Your browser doesn’t support HTML5
Республикан Барт Мьянма (хьалха хилла Бирма) пачхьалкхехь дехаш 100 сов къам ду. Цигахь вехаш ву 60 миллион гергга стаг.
Нах тIепаза бовш, цхьаболучарах лай беш, кхиберш махкал арабохуш, кхолагIанаш багош ирча сурт ду кхузахь хIоьттина.
Кху тIаьхьарчу хенахь социалан машанашкахь гучуйовлуш ю Мьянмехь бусулба нах хьийзош яьхна видеош а, сурташ а. Уьш бу коьртачу декъана рохIингия къомах болу нах.
(ЛАРЛУШ ХИЛА, КЪИЗАЛЛА Ю КХУ ВИДЕО ТIЕХЬ ГОЙТУШ)
Кху наха орца доьха, шайна гIо дахьара бохуш.
Цу нахах къахетта, шега хIун далур дара-те аьлла, Мьянме вахана Оьрсийчура вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад. Маршо Радионна интервью луш, иза вара цу пачхьалкхан Янгон (Рангон) гIаларчу кеманпортехь. Ша юьхьарлаьцначу некъах лаьцна иштта элира Мусаев Мурада.
Мусаев Мурад: "Мьянмехь рохIингия бохуш цхьа жима бусулба къам ду кхара хIаллак деш жим-жима. Цхьа 40 шо а хилла хIорш хьийзош болу. Цхьа а бакъо царна юьтуш яц. Нах тIепаза бойуш, цхьаболучарах лай беш, вуьйсуш махкал арабохуш, кхолагIанаш багош... иштта ирча сурт ду кхузахь дерг. ХIара дуьне мел ду орца доьхуш бу и нах. Царна дан гIо хуьлий хьовса даьхкина-кх тхо".
Накъостий муьлуш бу хьан?
Мусаев Мурад: "Со волучура веана со цхьаъ ву. Вуьштта хIара гIуллакх лелош, ас дакъалоцуш хилла, вайн куьйгакIеллахь йолу адвокатийн бюро ю Москохара.
ТIаккха, дукха хенахь дуьйна Бирмерчу нахана гIо деш ю Страсбургера (Франци) Сальсабиль олу вовшахтохаралла. Вайнехан ши кIант ву цигахь - нохчо а, гIалгIа а - Тимур а, Хьамзат а бохуш.
Доккха хIума дийр дара аьлла, веана вац со. Бахьана лелор ду, тIаккха цунах гIуллакх хилар а, цахилар а Делан карахь ду аьлла, иштта веана-кх со.
Уьш дуьхьалкхетта суна Дубаихь. Дубаира Куала-Лумпуре а, цигара кху Мьянме а цхьаьна схьадаьхкина тхо. ХIорш шайн агIор юург-молург а, молха-хIума а йохьуш баьхкина бу оцу нахана.
Сайн агIор кху нахана низам тIехь гIо дарх гIуллакх хуьлий хьажа веана со а ву-кх. Цхьа доккха хIума дийр дара аьлла веана вац. Бахьана хIоттор ду, тIаккха цунах гIуллакх хилар а, цахилар а Делан карахь ду аьлла, иштта веана-кх со".
Мьянме дIакхаьчначул тIаьхьа хьан баьрг тIехIоьттинарг хIун дара? ХIун сурт ду цигахь хIуна гинарг?
Мусаев Мурад: "Кху сохьта Янгоне схьакхаьчна со. Кхеран (кIоштан) коьрта гIала ю Янгон. И рохIингия Iаш болчу агIор дIадоьдучу кемане хьоьжуш Iаш ву-кх со аэропортехь. Даламукъалахь, кхана царна юкъахь хила лерина ву со. ТIаккха дуьйцур ду-кх ас цигара хьал".
Социалан машанашкахь комментареш юьтучу цхьаболчу наха бехк баккхаран кепехь яздо, Нохчийчохь бац-те бакъонаш ларъян оьшуш болу нах бохуш? Кхечарна леррина лелош ду аьлла хета цу тайпа акцеш дIаяхьар, Нохчийчохь хуьлучунна а, нохчийн историн хиламашна а тIера тидам дIабаккхар Iалашонца.
Цу нахана жоп луш санна, Мусаев Мурада элира харцо а, къизалла а, тIом а лайна нах кхетар бу мискачу нахана гIо дан дагахь ният долуш ша араваларх аьлла.
Мусаев Мурад: "Шена гIело еш хилча, стаг де эшначу хенахь, миччара кхаьчна а, шена гIо кхочур дацар-те олий, сатесна хуьлу. Вайна иза цхьанне а ца хуучу кепара дика хаа а хир ду иза. ТIаккха, вайн ницкъ кхочург дан хьовсур ду-кх вай".