Товбеца-беттан 15-чу дийнахь кхо шо кхаьчна евзаш йолу бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йийна. Зуламхоша Соьлж-гIалин юккъехь тIелатар а дина, йийна охьатеснера иза ГIалгIайчохь. И нах хIинца а каронза бу. Эстемирова ер толлуш дац Iедалш бохуш, латIкъамаш бо цуьнан накъосташа.
Нохчийчохь официалан тIегIанахь, хIара яр-кх, я яцар-кх аьлла, и цкъа а хила а ца хилча санна, багах йоккхуш яц, кхо шо хьалха, ницкъ а беш, йийна йолу адамийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья. Вонна а, диканна а иза хьахор а, цунах дийцар а дихкина хуьлчух тера ду, Iедалан аьллар ца дохош, цунна муьтIахь шайн декхарш кхочуш дечу хаамийн гIирсашна а.
Мухха делахь а, цуьнан цIарна гонах, каш чохь санна тийналла ларьеш, тIеэцна кхузахь и доьналлин зуда йийна кхо шо кхачар. Амма и бохург дац нохчашлахь Эстемирова лараме а яц, вайнахана иза дага а ца йогIу бохург. Нийсонан а, бакъонан а агIончаш а хилла, кхерамна бIо ца къажош, чекхбевллачу нахалахь, масаллина а ялош, уггара дукха хьехочех цхьаъ ю и хеназа кхелхина бакъонашларъярхо.
Иза юххера евзаш хиллачара а, могIарерчу бахархоша а, цо гIо динчара-м хьала а, охьа а дозаллийца дуьйцу Эстемирова Натальи доьналлах а, дог-дикаллах а, де эшначунна орцах йийлар ца дуьтуш иза Далла дуьхьала яхарх а. Иза, лачкъа а йина, еле ши-кхо кIира хьалха, 2009-чу шеран Мангал-бутт бовш, нохчийн парламентан кетIахь, цхьанга-м хоьжуш социйлехь лаьтташ йолчу Эстемировна тIенисвелла хиллера дукха хена дуьйна а иза евзаш волу Гуьмсан кIоштара вахархо.
Цо дийцинарг хьесапе эцча, иза цIарца вийцар нийса ца хета суна. Цо дийцарехь, бераллехь дуьйна а евзаш яра цунна Наталья. Ишколера аьхка садаIа дахецча и ерриг а аьхке шайн юртахь токхура цо, бохуш дийцира цо.
Хьенех, ларлуш хилахьара хьо. ХIара Iедал маьрша дац хьуна нийсо-бакъо лаха. ГIеххьа дерг тардолуьйтуш IадIан хьажахь аьлча, цо аьлла хиллера, маццалц Iан деза вай Iад? Кхана-лама алий, суна цхьа доза гайтахь, и тIекхаччалц со хIумма а ца деш саца хьожур яр-кх, аьлла.
Иштта къамел дина Эстемирова Натальяс, ша еле ши-кхо кIира хьалха, бераллехь дуьйна шена вевзуш волчу накъосте. Цуьнан Iожалло тоьшалла до аьлла хета, цо дина къамел дархьам дина цахиларан.
Цуьнан накъостийн а, могIарерчу бахархойн а шеко яц Эстемировна тIе куьг даьхьнаш Iедалан герзахой бц бохучух. Ницкъ барна дуьхьала къахьоьгуш йолчу комитетана коьртехь волчу Каляпин Игора тоьшалла а деш, гуттар а тIебазбеллий лаьттачу кхерамна кIел бехаш бу Нохчийчохь бахархой.
Каляпин Игорь: «Халахеташ делахь а, Нохчийн республикера хΙоьттина хьал муха ду аьлча, баккъала а долу Ιедал Оьрсийчоьнан полицин духарахь лелачу нехан карахь ду. Полицина яздинчу цхьана а низама кΙелахь бац уьш, деккъа дΙа шайн хьаьамашка бен ла а ца дугΙу.
Царна низам – Цакаевн омра ду, ОМОНан хьаькаман. Изза хьал полицин кхин а маситта декъехь а ду. Полицино низаман муха лардо хьожуш, терго ян езаш йолу пачхьалкхан кхин хьукматаш, уьш цигахь болх беш яц янне а. Талламан комитете полисхочунах хьакхалуш долу цхьа а гΙуллакх таллалуш дац. Иза тхуна вуно дика гуш ду».
Ма-дарра аьлча, Iедалан герзахошца хьакхаделла, низам талхош долу муьлхха а хIума, урхаллехь бершша-м бийца а ца оьшу, кхузахь, цхьана готтачу гонехь бен, дийцаре дан хIуьттуш бац могIарера нах. ХIуьттуш бац иза боккхачу кхерамца доьзна долун дела, бала тарлучу бохамах шаьш а, шайн цIеранаш а ларбеш. Ткъа масалаш чот йоцуш дукха ду.
Мехкан куьйгалхочух лаьцначу эшаршка ладегIар бен кхин бехк боцучу кегийрхошна етташ, охьаэггалц царна тIехь дабагIа дина, дукха меттигаш нисъелла масала кху тIаьхьарчу хенахь. Хьулам бина хIума а доцуш, Iедална муьтIахь йолчу кегийрхойн комитето, цхьа акци санна, мур баьхьира Нохчийчохь «Ца догIург ма дийца», «Хьайн батт хьайгахь сацае» бохуш, кехаташ адамаш дIасалелочу машенашна тIе а детташ.
Цу а, итттаннаш кхечу а хиламаша гойтуш ма-хиллара, маьрша дац Нохчийчохь шена хетарг гIардахар а, шен хьажам, дог-ойла кхечеран кхеле йиллар а. Ма-дарра аьлча, цхьаьна пхьоьханахь хьахор доцург ,кхузахь шена хетарг Iорадаккха кхин некъ бац. Бакъду, Эстемирова йийна кхо шо даьллехь а, иза йийцар, дозаллица, цхьа къонах стаг санна иза хьехор цуьрриг а лахлуш дац нохчашлахь.
Лахлуш дац Iедалан дайша иза багах йоккхуш яцахь а. Иза майра а, хьуьнаре а адам хеташ схьавеанчарах, цуьнан агIончех цхьаъ ву Соьлж-гIалара вахархо Апти. Цо иштта дуьйцу Эстемирова Натальях лаьцна.
Апти: «ХIинца, иза йийначу нахана Iедал тIаьхьа а кхиина, хIума хир ду аьлла, ца хета суна. Стагана тIехь харцо лелочу Iедална а и дуьхьала йолура. И харцо ца лелаяйта. Озаелла, кхераелла юхаера йоцуш къонахалла долуш зуда яра иза, ша лелориг хIун ду а хууш. Хийла, стагана хьалха а яьлла, некъ баьккхина, нийсо карийна стаг яра иза. Дукха нахана новкъа а деанера иза йийначу хенахь. Доьналлийца чекхъяьлла стаг яр-кх».
И доьнал долуш хилла бакъонашларъярхо хьахаелча, цхьаболчара хазадо, ларъяла езаш хиллера иза, дависарг, олий. Кхечара олу, мел ларъеллехь а йийна хир яра, олий. Эстемировас а, иза санначара а нисдан а, новкъадаккха а хIума дац аьлла, хетарш а бац кIезиг. Амма, билггала бакъ долуш, дуккха а бу таханлера таьIна ладегIаме мур даиманан билгало хуьлийла дац аьлла хетарш.