Your browser doesn’t support HTML5
Итт шо а тоьхна, чувоьллина хилла Аракчеев сатесна вара ша Оьрсийчоьнан президенто, кIинхетам а бина, набахтера аравоккхур ву аьлла. Амма иза дIахецна Лахарчу Новгородерчу колонера хенал хьалха Дечкен-беттан 16-чу дийнахь. Цигахь латтош бу зуламаш дина хилла эскархой а, низамаш лардечу органийн белхахой а.
Аракчеевн гIуллакх уггаре а девзачех дара 2000-гIа шераш долалуш. 2003-чу шарахь Дечкен-беттан 15-чу дийнахь Соьлж-ГIалара Шуьйта бодучу новкъахь Худяков Евгенийс а, Аракчеев Сергейс а, «КАМАЗ» а сацийна, вийра цу мешанна урхалла деш хилла Янгульбаев СаьIид а, цуьнца машенахь хилла Джамбеков Iабдул а, Хасанов Нажмудди а.
Цул тIаьхьа, гена йоцуш йолчу блок-постехь лаьтта салтий теш а болуш, шаьш дина зулам хьулдар Iалашонца цара, эккха а эккхийтина, ягийра и нах тIехь хилла «КАМАЗ».
Оццу дийнахь Худяковс, Ханкала дIа а вигина, герз детташ хьийзийнера Нохчийчура вахархо Юнусов Шамиль.
Масийттоза хатта дийзира Аракчеевн а, Худяковн а дов царна таIзар дан бохуш дуьйцу Нохчийчура омбудсмено Нухажиев Нурдис.
Нухажиев Нурди: "Цара бехк-гуьнахь доцу юьртара нах, (маьрша) бахархой байинера. Къиза. Цхьа а цара аьлла хIума а доцуш, машен а ягош, уьш бойуш хIума лелийнера цара.
Цара даима а дийриг дара иза. Цара динчу эзарнаш зуламех цхьаъ бен дацара иза. Уьш кхеле озийча, лаккхара тIегIантехь болу политикаш а, Пачхьалкхан думан депутаташ а, массо а арабевллера, царна гIо деш. Уьш жоьпе ца озабойтуш дуккха а беттанаш а, шераш а даьхьна оха.
Тахана хIоьттина хьал иштта ду. Царца доьзнарг а, нохчашца доьзнарг а инзаре йоккха башхалла йолуш ду. Нохчий ара ца бовлийта гIерташ шайга далург дерриг а деш схьабогIуш бу уьш. Ткъа царна муха хьелаш кхоьллина хир ду набахташкахь бохург дуьхьал хIотто хала дац".
Эххаре а кхелан сацам кхайкхош гучудаьлларг дара, Худяков ведда хилар. Суьдхочо и стаг къайлаваьлла хиларх ца тешаш цхьана сохьтана тIаьхьатеттира кхел дIайолор. Амма эххаре а кхело сацам бира Аракчеевна 15 шо, ткъа лехамашка веллачу Худяковна 17 шо хенаш тоха.
ХIинца Аракчеев хенал хьалха дIахецна. Амма ша динчу зуламо маьрша волуьйтур вац иза бохуш дуьйцу Нухажиев Нурдис.
Нухажиев Нурди: "Дахар хир дац цуьнан араваьлча а, цо хIуъа а дича а. Маларо хIаллак вийр ву иза. Дахар кертаца Iуьллуш доьрзур ду цуьнан. ХIунда аьлча, бехк боцуш цо вийнарг кхо стаг хилла ма ца Iа. Кхузахь цара шортта нах байина. Иза царна дуьхьал хIуьттур ду, шо шаре мел долу алсам а хIуьттуш".
Аракчеев хенал хьалха колонера дIахецарх лаьцна хаам беш Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша леррина билгалдоккхург ду «иза дIахецар къайладаьхьна дара цунна кхерамаш тийсарна» бохург. И бахьана долуш махкарваьлла иза бохуш чIагIдо цара.
Иза цхьа а доцург ду аьлла хета Нохчийчоьнан омбудсменана Нухажиев Нурдина. Аракчеев вен кечвелла цхьа а вац боху цо.
Нухажиев Нурди: "Иза леррина вайна Iуттуш хIума ду, иза вен цунна тIаьхьабевлла болуш санна. Иза вен кечвелла цхьа а вац. Амма шен хенахь хила дезарш дара уьш, ткъа тахана иштта хьал ду-кх цуьнан".
Аракчеев санна Нохчийчохь маьрша адамаш дайарна кхеле озийна дукха нах бац Оьрсийчохь, зуламаш динарш дукха белахь а. Буданов Юрийн гIуллакх массерна а девзаш ду. Иза вийра Москох, Аракчеев санна ларвеш лела а вина, эххаре а хенал хьалха колонера дIахецча.
Иза вийна аьлла чувоьлина ву Темерханов Юсуп. И стаг мухачу хьолехь ву, цуьнан кхоллам шайн тидамехь латтош дуй шу аьлла, шега хаьттича, нохчийн омбудсмено Нухажиев Нурдис элира, тIаьхьарчу хенахь цуьнан хьал дикачу агIор хийцаделла аьлла.
Нухажиев Нурди: "Тхан тхайн методаш ю. Тхоьгахь информаци а ю. Вайн низам а, къепе а ларъян лууш, шайн мехкан патриоташ а болуш, нах ма бу шортта. Цуьнца (хIинца лелош) и тайпа (ницкъ бар) хIуманаш дац, дуьххьара дара, ткъа хIинца дац".
Кхин а кхо стаг лецира Нохчийчохь маьрша адамаш дайарна, шайн коьртехь капитан хилла Ульман Эдуард а волуш. Бехк-гуьнахь а доцу 5 стаг а, цхьа зуда а ерна Ульманна 14 шо хан кхайкхийра. Иза дан дуьозза кхелл хатта дийзира.
Кхелан сацам дIакхайкхош Ульман а, цуьнца цхьаьна бехке веш хилла прапорщик Воеводин Владимир а, лейтенант Калганский Александр а къайлавелира. Ульманан тобанера, 9 шо хан а тоьхна, чувоьллинарг вара майор Перелевский Алексей.
Карарчу хенахь Ульман а, цуьнца цхьана къайлаваьлла Воеводин а, Калганский мичахь ву хууш дац.
Кхин цхьа стаг а ву Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурашкара Нохчийчохь зулам дарна чувоьллина хилла. Иза ву «Кадет» цIе йоккхуш хилла милцо хилла Лапин Сергей.
Мурдалов Зелимха цIе йолу жима стаг, хьийза а вина, верна цунна 10 шо хан туьйхира. Кадетаца жоьпе озийна волу ши стаг еххачу хенахь ведда лийлира, ткъа эххаре а, амнисти а кхайкхийна, витира и шиъ.
Оцу кхелехь дакъалаьцна болчу нехан кхоллам да воккхавийр волуш ца нисбелира.
Мурдалов верах лаьцна яздина журналист Политковская Анна йийра 2007-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь.
Адвокат Маркелов Станислав вийра Москох 2009-чу шарахь Дечкен-беттан 19-чу дийнахь.
Бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья, Соьлж-ГIалахь лачкъа а йина, йийра 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чу дийнахь.
Лапин Сергей набахтера дIахийцира 2014-чу шарахь.