ГIизларарчу коьрта Жума-маьждиго, цуьнан имамца Гусейнов Сагидхьусайнца цхьаьна, лаам къадийна Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллин декъахь хила. Оцу Iалашонца Гезгмашин-беттан 28-чохь Гусейнов цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан Федерацин бусалбанийн урхаллин куьйгалхочуьнца Гайнутдин Равилца. Маьждиге лелачу нехан тобано шайн хьалханча Гусейнов харжар тIечIагIдина Гейнутдина, цул тIаьхьа документаш регистраци яйта чуделла юстицин министралле.
Девнан бахьана
ГIизларара маьждиг а санна, Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллин куьйга кIел хIитта лаам болуш, бух кечбеш ду кхин а масийтта маьждиг. Царех дукхахдерш цкъачунна барт беш ду Москваца, кехаташ чулучу тIегIане ца кхаьчна.
"ГIизларара маьждиг ишта а дацара муфтиятан урхаллехь. Муьлхха а маьждиг хила дезаш ду цхьана муфтиятан декъахь, амма ца нисделла ишта. Тахана муфтият – иза коммерци лелош йолу хьукмат ю, хьежамаш цхьана ца богIуш нисло, масала, имамаш хуьйцучу даьлча. Маьждиге лелачийн шайн кхетам бу, имам хила везачун цIе цара шайниг йоккху, ткъа муфтиято – шениг. Лаамза, ницкъаша маьждиган коьрте нахана товш воцург хIотто гIоьрта муфтият, девнаш дуьйлу.
ГIизларара маьждиг кхеле делла муфтиято, латта къуьйсу имамца. Иштачу хьолехь къовсам динан низамашца къасто беза, лартIахь дац цхьа динан цIа ша санначу кхечу цIийно кхеле озор", - бохура Кавказ.Реалиица къамел деш ХIинжа-ГIаларчу бакъонашларъярхочо Магомедов Мухьаммада.
Магомедовс дийцарехь, юрисдикци хийца кхиина кхин а цхьа маьждиг – ХIинжа-ГIалина уллерчу Семендер юьртарарниг.
"Цигахь бехктакхаман гIуллакх гIаттийна – "экстремистийн цхьанакхетаралла" ян гIерта цунах, цо шена елла динан хьукматан статус а йоцуш дешаран дарсаш дIаяхьарна. "Яровойн низамца" кхеле ийзабо уьш. ГIуданаш диттина, царех бахьана а дина, экстремистийн декъабахьа гIерта, дине диллича, суьпачу нахах радикалаш ала хала делахь а – цхьана маззапера бусалбанаш бу уьш а, вуьйш а. Юьстахара хьажча гушдерг цхьаъ ду – маьждиг дIадаккха гIертар", - элира бакъонашларъярхочо.
Коьрта цакхетамаш маьждигашна регистраци ярций, имамийн кандидаташ хьан къастош хила беза бохучуьнций бозу
"Новое дело" газетерчу журналистна Юсупов Идрисна гарехь, маьждигийн юрисдикци ю къуьйсург, цунна а хета дов имамаш къасторца доьзна ду аьлла.
"Юридическан статус ю къуьйсург, амма маьждиго бечу балханна оцу къийсамашца тIеIаткъамаш бар нийса дац. Коьрта цакхетамаш маьждигашна регистраци ярций, имамийн кандидаташ хьан къастош хила беза бохучуьнций бозу. Меттигашкарчу жамаIаташна шаьш хоржийла лаьа имамаш, ткъа Дагестанан муфтиято кхоьллинчу низамо бахарехь, уьш хоржург ша муфтият ю. Оцу башхаллаша девнаш латтадо", – билгалдоккху Юсуповс.
Меттигерчу динан тобанийн бакъо ю цхьаьнакхета а, керла юкъаралла кхолла а, низамо Дагестанан территори тIехь магадо керла муфтият схьаелла а.
"Амма керла муфтият кхоьллича, бухахь йолчунна тIом кхайкхор санна хуьлу. Цундела жамаIаташ Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллах дIадеттало, девнех кIелхьардовла гIерта. Конфликт кIаргъечул, Дагестанехь керла муфтият кхуллучул, юрисдикци хийцар гIолехьа хета царна. Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллина юкъадаха лууш кхин а довла мега маьждигаш. Иза дозу муфтияташа хоржучу юкъаметтигашца, уьш компромиссна кийча хиларца, меттигашкарчу жамаIаташца, церан бакъонаш къастош, барт карош я ца карош хиларца," – аьлла го Юсуповна хIоьттина хьал.
"Тхо дехьадовла дагахь ду"
Шен цIе ца йовзийтича реза хилира ХIинжа-ГIалара цхьа имам Кавказ.Реалиица къамел дан. Цо бахарехь, цуьнан маьждиг а ду юрисдикци хийцар дийцаредеш.
Оха бехха лийхира барт, ца карийна, цундела тхан барт хилла Москварчу урхаллах дIакхета
"Документаш тайп-тайпана, кеп-кепара вовшахдоьттуьйту тхоьга: антитерроран паспорт хила деза, лаьттанна, гIишлонна, жамаIатна иза магош делла кехаташ хила деза. Хила беза белхан бух (устав), амма тхайниг юстицин министралло къобал ца бо, массераниг санна, юкъарчу кепаца богIуш хилийта боху. Амма тхуна ца мега оцу документан цхьацца агIонаш. Оха бехха лийхира барт, ца карийна, цундела тхан барт хилла Москварчу урхаллах дIакхета", – дийцира имама.
Цо дийцарехь, маьждигний, муфтиятний юкъайоьллачу конфликтан коьрта бахьана ду агIонашна имам дIахIоттор а, дIаваккхар а шайн карахь хила деза аьлла хетар.
"Нах боьлла имам шайлара, шайн жамаIатера харжарх, шайхаша хьеха а хьоьхуш, шайн ярташкахь, кIошташкахь йолчу хьуьжарех чекхбевлла нах шай коьрте хIитторах. Муфтиято иза хIоттош тхуна ца деза. Со кхета, хьуьжарш, Iеламнах боцуш меттигаш ю, цигарчу бусалбанаша доьху муфтияте шаьш долчу маьждиг дIалелор долу, дешар дIахIоттор долу имам хьажор. Амма жамаIатехь шен шайхаш а, шайна вевза-веза лидер а хилча, хьашто яц муфтиятера стаг ваийта – девнна бух биллар ду иза", – боху имама.
Маьждигаш Москван куьйга кIел гIерташ а гина, Дагестанан муфтиято ша дечу урхаллин кеп хийцаре догдоху ша, элира тхоьца къамел хиллачо.
Агвали юьртахь иккхина дов
Бутт хьалха Дагестанан ЦIумадан кIоштарчу Агвали юьртахь доккха дов иккхира жамаIатний, имамна Исаев Рамазанний юкъахь. Дирзира латарца. Юьртарчу жамаIато тIе ца ийцира иза имам хIоттор, кхин имам хаьржира. Амма оцу имамна реза яцара муфтият, оцу тIехула конфликт яьржира, полици еара дов дижо.
ТIаьххьара а муфтиятна а, жамаIатна а мега имам карийра – Гаджиев Юсуп. Дагестанан муфтиято ца довзийтира Агвали юьртахь хилларг. Амма арахийцира шен телеграм-каналехула керла муфтияташ муха хIиттабо хоуьйту документ. Цо бахарехь, муфтиятан бен яц ярташкахь а, кIошташкахь а имамаш хIитто а, дIабаха а бакъо.
Муфтиятна массо а имам шен куьйга кIел вига лаьа, амма иза хиндоцург ду, хила йиш яцарна
"ЖамаIат резадоцчу имаман хьокъехь дерг: иза куьйгаллехь хилийта ца лууш гIатийна резадацарш цунах шех бен хьакхалуш дац, жамаIатан бух хила беза иза цамагар тIечIагIдан. И бух жамаIатна карош бацахь, имам шен балхахь виса йиш йолуш ву, ткъа жамаIатан бакъо яц иза дIаваккха гIерта, мел цунна ша реза дацахь а", – боху муфтиятан документо.
Меттигерчу массех хаамийн гIирсо бечу хаамца, маьждигаш Москван куьйга кIел доьлхуш хилар хьахош а дац муфтиято. Кавказ.Реалиин корреспондентан аьтто ца белира оцу хьукмато шен официалан сайтехь йовзуьйтучу телефонашкахула къамел дан стаг карон - телефон схьа ца ийцира цхьаммо а.
"Агвали а, ГIизлара а – иза цхьана могIарарчу конфликт ю. ГIизларара имам ЦIумадара ву цIера. Масех имам ву оцу юьртара схьаваьлла. Агвалихь муфтиято ваийтинчу имама къедан бакъо караоьцуш, кхел а йина, ша йиттина меттигерчу вахархочунна. Иза ца тайна бахархошна, цара юьртара эккхийна имам. Цул тIаьхьа полици яхийтина юьрта. ГIизларара имам а хилла оцу конфликтан декъахь. Муфтиятна массо а имам шен куьйга кIел вига лаьа, амма иза хиндоцург ду, хила йиш яцарна. Делахь а, атта ду хIора республикехь цхьа муфтият хилча, Iедална дика ду иштта хьал лаьттича, атта ду болх бан", – боху адвоката Магомедов Мухьаммада.
Маьждигаша юрисдикци хийцар – иза дестабилизаци ю боху, амма юкъаметтигаш ишта а ю ийгIина лаьтташ, дуьйцу цо.
"Кхин некъ бац"
Муфтеша дакъа а лоцуш, Гезгмашин-бутт боьрзуш Къилбаседа Кавказан бусалбанийн кхеташонан координацин гулам хIоьттира Пятигорскехь.
"И гулам хилале координацин кхеташо дагаяьллера Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллица, амма Дагестанах хьакхалуш дацара иза, Краснодар-махкара маьждигаш дара тидаме эцна. Аьлча а, цхьайолчу регионашкахь, масала, Краснодар-махкахь, муфтияташа ледара бо шайн болх, цундела жамаIаташа Орсийчоьнан бусалбанийн урхалле доьху шайна гIо. Иза юрисдикцин проблемаш яц, лелаш долчу вайн дахарера бакъдерг ду", – боху Юсупов Идриса.
Магомедовс билгалдоккху, гуламехь муфтеша шаьш Дагестанерчу муфтиятехьа буйла хаийтина хилар.
" Бердиев ИсмаьIала (Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн координацин центран куьйгалхо –ред.) Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре арз хьажийна, Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло лелориг низамца догIуш дац, аьлла. Амма иза бакъ вац. Муьлххачу а муфтиятна юкъахь хила тарлуш ду пачхьалкхера муьлхха а маьждиг. Цхьана а муфтиятна юкъахь ца хила бакъо а ю маьждиган. Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, цхьана регионехь хила тарло массийтта муфтият. Динан маршонах долчу низамо магадо наханна гулбала, маьждигаш я кхийолу динан хIусамаш схьаелла. Амма пачхьалкхо декхаребо бусалбанаш шайн маьждигашна тIехь юкъара центраш латто. И вариант зуьйш ю. Маьждигаш шайн лаамца цхьанадеттадалар кхидIа а лелар дерг ду. ХIунда аьлча, дукха ду нах реза а боцуш, царна тIе имамаш хIиттийна маьждигаш", – билгалдоккху Магомедовс.
Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло жоп делла Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн координацин центран Краснодарерчу маьждигийн хьокъехь лилхину претензешна дуьхьал. Цо бахарехь, Краснодарера маьждигаш, хьуьжарш хьалхе дуьйна а ю Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалле язъелла.
Москварчу оцу урхалло жоп ца делира Кавказ.Реалиин корреспондента шег динчу хеттаршна, зIене бевлла нах реза ца хилира шайггара къамелаш дан.
Кхечу муфтиятна нах юкъабахар – иза хирхаьдча йоккху гIулч ю. Кхин некъ бисина боцчух тера ду
"Оьрсийчохь маьждигаш цхьана муфтиятера кхечу муфтияте дуьйлу дукха хан ю, иза динан урхаллашна юкъахь лела конфликташца дозу. Оццу могIарара ду Агвали юьртахь лелла дов а. И нах бац я салафийаш а, я вахьабхой а, Дагестанан динан урхалла а санна, уьш шафиIой а, ашарихой а бу. Цхьаъ ду, суфеш бац уьш. Суна хетарехь, ГIизларарчу наха Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхаллина бухабахарца хаийтина шаьш суфеш боцийла, амма массанхьа а болу бусалбанаш буйла. Уьш дехьабуьйлу муфтият суфех йоцу муфтият ю", - дийцира Кавказ.Реалиига бусалба динан талламчас, Москварчу пачхьалкхан дуьнанюкъарчу уьйрийн институтан (МГИМО) Iилман белхахочо Ярлыкапов Ахьмада.
Ярлыкаповна хууш дац, муфтияташ хуьйцуш хьалха стенна ца хилла Къилбаседа кавказера маьждигаш.
"Гарехь, цхьа резадацар кхиина, наха иштта гойту иза. Хиндерг ала хала ду, кавказхоша и саннарг маслаIатехь луьстура. Кхечу муфтиятна нах юкъабахар – иза хирхаьдча йоккху гIулч ю. Кхин некъ бисина боцчух тера ду. Суна хетарехь, сов даьржина лела хIума хир дац цунах. Муфтияташ хуьйцуш лелар а дац атта. Оьрсийчоьнан юккъерчу регионашкахь саннарг кест-кеста нисло. Делахь а, Къилбаседа Кавказехь ишта болам айбелча, муфтешна шайн когакIелхьара латта додуш санна хета. Уьш боьлла цхьа муфтият бен ца ган, иза шайниг бен цахилиийта. Бусалбанашна хIетте а машар оьшу, царна иза карон а хаьа," – элира Iилманчас.
***
Амма конфликташ юьжуш яц Дагестанехь. Латта къийсарца лелхачу девнех доцу дов ду хIинца луьстуш – административан. Чуделлачу орзо бахарехь, Товбецан-беттан 16-чохь, жума-даIват деш имама Гусейнова суьйлийн маттахь доцург дийцина, муфтият сийсазъеш. Амма къадийна претензи ю юха а лаьттан хьокъехь.
Дагестанан муфтиято доьху кхеле, Гусейновс дийцинарг харц хилар тIечIагIдар. Иза дар доьху Гусейновс санна – пIераскана, маьждигехь.
Карарчу ханна агIонаш ладоьгIуш Iа текст зен Москвара эксперт кхачаре.