Къаьмнийн доттагIалла дуткъадалийта мегар дац

Оьрсийчоь -- Къаьмнийн доттагIаллан дезаде даздеш ду Тюменехь, 2013

Оьрсийчоьнан президенто баханчу беттан 27-чу дийнехь Пачхьалкхан Думе кховдийра терроризмах лаьцначу низаман тIехь хийцамаш баран проект. Иза хьалхарчу ешарехь,хьем ца беш, тIе а ийцира депутаташа.
Цу проектан тIехь коьртаниг ду террорахой бу бохучу наха дина зе метттахIотто декхарелахь беш церан гергарнаш хилар.

Нисса дIа дустар дIоггара нийса ца хила а мега, хIунда аьлча 21 бIешо ду арахь, амма а хаам боьшуш дагадеара оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочо Толстой Лев Николаевича яздина «Хьажа-Мурд» цIе йолу дийцар.

1995-чу шарахь дара иза. Веданахь бомбанаш йиттира Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша. Цара гатдина хьийзийна жимма паргIат девлла схьадогIуш меттгерчу библиотекина уллех бомба тоьхна бохийнчу пенаца араэгна яра книжкаш.

Аса схьаэцнарг яра Толстойн «Хьажа-Мурд». Теша хала далахь а, ларамаза схьаеллаелла агIо ю сан дехарца Чабаев Лоьмас хIинца гочйинарг. Иза догIуш дара цу миноташкаъхь тхан массеран а дагахь хиллачуьнца.

Толстойс яздо: «ТIе а летта, йохийнарг яра Хьаьжа-Мурд ша оьрсашна тIеваххале буьйса яккха сецна хилла юьрт. Хьаьжа-Мурд тIевоьссина Iийна волчу Садос, оьрсий шайн юьрта тIекхаьчча, шен доьзалца хьалаводара лома.

Цкъа цIавеъча, шен лаппагIа йохийна карийра Садона: тхов чубоьжнера, неI а, дукъош а дагийна дара, чохь боьхаллаш йитинера. БIаьргаш лап-нехь лепаш хуьлуш волу, да даима а дозаллийца тергалвеш хуьлу, цуьнан хаза воI, тIе тесна верта а долуш, говрахь валийна, Iуьллура маьждиг хьалха.

Букъах цхьамза чекхйоккхуш вийнера иза. Хьаьж-Мурд кхуза хьалха веъначу хенахь цунна тамехь хетта зуда хIинца, накхехь этIийна коч а йолуш, къена, лашкадевлла накхош а гуш, месаш а яьржина, цхьа гужум а яьлла, лаьттара кIантана тIехь, шен юьхь цIий даллалц мIарашца цоьстуш, угIар ца сацош.

Садо лом а, бел а эцна гергарчаьрца цхьаьна воIана каш даккха вахара. Цуьнан къена да херцаршлахь бисинчу пена уллехь, карахь уьрсаца десиг а йожуш, тентак а ваьлла хьоьжуш Iара шена хьалха. Иза хIинцца схьа кхаьчнера шен генара накъарш долчуьра.

Докъаран ши хоьла багийна бара, къаночо дийна, кхиийна туьркийн а, баьллийн а дитташ кегдина, дагийна гора. Уггаре доьхнарг, кертара массо накхарш а дара дагийна. Зударийн узамаш хезара массо а цIеношкара а, кхин а ши дакъа тIедеъначу майданара а.

Наношцана доьлхура кегий бераш. Iоьхура хьалха йилла хIума йоцуш дисина меца даьхний а. Бераш дацара ловзуш, уьш Iадийна хьоьжура баккхийчийн бIаьра.

Къулла а дара боьхаллех даьккхина, гарехь, хIуьттаренна, хи эца йиш яцара цу чуьра. Иштта боьхаллаш йиттинера маьждига чу а, моллий, мутаIеламашший бара иза цIандеш.

Юьртан дай, къаной, гулбелира майдана, когаш тIа лахбелла, шайн шийла хьал дуьйцуш Iара. ГIазакхашца йолу гамо йиццане а ца юьйцура цхьаммо а. Къона-къена мел волчу нохчочун кийрахь болу синхаам гамонал а чIогIа хIума яра.

Яцара иза гамо, дара и гIазакхийн жIаьлеш адамаш а цаларар, адам а ца кхеттал бух боцу къизалла шайца еха хIуманаш дегаза хетар, уьш ша мукхадехкий санна, дIаьвше чхьавригаш санна, берзалой санна, яйъина дIаяха лаам. И синхаам, цхьа цец ваккха а доцуш, шаьш хIаллак ца дайта оьшура царна».

Советан заманахь интернационалан политика юьхьарлаьцна къахьегнехь а, тIаьхьарчу хенахь шорлуш ю аьлла хетало нохчашна а, оьрсашна а юкъахь йолу хийро. Боккха Iаткъам бина цу гIуллакхана Нохчийчохь хиллачу шина тIамо а, карарчу хенахь Оьрсийчохь йоцучу, я бIостанехьа дIахьош йолчу къаьмнийн политико а.

Мурадов Муса журналистикехь болх беш волу дуккха а хан ю. ТIаьхьарчу 10 сов шаррахь Москох вехаш ву иза, "Коммерсант" газетехь корреспондентан болх а беш. Цуьнга дийхира Маршо Радионо Москох бехачу нохчийн Iер-дахарх лаьцна дийцар.

Мурадов Муса: «Кхузара хаамийн гIирсийн куьйгалхоша а, царна Iуналла дечу Iедалхоша а чIогIа къастадойтуш ду Кавказерчу стагера муьлхха а даьлла зулам. Кхузахь бехачу кхечу наха лелочул галдаьлла лелош хIумма а ду аьлла ца хета суна цара».

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Хьан муха нисло меттигерчу кхечу къомах болчу нахаца юкъаметтигаш? Хьо нихчий вуй хиича муха хуьлу церан лелар?

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Мурадов Муса Советан заманахь Москох дешна ву. Таханлерачуьнца дуьстича, телхаш ду къамнийн юкъаметтигашца доьзна хьал, я хьалха а дара иза иштта аьлла шега хаьттича цо дуьйцу.

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Кхане муха го хьуна, Оьрсийчурча къаьмнийн юкъаметтигийн?

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Тахана Iедалехь болчу наха леррина лелош политка ю аьлла ца хета Мурадов Мусана, къаьмнин барт бохо, амма барт чIагIбеш йохучу гIулчашкахь а яц цара аьлла хета цунна.

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Нохчийчохь хьалхара тIом балале массо а хуьлчу вочунна бехке бу бохуш буьйцуш бара нохчий. ХIинца муьлха къам ду Оьрсийчохь юьхьарлацна?

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса


Оьрсийчохь бехачу нохчашца хуьлуш долу цхьадолу хIуманаш ца хилийта аьтто бу аьлла хета Мурадов Мусана. Нохчий дукха атта лацало зуламанна арабевллачу нахе, цхьацца провокацеш а еш. Цуьнах ларбалар тIехь ду вайнахана бохуш, дуьйцу Мурадов Мусас.

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Цаьрга сатоха боху ахьа, амма хьуна тIе ца хIоьттина хьой сийсаз вича вехь а, висахь а хIинцца бекхам бан беза аса аьлла меттиг?

Мурадов Муса

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Тахана Оьрсийчохь вуно ирделла къаьмнийн юкъаметтигийн хаттар. Хьайна бевзачу журналисташца а, политикашца а, кхин болу юкъараллин жигархошца а хьеха дой ахьа и хаттар, къамелаш дой аша цуьнах лаьцна?

Мурадов Муса: "Вай вовшашца юкъаметтагаш алсам мел лелайо, вовшен вай дика мел довзуьйту вовшен ларар алсам дера ду вай. Иштта вовшийн гIиллакхаш девза вайна, тIаккха вай уьш лардо».

Your browser doesn’t support HTML5

Мурадов Муса



Дукха хан йоцуш Оьрсийчоурча юкъараллан ойла толлучу центро, ВЦИОМ-о бинчу талламца, 57 процент респонденташ Нохчийчоь Оьрсийчоьнан территори яц аьлла хеташ бу. Дагестан хьокъехь изза аьлла хеташ бу 54 процент цу талламехь дакъалаьцна нах.

Ткъа Оьрсийчоьнан Iилманан академин социологин институто далош долчу терахьашца а догIш 15 % Оьрсийчура бахарахой тIехIиттина бу «Оьрсийчоь - орсашна» бохучу лозунгана. Кхин а 25 % бахархой бу махкахь оьрсийн къомах болчу нехан аьттонаш алсам хила беза кхечу къамнийн болчулла а аьлла хеташ.