Ламанхойн Республика - кавказхойн маьрша пачхьалкх

Ламанхойн Республика (1918-1919)

Your browser doesn’t support HTML5

Деникина маршонах бехира кавказхой

1918-чу шарахь, шен массо а битам-хьаьркашца, Темир-Хан-Шурахь шахьар а йолуш, кхоллаелира йозуш йоцу Ламанхойн Республика. Амма нийсса шо даьлча юьйжира иза. Iедал шен караийцира "кIайчу боламан" баьччас Деникина. Ша даьккхинчу шера чохь кхузза хийцира Республико шен лидерш, ахчанца гIодийхира Азербайджане, майра дуьхьарлаьттира арахьара тIегIертачу бIонна.

Дагестанхо-историк Доного Хьажа-Мурд цецвуьйлу, стенна ца бира кавказхоша Ламанхойн Республикан деношкахь 100 шо дузарх ларам, бохуш – хила а ца хилча санна, тергамза тIехдалийтина и Де. Бакъду, яхначу бIаьста, 100 шо билгалдаккха кхайкхина, Туркойчохь-м хилира Кавказера историкаш.

Деношкахь ХIинжа-ГIалахь Iилманан конфренци хIоьттира 100 дузар дуьйцуш.

Доногос дийцарехь, бацара ларам Ламанхойн Республике советан заманахь а – хьолахойн пачхьалкх хилла иза, олура.

Ламанхойн Республика кхоьллира шел шо хьалха (1917-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь) БуьритIехь дIакхайкхийна хиллачу Къилбаседа Кавказан а, Дагестанан а ламанхойн цхьаьнатоьхначу Юкъарлонан ларда тIехь.

Кавказан Юкъараллах (Союз горцев Кавказа и Дагестана) доладеш бара Кавказехь массарна а бевза юкъархой. Масала, шо даьлча Ламанхойн Республико шен президент хоржур волу Чермоев Iабдул-Межед (Тапа), Ламанхойн Республикан министрийн кабинетах жоп лундолу Коцев Пшемахо, тIаьхьо Деникина йоккхур йолчу Нохчийчоьнан урхаллахо инарла Алиев Эрисхан, тIахьо шен цIе Дагестанан шахьаро лелор йолу Дахадаев Махьач, Къилбаседа Кавказан муфтий хинволу Гоцинский Нажмуддин, Ламанхойн Республикехь дипломатин куьйгалхо шех венволу Баммат Хьайдар, кхиберш.

Ламанхойн шолгIа Гулам бара хила безаш Iаьндахь (Дагестан). Амма, гулделла дукха адам хиллехь а, делегатех дакъа бен ца дахара цига, цундела цхьабарт ца хилира Iаьнда гулбеллачаралахь, дуьйцу историко Доногос.

Iаьнда гулбеллачарна Шемалан "Имамат" санна йолу пачхьалкх а кхайкхош, цуьнан коьрте кIоргга динан хаарш долу Гоцинский Нажмуддин хIоттор хьоьхура Салтара веъначу Iеламчо Узум-Хьаьжас. Реза ца хилира цуьнца – арахь динах йозуш йоцу зама ю, цуьнан лорах баха беза кавказхой, бохура баьхкинчех беза ларалучу наха.

Бутт баьлча БуьритIехь рогIера гулам дIабахьа сацам а бина, дIасабахара Iаьнда гулбелларш.

Ткъа рогIера 1918-гIа шо доладелча, Юкъараллан куьйгалхой дIасабахара гонахарчу Кавказерчу пачхьалкхашкахула, Туркойчу, Австре, Германе, Болгаре кхоллалуш йолчу Къилбаседа Кавказан пачхьалкхна тIекарло яр деха.

1918-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Батумерчу конференцехь Ламанхойн Юкъарлонах хилира Ламанхойн Республика. 1919-чу шарахь Къилбаседа Кавказера Парижерчу машаран конференце кхаьчначу Ламанхойн Республикан куьйгалхоша гергарло кховдийра Францига, Британига, Iаьмерке, Италига, Японига. Амма схьа ца ийцира ламанхоша кховдийна куьг Парижерчу барамо.

Iосмалойн Туркойчоьно а, Германин империно а, Азербайджано а официалехь къобалйира ламанхоша кхоьллина керла пачхьалкх, "багахь ларамбира бисинчара – Австрино, Болгарино, Гуьржийчоьно, кхечара", билгалдоккху Доногос.

Европерчу а, Кавказерчу а, Малхбалерчу а мехкашна дика девзара Къилбаседа Кавказера хьал – церан векалш бара цигахь.

"Боьдучу дуьненаюкъарчу тIамера хьал Бакохарчу Iедалшна, масала, Ламанхойн Республикан тIеман министралина а довзале хууш хуьлура", боху Дагестанерчу историко Сулаев Имамудина.

Цо дийцарехь, Азербайджано делла хилла Ламанхойн Республиканна 8 миллион сом – эскарш гIовтто а, экономика айян а. И ахча юхадала кхин аьтто а ца баьлла, довзуьйту Сулаевс лелларг.

Шен йоццачу оьмарехь (1918-1919) Ламанхойн Республико хийцира кхо президент. Хьалхарниг – нохчо Чермоев Тапа, шолгIаниг – гIебарто Коцев Пшемахо, кхоалгIаниг – дагестанхо Халилов Микаил.

Ламанхойн Республикан яра шен герб, байракх – кечйинарг ву дагестанхо-суртдиллархо Мусаясул Халилбек. Шина вариантехь яра байракх. Цхьаъ - кIайчу беса тIехь баьццара асанаш, лакхахь седарчий а, ах-бутт а. ШолгIаниг – цIечу баса тIехь изза седарчий а, ах-бутт а.

Хьалхарчу вариантехь байракх лелайо тахана дозанал арахьа бехачу къилбаседакавказхоша. Цхьаболучара иза Iаьмеркан Штатийн байракхах тера ю а олу. Доногона хетарехь, хила а тарло Мусаясула Iамерканчух таръеш, балехь дохку къаьмнаш дIагуллучу маьрша пачхьалкхан васт кхуллуш, иза йиллина хила а, аьлла хета Доногона.

Ламанхойн пачхьалкх кхоллаелла 1 шой 13 дей даьллачул тIаьхьа инарла Халиловн ца ваьлла дийзира Iедал Деникинна хьалха охьатаса.

Доногос бахарехь, цунна тахана а бехке во Халилов цхьаболучара. Делахь а, дацара гIора "кIайчу эскаршца" къийса. 5 эзар эскархо вара Деникинан. Декъазчу хьолехь, меца, беркъа вара дуьхьаллатта висина 1500 ламанхо.

Йоьхначу Ламанан Республиках тIеман хьелашкахь латта йисира Къилбаседа Кавказан Дуьхьалонан Кхеташо (Совет Обороны Северного Кавказа). Куп туьйхира цо Леваши-юьртахь.