Муфтиятийн тIемаш: Кавказ Москвана дуьхьал

Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин центро декхарейо Оьсийчоьнан Федерацин бусалбанийн урхалла (ДУМ) "барт бохор дита а, алссам ницкъ Оьрсийчуьра бусалбанаш вовшахтохарна а, иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкх чIагIъярна а тIехьажо". Оцу кепехь дина дIахьедар дозу республикийн муфтияташкара маьждигаш Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло хIайт-аьлла шен куьйга кIел оьцуш хиларца.

Конфликт нахала яьлла, шина а структурано бо кеп-кепара кхайкхамаш, Координацин центро арз а тIехь дина Iедале. Амма Исламо ца хьоьху бусалбанашна цхьаннан куьйга кIел лаьтта административан-территорийн структураш кхолла, керста динехь епархеш санна, дIасабекъабала, хIора жамаIат маьрша ду шена цхьаьннах дазар я цадазар къасто, боху эксперташа.

Дов гIарадаьлла

"Ганутдин Равила куьйгалла дечу Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло тхайн регионехь болх марсабаьккхина го тхуна. Халахеташ делахь а, бац и болх бусалбанаш цхьаьнатухуш, мелхо а барт эгIош бу, юкъахь нах кIезиг болу деса жамаIаташ ду кхуллуш, бац бахархой цаьргахьа, фитна ду егионехь даржош", – дIахьедина Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин центро.

Координацин центрна юкъайогIу ерриг а Къилбаседа Федералан гонера муфтияташ, царалахь ю Краснодар мехкан а, Адыгейн а, ГIалмакхойчоьнан а бусалбанийн урхаллаш. Маьждигаш а, Iеламнах а уггаре дукха берг лору ша Центро.

Цунна герехь, Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллина бухаяхна Къилбаседа Кавказера тобанаш "моттаргIане альтернативан муфтияташ" ю, Гайнутдинан урхалло "къаьмнийн юкъаметтигаш дIахьокху", иза лерина ю "бусалбанийн умма дакъошка яккха".

Масал далош хьахабо Координацин центро Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муфтиято Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалле бина кхайкхам, иза "хьакъдоллу тергам боцуш дитина", боху Центро.

Адыгейрчу конференцин декъашхоша даржийначу резадацаро ма-дарра ца гойту бусалбанийн юкъараллашкара хьал

Буьйцу кхайкхам арахецна Гезгмашин-беттан 13-чохь шен сайтехула Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муфтиято. Амма бац иза Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин центран сайтерчу керланийн а, я документийн а дакъошка биллина. Ца бовзуьйту кхайкхам Нохчийчоьнан, Ставропол-мехкан, Дагестанан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтияташ а.

"Адыгейрчу конференцин декъашхоша даржийначу резадацаро ма-дарра ца гойту бусалбанийн юкъараллашкара хьал. Конфликт эккхаран бахьана дуьйцуш ца хаийтина дерг ма-дарра, ца хьехадо гIалаташ, кхачамбацарш, деккъа цхьана дашца аьлла - "болх". Амма регионехь и болх бан болийна 27 шо кхочуш ма лаьтта", - боху Оьрсийчоьнана бусалбанийн урхалло Адыгейна, Краснодар-мехкан а муфтиятан 30 шо кхочуш хиллачу конференцехь бинчу кхайкхамаш хьокъехь.

Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло билгалдаьккхина " берриг а болх бусалбанийн лаамашна тIе а тевжаш бо, социалан бух а болуш, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш".

Низамехь ду дерриг а?

Кавказ.Реалии корреспондента дийхира Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муфтияте хьал шеггара довзийтар – цо редакцига хеттарш охьаязде элира, амма сихха жоьпаш дала реза ца хилира.

Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муфтият къоман, адыгийн амалш тидаме а оьцуш кхоьллина ю

Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллин декъадогIу Краснодар-махкара кхо жамаIат: Анапера (1994 шарера схьа), Сочера (1996 шарера схьа) и Краснодарера (2015 шарера схьа). Цигара шен декъадан реза дара кхин а масех жамаIат, амма меттигашкахь иза дан новкъарло еш хиларна а, кхечу цхьацца бахьанашца а кхочуш ца хилира церан лаам, билгалдоккху Гайнутдинан хьукмато.

"Махкарчу нехан лаам бу оха кхочушбийриг, царна лаьа Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллин декъахь хила", – боху Гайнутдинан гIовса Сейфетдинов Равила.

Цо билгалдаккхарца, Краснодар-махкарчу бусалбанашца бен ца бо церан урхалло болх, ткъа Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муятият доккхачу декъанна Адыгейхь болх беш ю. Иза хенаца Москварчу хьукматал жима ю.

"ХIун ду аьлча, Адыгейн а, Краснодар-мехкан а муфтият къоман, адыгийн амалш тидаме а оьцуш кхоьллина ю. Ткъа тхан урхалло универсалан кеп хьоьху. ТIеэцначу Iалашоно Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло хьанафин мазхьабца болх бо аьлла делахь а, оха шафиIийн имамаш а оьцу тхайн декъа. Краснодар-махкахь оха урхалла ден бусалбанийн жамаIаташкахь гIезалой, башкираш, туркой-месхетахой, кхиберш бу", – билгалдаьккхира Сейфетдиновс.

Проблема ю. Конфликт – яц

Хьалхо ГIизларарчу коьрта жума-маьждиган бусалбанаша лаам къадийра имамца Гусейнова Сагидгусейнца цхьаьна Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллина буха шайн маьждиг дахьа. Оцу Iалашонца Гезгмашин-беттан 28-чохь Гусейнов цхьанакхийтира Москварчу хьукматан куьйгалхочуьнца Гейнутдин Равилца. Гусейнов жамаIато шен имам къастор тIечIагIдира Гейнутдина, цул тIаьхьа кехат хьажийна юстицин министралле къобалдайта. И тайпа гIулчаш яьхна Дагестанерчу массех жамаIато, дийцаредеш ду уьш Москвах дIакхетар а.

Низамо муьлхха а жамаIат юкъаралла лору, цуьнан юьззина бакъо ю муфтият харжа

Бакъду, ГIизларарчу маьждигний, Дагестанан муфтиятний юкъа довдолар, иза кхелашкахула даьлла лелар. ГIизларарчу гIалин кхело хадийна маьждиго гIалин адмнистрацица ша кхо гектар латт долахь кхобур долуш бина барт. Жума-маьждиг ду оцу лаьтта тIехь.

"Дагестанан Республикан Муфтият" шех олучу Ислам динан центр-хьукматан долахь дац и маьждиг, цундела цунна латта лойла дац", - боху сацамо.

Цхьана регионерчу маьждигашлахь Москваца дозаделларш а хиларо, бусалба нах цига а леларо муфтияташ декхарейийр ю проблемашца экаме хила, бусалбанашца лараме хила, конфликташ лелхийтар шайна пайде доцийла хаа, аьлла хета Москварчу пачхьалкхан арахьарчу юкъаметтигийн институтан (МГИМО) Iилман лакхарчу белхахочунна, дин зерахочунна Ярлыкапов Ахьмадна.

"Юккъерчу Оьрсийчохь и процессаш лела дукха хан ю, жамаIаташ кест-кеста дуьйлу урхаллашка дехьа-сехьа. Низамо муьлхха а жамаIат юкъаралла лору, цуьнан юьззина бакъо ю муфтият харжа. Территореш муфтияташка екъна ю, керста динехь санна, дIасабийла йиш яц бусалбанийн бохург тIаьхьало йолуш къамел дац", – элира эксперта Кавказ.Реалиина интервью луш.

Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалла Къилбаседа Кавказехь жигара мел хьийза а цигара бусалбанаш кхечу юрисдикце мел гIерта а "регионах баккъал а Оьрсийчоьнан дакъа хуьлуш лаьтта", билгалдоккху Ярлыкаповс. Латтаца доьзна гIуллакх хьалха а даьлла, муфтиятца ийгIинчу имамашна некъ бу Москвах дIакхета я шайн хьукмат кхолла, радикализм шайна бехкеен йоцу динан кеп а лелош, боху цо.

Iедало низам а лардахь, иза юкъа а ца гIертахь, муфтияташна дуьсург цхьаъ хуьлу – жамаIаташца лараме хилар

"Кхеташ ду, меттигерчу Iедало бухахь къобалъеш йолчу муфтияташна атта ду – церан аьтто бу цхьаалла латто. Эрна дац Координацин центр Iедале йийлар а, хIоьттинчу хьоло къаьмнийн, динлелорхойн а юкъаметтигаш эгIош лаьтта бохург. Ама Iедало низам а лардахь, иза юкъа а ца гIертахь, муфтияташна дуьсург цхьаъ хуьлу – жамаIаташца лараме хилар", – жамI дира шен къамелан эксперта.

Къилбаседа Кавказерчу Ислам толлучу Центран директора Гереев Руслана ша Кавказ.Реалиица динчу къамелехь элира, йолуш ю проблема, амма Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллинний, Къилбаседа Кавказерчу муфтиятийнний юкъаметтигаш конфликте йирзина олийла дац.

"Исламехь цхьа некъ бу массарна а – даIват дар вай Кхоьллинчун дуьхьа. Оцу маьIанехь муфтияташ Делан дош даржош ю цхьабосса. Амма кхоллаелла прецедент: галморзахдевллачу гIуллакхаша, юкъаметтигаша бахьана ло наханна кхечу динан урхаллашка дехьабовла ", – боху Гереевс.

Цо дийцарехь, ГIизларара жума-маьждиг я Адыгейра, Краснодар-махкара муфтият хилла а ца Iа масал.

"Къилбаседа Кавказерчу муфтияташа, аьр вац Дагестанерчу, динан хьукматийн куьйгалхой декхаребо бусалба наханна лела торучу хьесапе маьждигаш далон, лаьттах, хьолах долу документаш лартIадало – иза нийса ду. Ткъа Москварчу хьукматах дерг аьлча, иза Къилбаседа Кавказехь шен позици чIагIъян гIерта, амма шортта регионашкарчу муфтияташца цхьана бен кхочушъялур йоцу проблемаш а тIеоьцу цо шена. Мазхьабийн башхаллаш юьйцу цхьаболучара, иза харц дац. Делахь а бакъ дац маьждигаш Москварчу урхаллина кIел хьавдда бохург – хууш цхьа ГIизларара масал бен дац", - элира Гереевс.

***

  • ХIора маьждиган ю юьртахь, ша лаьттачохь Исламан оргаизацин статус, ша лела юридикан хьукмат ю иза. Масала, ГIизларара жума-маьждиг ду итт стеган урхаллехь, имам хоржуш девнаш леллачу Агави юьртара маьждиг кхоьлинарг ву документашца меттигера виъ вахархо.
  • Оцу кепара ду керста килсашца дерг а – Оьрсийчоьнан коьрта епархи яц уьш кхуллург, оцу килсашка лела нах бу. Амма килсаш шаьш ехаш яц, цхьанакхетараллийн декъахь ю. Муфтият схьаэцча, цо гIо до жамаIаташна болх вовшахтухуш, дIаоьцу царна хуьлучу сагIанех дакъа, хIиттабо мабждигашка имамаш.