эскархошна балхара дIабовла: стеган дукха шераш кхаьчнехь, могушалла ледара хиллехь, набахтехь йаккха хан тоьхнехь а. Контракт чекхдалар, йа кхело кIезга хан а тухуш зулам дар – уьш бахьанаш дац. Бакъоларйархой тешна бу: тIеман министраллан лайнийн хьолехь нисбелла контрактхой.
"Президентан лерринчу омраца йерзийна хила йезаш йу мобилизаци, амма и омра дац. ТIеман министран Шойгу Сергейн, Кремлан пресс-секретаран Песков Дмитрийн, кхинболчу нехан дIахьедарш – уьш нах тебан дуьйцу дешнаш бен дац. Оцу хьаькамашна хууш ду, мобилизаци йирзина ца хилар, цул сов – шолгIа тулгIе йу хила йезаш", - боху "Гражданин и армия" бакъоларйаран вовшахтохараллан куьйгалхочо Кривенко Сергейс.
Эксперто тIетуху, оцу хьолехь лаккхарчу буьйраллица, тIеман прокуратурица, гарнизонан кхелашца и хаттар листар бен ца дуьссу эскархойн, амма цара дуьхьало йо: "Акха хьелашка хIиттийна эскархой. Низамийн дозанера арабаьхна уьш, гуттара а тIеман декхарш дIакхехьа дезаш болу лайш бина царах президентан омраца – "леррина операции" (иштта Оьрсийчохь официалехь олу Украинерчу тIамах, "тIом" дош лелийча, административан, йа бехктакхаман жоьпалла дала деза. – Ред. билг.) шарна, шина шарна йахйала мега, оцу хеначохь балхара дIабовла аьтто бац церан".
Къилберчу гарнизонан кхелаша оцу кепара гIуллакхаш муху луьсту теллина Кавказ.Реалиин редакцино, иштта хаьттина эксперташка, оцу хьолехь нис а белла "гражданке" дехьабовла луучу эскархоша хIун дан деза.
Балхара дIаваккхаран бахьанаш… дац
70-гIа гвардейскан мотострелкован полкера, Нохчийчуьрчу Шелахь куп тоьхна йолчу №71718-чу тIеман декъера контрактхо Рязанов Александр ша балхара дIаваккхийта гIерташ ву дайначу шеран дечкен-беттан чакхенгахь дуьйна. Карарчу хенара контракт йайначу аьхка чекхдолура цуьнан, цундела эскархочо хьалххе рапорт йаздира буьйранчан цIарх.
"ТIеман буьйралло шен хеннахь зенделлар листа цуьнан гIуллакх дIа ца хьажорна, йуьззина йоцу мобилизаци тIекхачале (гезгмашин-беттан 21 де) балхара дIа ца ваьккхина иза. Амма тахана цуьнан контрактан хан дIайаьлла аьлла и балхара дIаваккха дуьхьало йина буьйралло, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан президентан омрехь… оцу кепара бух буьйцуш бац. ТIаккха, арзхочунна хетарехь, и низамца догIуш дац", - йаздо контрактхочун административан орзехь.
Пачхьалкхехь дIакхайкхийна мобилизаци сацийна цахилар тIечIагIдира Сочерчу кхело
ГIуллакх толлучу йукъанна Соьлжа-ГIалин гарнизонан кхело дIахьедира: Рязанов шен хенахь балхара дIа ца ваьккхина боху бахьана "низаман статус йоцуш ду, цо ца хуьйцу кхело хьалхо бина сацам", цундела мобилизаци дIайаллалц болхбан декхаре ву иза.
Цхьайолчу пачхьалкхаша къобалйинчу Абхазера 7-чу тIеман базера Казакин Александрана а дуьхьало йира балхара дIавала. Мангалан-беттан 21-хь тIеман контракт йаздира цо кхаа батана декхарш дIахьош, аьлча а, гезгмашин-беттан 20 де тIекхачалц.
"Шеца керла контракт хIоттийна аьлла рапорт цо йелла йац, амма контрактан хан дIайаьлла аьлла бух техь тIеман декъан буьйранчас хIинца а балахара дIаволу агIо бина бац, контратан хан а, мобилизаци а чекхйаьллашехь. Иштта дIа ца ваьккхина иза тIеман декъан доларчу тептарера а", - дуьйцу Казакинан орзехь.
Пачхьалкхехь дIакхайкхийна мобилизаци сацийна цахилар тIечIагIдира Сочерчу кхело, цундела балахара дIавала йиш йац цуьнан.
Балхара дIавала гIерташ ву Къилбаседа ХIирийчуьра рогIера эскархо Магомедов Загир а, №68889 йолчу тIеман дакъанна духьал кхеле арз дина цо. Мангал-баттахь рапорт йазйира цо, амма балхара дIа ца ваьккхира. Декъан буьйралло дIахьедира, 2024-чу шеран зазадоккху-батте кхачалц ду цуьнан контракт. Владикавказерчу гарнизонан кхелан сацам Къилбан гонан кхелехь къовса гIоьртира иза, амма цигахь а дуьхьало йира цунна. ХIинца лаамаза армехь виса декхаре ву иза.
Дан а доцу омра
Сторожевая-2 эвлара 34 къаьсттина мотострелкован декъера Греков Александран а ду оцу кепара хьал. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь контрактаца болх беш вара иза, цуьнан хан байначу мангал-баттахь чекхйаьлла – буьйралло жоп делла, пачхьалкхехь дIахьош мобилизаци хиларна, и балхара дIаваккха йиш йац шайн. Контрактхо вехаш йолчу Волгоградан гарнизонан тIеман кхеле чуделира гIуллакх, амма цо Кхарачойн-Чергазийчу хьажийра и. Пятигорскера гарнизонан кхело хIинца а листа долийна дац и.
Балхара дIавала аьтто бацара Ставрополерчу 274-чу гвардейскан десантан полкан парашютан-десантан тобанан машен-лелорхочун Кантемиров Константинан а. Шен орзехь цо билгалдаьккхина, мангал-беттан 12-хь тIеман-лоьрийн комиссино бинчу сацамца, ВДВ-хь болх бан йиш йолуш вац ша аьлла. Шозза балхара дIаваккхар доьхуш рапорт йаздина Кантемировс, гезгмашин а, гIадужу а беттанашкахь, амма мобилизаци йоьдучу йукъанна балхара дIаваккха йиш йац аьлла жоп кхаьчна цуьнга.
"ТIеман декхарш дIадхьаран хан а хIоттош, амма эскархо балхара дIаваккхаран бух а боцуш долчу Оьрсийчоьнан президентан омра… карарчу хенахь лелаш ду, демобилизацин хьокъехь цхьа а низаман акташ арахецна йац", - аьлла билгалдаьккхира Ставрополан гарнизонан тIеман кхелехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Амма цхьаболучара кхечу агIора леладо и дехкар. №6913 долчу Махачкаларчу тIеман декъерчу эскархочунна Алиева Наилина кху шарахь кхел йинера хьарамлонаш лелорна, 115 эзар сом гIуда тоьхна цунна. Контрактан бехкамаш ца ларбарна, дискредитацин кепехь леларна а хенал хьалха балхара дIайаккхаран аттестацин комиссин кхеташо йу дIайахьа йезаш. Ша эскархочо Махачкаларчу гарнизонан тIеман кхеле арз дина, мобилизаци йоьдучу йукъанна эскарера ша дIайаккха бакъо йац аьлла.
"Буьззинчу барамехь йоцу мобилизаци йоьдучу йукъанна аттестацин комисси хIотторо эскархой балхара дIабаха ца магоран низамашна дуьхьало йо бохург а кхело бух боцуш ду аьлла, хIунда аьлча оцу омрехь аттестаци хIоттор доьхкуш дац", - сацам бина кхело, аттестаци ма хилийта бохуш Алиевас динчу дехарна дуьхьало а йеш. И балхара дIайаккхаран хаттар муха луьстур ду – хууш дац.
Кхезамазаллин механизмаш йац
Контрактхой балхара дIа ца бовлийтарх лаьцна Кавказ.Реалина комментари йеш, "Движение сознательных отказчиков" вовшахтохараллин координаторо Попова Еленас боху: буьйралло рапорташка хьежар дIатоьтту меттигаш кхин а дукха йу, оцу бакъонийн гурашна йукъанисбелла дукха эскархой.
"Нах байъарна ша дуьхьал валахь, контрактхочо дан мегар дерг цхьаъ ду, - тIеман декхарш кхочушдан дуьхьало а йина, маьрша декхарш кхочушдаре дехьаваккха аьлла рапорт йазйар. "Спецоперацехь" дакъалаца, йа фронте ваха ца лаьа ца бохуш – иштта бакъо йац, шен синан мехаллашна тIе а тевжаш, тIеман декхарш дарх дIакхаста бакъо йу. Конституцино луш йу и бакъо", - хьоьху бакъоларйархочо.
Поповас тIетуху, стаг балхара дIавоккхург хиларе даха дог дац, "амма куп тоьхначу пунктехь вуьссур ву, нах байъа, йа ша вала а гIур вац". Мобилизаци йоьдучу йукъанна балхара дIавалар – йоккха проблема йу, цигахь и хаттар листа аьтто буйла а ца хаьа.
Низамаш хедо ца оьшу, амма дахаран хьелашна кIел нисвала а ца веза
Шен кхерамазалла ларйархьама цхьа хьехар до бакъоларйаран "Мемориал" центран юристо Доржин Даавро: ма теша, ма кхера, ма деха. Эскархочунна шен бакъонаш йовза йеза, рапорташ йазйан йеза – масала, доьзалан хьелаш нисделла аьлла бух балош, йа тIамна дуьхьал хьежамаш бу аьлла. Буьйранчо рапорт тIе ца лацахь, тIеман министраллин электронан тIелацаре хьажо йеза и, рогIерчу почтехула, мехала кехат санна, чохь йерг хIун йу а дуьйцуш, иштта прокуратуре арз дан а деза.
"Шен лаамехь фронтера дIа а вахана, куп тоьхначу меттехь рапорт чуйала йеза штабан канцелярехула, прокуратуре латкъам а хьажо беза, - дуьйцу эксперта Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь. – Орца деха деза бакъоларйаран вовшахтохараллашка а, зорбанашка а, гIуллакх гIардаларх кхера ца веза. Низамаш хедо ца оьшу, амма дахаран хьелашна кIел нисвала а ца веза".
Кху шеран бIаьста дуьйна Къилбаседа Кавказан регионашкарчу гарнизонан кхелашка 100 гергга бекхтакхаман гIуллакхаш кхечира эскархой тIеман дакъошкара дIабахарна тIехула. Царах цхьадерш хIусамерчу гIуллакхашца доьзна ду, масала, доьзалера гIуллакхаш листа дIабоьлхура контрактхой, баккхийчу дай-наношна гIо дан, йа "белхан халонех" садаIа. Ткъа цхьамогIа гIуллакхаш Украинина дуьхьал тIом бан лаам ца хиларца доьзна ду. Дукхачу хьолехь тIамехь хилла чевнашца йухабаьхкинчу эскархоша леладо и.
- Бахархошна военкоматаша мобилизаци йар къуьйсуш иттанаш административан гIуллакхаш кхаьчна Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхелашка. Тайп-тайпанчу бахьанашца армех бига безаш бацара и нах.
- Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь масех меттиг йу, дуккха а контрактхой тIамехь дакъалаца дуьхьал хуьлуш. Масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а кхелашка уггар дукха аьрзнаш дина, Украинерчу тIамехь дакъалаца дуьхьал хиллачул тIаьхьа балхара дIаваккхар къуьйсуш болчу нахера.
- Буйнакскехь куп тоьхна болу 136 мотострелкован тобанан 300 эскархо тIом болабелла бутт баьлча дуьхьал хилира кхин дIа тIемаш дан, тIаккха оцу пачхьалкхера арабевлира уьш.
- Кхел дуьхьал хилира Краснодарерчу Росгвардин ОМОН-н "Пластун" ротера балхара дIаваьккхинчу кхаа эскархочун аьрнаш къобалдан - Оьрсийчоьнан Украинерчу тIамехь дакъалаца дуьхьал хиллера уьш. И сацам низамехь цахилар тIечIагIдайта гIертара эскархой.