"Нах Iехабо". Муха, стенна бохуьйту Нохчийчоьно "шайн лаамернаш" Украине

"Шен лаамера" "Ахмат" нохчийн батальонан эскархой Мариуполехь, 2022-чу шеран Охан-беттан 17-гIа де

Нохчийчуьра "шайн лаамернаш" - иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинерчу тIамна тIехь пиар яран коьртачу декъех цхьаъ ду. Юьхьанца цо дIахьедора, меттигера бахархой шайн лаамехь кийча бу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаца, цул тIаьхьа тIаме кхийкха буьйлира "бехкала бахна" ницкъахой а, Кадыровн критикийн гергарнаш а, хIинца "шайн лаамернаш" ахчанашца гулбеш бу. Оцу хаттарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун къамел муха хийцалора, хIун кхерамаш лаьтта герзаца йолчу урхаллашкахь къаьсттина бакъонан статус йоцуш дакъа лоцучарна тIехь, тидамбира Кавказ.Реалиино.

Дуьххьара "шайн лаамернаш" Украинерчу тIаме хьовсорах лаьцна дийца даьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Чиллан-беттан 26-хь, цул цхьа де хьалха Соьлжа-ГIалин коьртачу маьждигна хьалха "гулбарх" комментари еш.

"12 эзар сов эскархочо муьлхха чолхенан тIегIанера тIедилларш кхочушдан кийча хилар гайтина. Шайн лаамехь дIахьовсоре сатесна бу уьш", - яздира Кадыровс оцу хенахь шен телеграмерчу каналехь.

Оьрсийчоь чугIоьртина бутт баьлча республикан куьйгалхочо 20-зза гергга дийцира "эзарнашкахь нохчийн шайн лаамернаш" бу "тIом бан кийча".

"Мелла а сиха тIама юкъахь нисбала сатесна бу уьш", - бохура Кадыровс, дIахьажийначу эскархойн терахь, церан кийча хилар ца хьахош, йа шен дешнашна цхьа бух ца балош.

ТIаьххьаре а оьрсийн эскархошлахь тIеман гIуллакхашна юккъехь дакъа лаца Украине кадыровхой дIакхачарх лаьцна дуьххьара хаам ца кхечира Зазадоккху-беттан 19-хь бен.

Цуьнца цхьаьна хаамаш кхечира, кадыровхойх "заградотрядаш" санна пайда эца тарло аьлла. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига Зазадоккху-беттан 21-хь дийцира Украинехьа тIом беш йолчу Дудаев ДжовхIаран цIарах йолчу шайн лаамерчу нохчийн батальонан буьйранчас Осмаев Адама. Цул хьалха Украинан Кхерамазаллин Сервисо гIарадехира Росгвардин белхахочо шен хIусамненаца дина хила тарло нохчийн маттахь телефонехула къамелаш. Царна чохь цо шен коьртачу тIедилларх лаьцна дуьйцу – тIом боьдучу аренгара уьдуш болу оьрсийн эскархой сецор. Нохчийчуьра "шайн лаамернаш" оцу Iаланашца лелийнийла хууш дац.

Зазадоккху-беттан 22-хь Кадыровс Соьлжа-ГIалахь шайн лаамернаш бу бохурш схьагулбинчу меттехь яьккхина дуьххьара видео арахийцира. Оцу тIера наха телекамерашна хьалха шаьш гойту, тIаккха Z билгалонаш тIехь йолчу автобусашкахь уьш дIабуьгу. Йозуш йоцчу хьостанашкара уьш Украине хьовсийна хилар тIечIагIдеш хаамаш ца кхаьчна. Оцу дийна гайтина болу кадыровхой шайх олучу нехан кхолламах лаьцна хIумма дац хууш.

Стенна оьшу кадыровхой? Цара тийсдаларшкахь дакъа ца лоцу, цхьа а тIеман Iалашонаш кхочуш ца йо, стенна оьшу уьш цигахь?

ХIинцале а тIеман аналитикаша дIахьединера, Нохчийчуьра эскархойн эвсара ца хиларх а, церан кечам а, гIирс а ледара хиларх а лаьцна. Оцу тайпа ойла йовзийтинчех цхьаъ вара сепаратистийн "ЛНР-н" "Восток" батальонан буьйранча Ходаковский Александр. Амма бакъду, тIаьхьо Украинехь тIом беш волчу пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутатаца Делимханов Адамца шен цхьанакхетар хилча шен дешнаш юхаийцира цо.

Зазадоккху-беттан 23-хь Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша Соьлжа-ГIалара "шайн лаамехьберш" Украине новкъабохучу юкъанна, царна тIаьхьахьоьжучу нанойн белхарш хезаш видео яржийра. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш, царна хьлаха герзашца нах а бу. Кадыровс цул хьалха тIечIагIдора, схьадийцарехь, наноша шаьш доьхура шайн кIентий тIаме хьовсор, бохуш.

Оцу хенахь украинхойн "Азов" тобано Нохчийчуьра хила мегачу йийсаре лаьцначуьнга хеттарш деш видео гIаръяьккхира. Бакъхилар тIечIагIдина доцу видео тIехь цо Кадыровга кхайкхам бо, шен гергарнаш а хьовсабе Украинерчу тIаме, олий. Видео тIера стеган дешнашца (цуьнан цIе йоккхуш яц), нохчийн шайн лаамехьберш шайх олурш Украине хьийсочу юкъанна церан каралуш ерг цхьа автомат а, диъ патармийн гIутакх бен дац. Иштта цо дийцира, оьрсийн эскарша нохчийн ковранна тIе герзаш деттарх лаьцна, йийсархочо бахарехь, "тоьпийн дилха санна" тIеман хьалхене ластийна йолу. Байъиначийн декъий дагадо, боху видео тIерачу стага.

Цул хьалха Украинехьа тIом беш волчу Осмаев Адама дIахьедира, "дукхачу оьрсашкахь мостагIалла лаьтта кадыровхошка, ур-атталла уьш кIелкхийса а гIерта уьш". "Со цецвер вац царна юккъехь девнаш довлахь а, иза вайна гинера [ши тIом боьдучу заманахь] Нохчийчохь сих-сиха", - билгалдаьккхира шен лаамерчу батальонан буьйранчас.

Дукха хан ялале нохчех Украинехь шен лаамца мила ву – мила вац боху хаттар шордира цигахь Мамадиев Iусман гучуваьлла бохучу хаамо. Мансур Старый цIарца вевзаш хилла волу Кадыровн критик Алиев Iимран верна шеконашкахь ву иза. Мамадиев оцу видео тIехь Нохчийчуьра шайн лаамернаш бу бохучарна хьалха лаьтташ ву.

Цул хьалха фронтехь гучуваьллера 2017-чу шарахь Оьрсийчохь оппозицин политик Немцов Борис верна шеконашца тIаьхьбевлча хьалхо кIелхьарваьлла Кадыровн "куьйгкIелара киллер" Геремеев Руслан.

Your browser doesn’t support HTML5

Чалтачаш а, киллерш: Кадыровгахьа Украинехь тIемаш беш муьлш бу

Украине ницкъахой а, царна юккъера "бехкбаьлларш" а кхайкхина ца Iаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикийн гергарнаш хьежабо, боху хаамаш иштта бакъхилира. Охан-беттан 9-хь меттигерчу пабликаша гIаръяккхира Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ваша тIаме хьажош видео. Цо цул хьалха хаамбинера, шен гергара стаг нуьцкъаха Закан-Юьртара дIавигарх лаьцна пропагандистан видео яккхархьама.

ТIаьхьо Нохчийчуьра Iедалхой ахчанах "шайн лаамернаш" дIагулбан хIиттира, церан декъехь Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара а. Охан-беттан 19-хь "Агентство" гIирсано бинчу хаамца, Украинерчу тIамехь дакъа лаца реза хиллачарна цкъа 300 эзар сом лург хиларх дош делла. "Шен лаамехьверг" хила луучуьнга кхийдон декхарш кIезга ду, тIеман министралло цаьрца контракт ца до, ахча царна кара дIало тIаме хьажорал хьалха.

Кху муьрехь тIаьххьара Украине хьовсийна "шайн лаамерчеран" тоба Охан-беттан 20-хь новкъаяьлла. Цунна лерина республикера "Грозный" телеканалан репортажехь тIечIагIдо, эскархоша Гуьмсехь йолчу оьрсийн спецназан университетехь кечам бина хиларх.

Зазадоккху-бутт чакхенга бирзичхьана Кадыровс жигара пиар еш ю оцу хьукматна. Охан-беттан 17-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, Гуьмсера центро хIора кIирнахь "дIахьажон кечбо 200 гергга шайн лаамехьберш", иштта билгалдоккху цо, буьйцурш шен декъехь кхечу регионашкара бахархой а хилар.

Талламан Conflict Intelligence Team тоба кхоьллинчо Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дIахьедира, Нохчийчуьра "шайн лаамехь" болучарах лаьцна хаамаш уьш Украине хьийсош бу бохучу Кадыров Рамзанан посташца доза кхеташ ю. Оцу тобанийн кIезга хилар бахьанехь аьтто бац уьш тIаме кхаьчнийла хаа, цигахь цара хIун тIедилларш кхочушдо хаа а.

"Кхеташ дац, муьлхачу [тIеман] урхаллашкахь бу уьш, церан куьйгаллехь мила ву. Церан терахь тидаме эцча, уьш эзар гергга валахь а, иза вуно кIезга терахь ду, фронтан бараме хьаьжча. Вуьшта аьлча, [оьрсийн] эскарийн тобанашкахь уьш ган чIогIа хала ду", - боху Левиевс.

Цунна хетарехь, Нохчийчуьрчу "шайн лаамерчу" эскархойн цхьа тIедиллар ду.

"Стенна оьшу кадыровхой? Цара тийсдаларашкахь дакъа ца лоцу, цхьа а тIеман Iалашонаш кхочуш ца йо, стенна оьшу уьш цигахь? Дерриг шайна пиар [ярхьама]. Изза ду нохчийн "шайн лаамехь" болучеран хьокъехь дерг а", -хета журналистана-талламхочунна.

Гуьмсерчу университето, дийцарехь, хIора кIирнах бIеннаш тIаме хьовсон керла эскархой арахоьцу бохучунна комментари луш, къамелдечо билгалдоккху, оцу кепара кечам кхоччуш барамехь бу ала йиш ца хилар.

"Цхьана кIирнах коьрта говзаллаш бен йовза аьтто бац: автомат овшахтаса-вовшахъяккха, цуьнаца герз муха кхийса деза кхета а. ТIом баран тактика йийца а ца оьшу – цхьана кIирнах цунна Iамо йиш яц муххале", - чекхдаьккхина Левиевс.

"Шен лаамехь волчунна" цхьа а гарантеш яц

Нохчийчуьра "шайн лаамерчара" Украинехь лелочух лаьцна хаамаш кIезга хиларна аьтто бац царлахь болчу эшамийн мах хадон. Амма, Кавказ.Реалиин хаамашца, беллачийн терахь иттанашка даьлла хила мега. Масала, СКФО-н ницкъаллин хьукматера тхан хьостано Охан-беттан 5-хь дIахьедира, Украинехь 60 гергга Нохчийчуьра бахархой байъина аьлла, иштта билгалдаьккхира, царах ах дакъа – уьш шайн лаамернаш шайх олурш бу.

Республикерчу Iедало Охан-беттан 26-чу дийнера хьолаца тIелаьцнарг регионера исс эскархочун кхалхар бен дац. Украине хьовсийначу "шайн лаамерчеран" кхалхарх лаьцна Кадыров Рамзана цкъа а ца хьахийна. Иштта хууш дац, муьлха кехаташ яздо республикера тIамна декхаре боцу латархоша.

Цаьрца Оьрсийчоьнан эскархочун контракт ца хIоттадахь "шайн лаамернаш" дIахаьдда хир бу социалан гарантех, шен декъехь лазийча дарба кхачоран а, велча доьзална ахча хьажоран а, билгалдоккху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь "Гражданин. Армения. Право" юкъараллин боламан куьйгалхочо Кривленко Сергейс.

"Шен лаамехь верг – иза цхьана агIор Украине кхаьчна, цхьана агIор кара герз кхаьчна веккъа Оьрсийчоьнан вахархо ву. Цуьнан цхьа а гарантеш яц. Цхьа а вац цуьнан вер талла а, йа пособиш дала декхаре а. Шен лаамехь верг формалехь низамца цхьанне агIор вогIуш вац, Бехктакхаман кодексехь артикл ю низамехь йоцу герзаца йолу вовшахкхетараллана юкъахь дакъа лацарна лерина, пачхьалкхан интересашна дуьхьала йолчу Iалашонашца арабевллачарна дуьхьа иза лелош ю аьлла, тIетохар делахь а", - боху бакъоларъярхочо.

Украине "баьсса" хьовсийнера – гIирс салташа шайн чоьтах шаьш эца безара

Цул сов, билгалдоккху Кривенкос, пачхьалкхо, йа пачхьалкхан уллора урхаллаша лур ду аьлла ахча бахьанехь Украинерчу тIаме бахначу оьсийн бахархой, ма-дарра дийцича, йолахой бу (Оьрсийчоьнан УК-хь йолахо лору тIеман конфликтехь дакъа лоцучу пачхьалкхан вахархо а воцуш, ахчанна дуьхьа араваьлларг. – ред.)

Кавказ.Реалиица къамелдечо билгал ма-даккхара, "шайн лаамернаш" социалан гарантех хаьдда белахь а, масала, Оьрсийчоьнан эскархой бехкедеш долу тIеман зуламаш дарехь дакъа лацарна жоьпалла царна тIера цхьамма а дIа ца даьккхина.

"Нах Iехош бу… ТIеман зуламийн хенан йохалла яц, иза дика кхеташ хила деза. Церан хьокъехь тIаьхьабевлла лелар бу белла дIабовллалц", - дерзийра Кривенкос.

ТIамехь дакъа лацаре кхойкху Дагестанера бахархой а. Цигарчу "шайн лаамерчарна" а дуьйцу ахчанаш – чине хьаьжжина 177 тIера 215 эзаре кхачалц. Унцульскан кIоштан военкоматан кхайкхамехь, масала, яздина ду, "леринчу тIеман операцехь дакъа лацархьама [тIеман министраллица] контракт яздан йиш ю".

Унцукулян военкоматехь Кавказ.Реалиина Зазадоккху-беттан 11-хь дуьйна тIечIагIдира и кхайкхам бакъхилар. Белхахочо хаамбира, тIамехь дакъа лаьцначарна баккъала а лур ду хьахийна долу ахча. Контракт хIотторхьама оьшу тIеман билет а, иштта лоьрийн комиссих чекхвала а веза.

Зазадоккху-беттан 23-хь Украинана дуьхьала тIамехь "шен лаамехь" дакъа лацаре кхайкхира Къилбаседа ХIирийчуьра парламентан "Единая Россия" партера депутата Кантемиров Бориса. Чиллан-беттан 24-хь долийна буьззинчу барамехь чугIортар "сийлахь декхар" ду аьлла цо. Кантемировс дIахьедира, Украине ваха луучунна шеца зIене вала йиш ю – "дерриг нийса дархьама". Дуьххьара "шайн лаамехь" болучеран "парти" хIинцале а коьрта говзаллаш Iамон лагере кхаьчна.

Оцу хеначохь, оьрсийн эскархойн ледара кечам, гIирс, эшамаш ду боху хаамаш кхочучу юкъанна, контрактан эскархошна юккъера "реза боцучех" лаьцна информации кхочу – омрана дуьхьала боьвлла Украине ца бахнарш бу уьш.

Дуьххьара ишттачу хиламах лаьцна хиира Чиллан-бутт чекхболуш. Оцу хенах бакъонашларъяран "Агора" организацино хаамбира, Краснодаран ОМОН-н 12 белхахо реза ца хилла Украине гIо аьллачу тIедилларна. Омра низамца догIуш дац аьлла, "шайн белхан декхарш Оьрсийн Федерацин дозанал арадовлуш дац" аьлла шайн сацамна бух балийна латархоша. ТIахьо хиира, "резабоцурш" балхара бохош хилар а, царна Iаткъамбеш хилар а.

Зазадоккху-бутт чекхболуш пхеа дийнахь тIамехь дакъа а лаьцна юхавирзина ша дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчуьра оьрсийн тIеман базан 300 контрактхо. "Медиазонан" хаамца, шайх цхьаъ минана тIехь иккхича, ткъа буьйранчас иза даймахка юхавига дуьхьало йича, бира эскархоша и сацам. Эскархоша бахарехь, уьш Украине "баьсса" хьажийнера – гIирс салташа шайн чоьтах шаьш эца безара.

Охан-беттан 13-хь хаам кхечира, дагестанхойн 36-гIа тобанехь декхарш дIахьош хилла волу, юха Украинехь тIом бан дуьхьала хиларна балхара вохийна волу контрактхочун карти тIе мухIар тоьхна хиллера иштта текст а йолуш: "Ямарт хила, аьшпаш битта, Iехон мега цо. Украинехь, ЛНР-хь, ДНР-хь йолчу леринчу тIеман операцехь дакъа лаца дуьхьала хилла".

Охан-беттан 26-чу дийнахь Кавказ.Реалиин евзинарг ю Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара 367 веллачун цIерш.