Нобелан машаран совгIатан лауреаташ бевлла "Новая газетин" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, Филиппинашкара журналист-талламхо Ресса Мария а.
Нобелан комитето дIахьедарца, журналисташна совгIат дина "демократин а, машаран а буха тIехь лаьтта дешан маршо Iалашъярехь къахьегарна".
Норвегерчу Нобелан комитетан куьйгалхочо Рейсс-Андерсен Беритас, лауреатийн мах хадош аьлла хIара дешнаш: "Ша кхолладеллачу 1993-чу шарахь дуьйна схьа "Новая газето" зорбане яьхна коррупцина, полицино ечу гIелонна, низамехь доцчу лецаршна, харжамашкахь лелочу харцонашна, троллаш кхиош йолчу фабрикашна ечу критика тIера Оьрсийчоьно шен мехкашкахь а, арахьа а эскарийн гIоьнца къизалла латтор емалдечу кхаччалц йолу материалаш".
"Ткъа "Новая газетина" дуьхьаллаьттачу наха кхерамаш тийсина цунна, тIехь гIело латтийна, цуьнан журналисташ баъйина. Газета кхолладелчхьана схьа вийна цуьнан ялх журналист, царалахь Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна яздеш хилла Политковская Анна а йолуш. Оццул зенаш хуьллушехь, коьрта редактор Муратов ца ваьлла маршонан принципашна тIера, цахеддаш лаьттина журналисташкахьа, царна шаьш къастийначу теманашна материалаш ян некъаш бохуш – лаьттина, иза журналистикан говзаллин а, этикан стандартийн а бух буйла а хууш", - аьлла деза совгIат кхайкхийначу Нобелан комитетан цIарах Рейсс-Андерсена.
"Новая газетин" байъина журналисташ бу хIорш: Домников Игорь (2000), Щекочихин Юрий (2003), Политковская Анна (2006), Бабурова Анастасия (2009), иштта цуьнан редакцица болх бина адвокат Маркелов Станислав (2009), бакъоларъярхо Эстемирова Наталья (2009).
"ХIара совгIат дина лору ас сайн кхелхинчу накъосташна а, коллегашна а - Политковская Аннина, Щекочихин Юрийна, Домников Игорна. Делла хIара совгIат тахана шайх "арахьара агенташ", "хьашт йоцу элементаш" баха болийначу журналисташна а. Редакцица цхьаьна оха ойла йийр ю тхан кху совгIатах дендолчух", – аьлла "Новая газетин" коьртачу редактора Readovka газетица къамел деш. СовгIатан цхьа дакъа ша лур ду, элира Муратовс, цомгуш долчу берашна гIодечу "Дикаллин го" фонданна.
СовгIат далар хьахош, "Эха Москвы" радион коьртачу редактора Венедиктов Алексейс, ша чIогIа воккхавесовгIат дала Муратов къасторна, "иза вайна массарна а юьхькIаме де, вайн толам бу, иза хаамийн гIирсийн маршонна а ду деза совгIат", - аьлла.
"Новая газетин" белхахоша муха тIеэцна кхаъ – Муратов Дмитрийна Нобелан совгIат далар – дийцира Маршо Радиога цуьнан пресс-векала Прусенкова Надеждас:
Тхайна хетарг ала тхан йиш хиллехь, оха Навальныйна кхачор дара и совгIат
– Мехала ду тхуна совгIат далар. ТIаьххьарчу шерашкахь букмекерша, тешна а лур ду тхуна Нобелан машаран совгIат, чIагIдора. Тхо вуно дукхазза хиллера совгIатна къасточу кхаа кандидаташлахь. Кхушара иза лур ду аьлла хеташ а дацара тхо. Фаворитийн могIарахь кхушара хьалхарчех хилла Навальный, олура букмекерша. Оха къобалдийр дара иза хаьржина хиллехь совгIат дала. Тхайна хетарг ала тхан йиш хиллехь, оха Навальныйна кхачор дара иза. Теша а хала дара тхуна и тхайна даларх.
– ХIинца-м тешна шу иза бакъ хиларх. Хьуна гарехь, мел деза ду иза шуна а, тхуна а тIехь?
Тхан болх лаккхарчу мехе биллина
– Тхан белхан мах лакхара хадийна, оха дийриг даздина цо. Муратов Дмитрийс доцца ша динчу дIахьедарехь элира, и совгIат шена делла дац, иза Домников Игорна, Политковская Аннина, Щекочихин Юрийна, Бабурина Настина, Маркелов Сашина, Эстемирова Наташина делла – къахоьгуш белла тхан накъостий бу уьш. Новкъа ду оцу зуламех дукхадерш тахана а теллина даханза дуьсуш. Политкоская Анна йийначу шолгIачу дийнахь елла нисло и совгIат. Вайн профессица дерриг а дика доцийла кху пачхьалкхехь, гойту цо. Оха хьоьгу къа дуьнена гар – дера ду иза-м деза а, мехала а, – элира Прусенкова Надеждас.
Дешан маршо Iалашъяран фондан президентна Симонов Алексейна хетарехь, "вуно боккха хилам бу" газетина Нобелан совгIат далар:
– Суна гарехь, цара Iалашвен бедар юьйхи Муратовна тIе. Цунна-м иза ца оьшуш хила а тарло, амма цуьнан мах беза хадийна Нобелан комитето. Муратов – тамаше адам ду. Сан ирс ду суо цуьнца 30 шарахь доттагIаллехь хилар. Тхойша цхьана хенахь кхоллавелла ву. "Новая газета" доьлучу деношкахь лечкъийра цуьнан компьютераш. Керланаш эца газетина гIодеш хьийзира тхан дешан маршо Iалашъяран фонд. ХIетахь дуьйна вевзаш а, доттагIаллехь а ву тхойша.
Муратов 20 шо жима воллушехь, сайн воккха ваша хета суна иза
Ас дукха болх бина "Новой газетина", суна дика вевза иза редактор санна. Суна кеп-кепарчу хьелашкахь гина ву Муратов – редактор а, директор а, коллективан лидер а санна. Иза даима лелла баьчча санна, хIунда аьлча, цхьангге а йохалур йоцуш, дуьнене ондда, чIагIбелла хьажам бу цуьнан. Сан а, цуьнан а кеп-кепара ду лелош долу гIуллакхаш, Муратов 20 шо жима воллушехь, сайн воккха ваша хета суна иза.
–Ткъа хIун меттиг бу "Новая газетин" Оьрсийчоьнан журналистикехь, цунах йийисинчу лора тIехь?
– Цхьаъ делахь, газетан тираж шо шаре мел долу лахлуш ю. Оцу маьIнехь аьлча, "Новая газето" ца хьулйо шен башхаллаш а, кхачамбацарш а. И газета а, цуьнан чулацам а кху таьххьарчу заманахь суна кIезиг бу товш. Суна иза сов шога лаьтта шен позицешна тIехь, аьлла хета. Газета декхаре дац хуьлуш лаьттачуьнца позици лаьцна Iан, цо лелаш дерг кеп-кепарчу сонашкара гайта деза. Амма оцу газетин позици ю шен. Ишттаниг кху заманахь кIезиг хаало!
– Делахь а, цхьна Муратовна кхайкхийна сий ма даций иза – ерриг редакци, цуьнан журналисташ ма буй базбинарш…
– Муратов ша ду шен газета. Хьуна ца евзачух тер аду цунний, газетаний юкъара зIе. Цо ша кхиийна цигахь массо а, цо шен дагах чекхбаьхна и нах.
Рыклин Александрна ца моьттура Нобелан совгIат "Новая газетина" кхачор ю, цунна иза Навальный Алексейна лур ю аьлла хетара:
– Суна декъалван лаьа Муратов а, "Новая газета" а. Иза Димин толам бу, цунна тIе иза ихина шен профессионлан дерриг а дахарехь. Иза шеко а йоцуш, Оьрийчохь дешан бакъонехьа латточу къийсамехь хьалханча ву. И Нобелан совгIат вайна юкъахь хIинца боцчу журналистийн ду, тахана болх бечу газетин ерриг а коллективан ду. Сан ирс ду оцу газетехь ас материалаш араяьхна хилар, ас дозалла до цунах.
Журналистна Романова Ольгина гIеххьачул къа а хета Муратов Дмитрийх:
Со тешна ю, и совгIат Муратов Димина тоххара делла хила дезаш дара
– Сан дог лозу сайн дикачу накъостах, коллегех Муратов Дмитрийх. Ша декъалвечу юкъанна цунна кхин а хеза: Навальныйна дала дезара и совгIат. Иза сема адам ду, цунна иза ца хезийла а дац. Шеко яц, кхушарлера Нобелан машаран совгIат Навальныйна еллехь, иза ломара шеш башар, Сахарехь догIа дар санна хIума хир дара. Цунах дуьненан коьрта хаам бийр бара, цо Навальныйн кхоллам а хийца тарлора, Оьрсийчоьнан кхолламах дозадала а тарлора иза. Амма иза а ю политика, муьлхха а машаран совгIат санна.
Соьга хаьттича, дукха хан яра Муратов Дмитрийна и совгIат дина хила деза. Иза тоьлла журналист, редактор, юкъархо хилла ца Iа, Оьрсийчохь дехачу уггаре дикачу адамех цхьаъ ву иза. Шун а, сан а дешан маршонан гIарол, политика бахьанехь лецначийн гIоьнча, церан бакъонашкахьа къийсархо, журналистан бакъо, этика толош хьийзарг. Дерриг а ду цуьнца!
Цхьана редакцехь хIинца шиъ ву Нобелан лауреат. Ишттаниг хилла дац цкъа а. Горбачев Михаил а ву Нобелан машаран совгIатан лауреат, "Новой газетин" Тергояран кхеташонан декъашхо. Оцу хьоло "Новой газетин" дахар дIадахдийр ду, аьтто лур бу эвсаре хила, аьлла хета суна.
– Муратовна Нобелан машаран совгIатдаларо аьтто бийр буй Политковская ейтинарш схьалаха, йохур юй-те цIеран цIерш?
– Суна ца хета Оьрсийчоьнан Iедало бакъдерг лохуш, зулам дайтинарш схьакарош къахьоьгур ду аьлла. Амма со тешна ю юхавоккхур вац Муратов а, "Новая газета" а шен некъа тIера. Со теша журналист ейтинарг схьакарориг хиларх, вайна дуккха а дукха хIуманаш гучудевр ду тIаьхьо.
Муратов шен некъ буьту стаг вац, "Новая газета" а яц шен накъостий бицбен, дIатосу хьукмат.
Медиа-тидархочо Качкаева Аннас а декъалво Муратов Дмитрий а, "Новая газета" а, Оьрсийчуьра бозуш боцу массо а зорбанхой а:
– Господин Песков вуьззина бакъ ву, Муратовс цахеддаш бо шен кхетамца богIу болх, иза тешаме ву цунна, похIма долуш ву, майра ву, шен таханлера а, кхелхина болу а коллегаш санна. Цунна совгIат кхачор боккха кхаъ бу болх дIа ца тосуш, Iедална ца деза хеттарш деш, талламаш дIахьош, Iедало хьийзош бехачу массо а журналисташна. Еза ю и совгIат Политковская йийначу дийнахь елла хилар. Бакъду, кхераме професси ю хIара. Амма беза бу вайн белхан мах, вайн Iалашонаш, уьш кхочушъярна вайна Нобелан совгIат а луш хилча.
– Муратовна Нобелан совгIат даларо Iалашдийр дуй "Новая газета"? "Дождь" телеканал арахьарчу агентан статусе хIотторо гойтура "Новая газета" цул тIаьхьадуьсур доцийла. "Эхо Москвы" хила тарло хIинца рогIехь…
– Нобелан совгIат вайн ситуацина цкъа а ца йина тIекарло, новкъа хуьлуш меттигаш а яьхкина.
Чехийн яздархочунна, политологна Соукуп Ондрана хетарехь, кхушарлера Нобелан машаран совгIат Оьрсийчу кхачар ду цигара журналситийн юкъараллин ларам бар, цара хала зама ловш хиларх дуьне къера хилар:
И совгIат Оьрсийчуьрчу дозуш йоцчу журналистиканна елла
– Суна хетарехь, совгIат цунна цхьанна елла ца Iа, иза Оьрсийчуьрчу йозуш йоцчу ерриг а журналистиканна кхочу. Муратовга шен газета 20 шарахь ца дужуш кхабадалар инзаре доккха хIума ду.
– Дукхахберш совгIат Навальныйна даларе хьоьжуш Iара. Оцу юкъанна иза Муратов Дмитрийна ялар нийса хетий хьуна?
Навальныйна кхин а дукха халонаш тIе ца эгийта лиина Нобелан комитетна
– Наха даима а лардо цхьацца некъаш, хIума. Кхузахь, суна хетарехь, Навальныйна долчу тIе а хала ца хилийта лиина Нобелан комитетна. Кхеташ ду, цхьана а совгIаташа, премеша аьтто бийр бац Навальный Алексейна набахтера аравала, Кремлна иза ца лаахь. Соьга хаьтича нийса ду газетанна тIекарло яр, дийна диса гIерташ цо хьоьгу къа гар. ХIинца бегаш бо социалан машанашкахь, Муратовна а, "Новая газетина" а арахьарчу агентан статус яла еза, цара кхечу пачхьалкхера, Нобелан комитетера, ахча схьаэцна, бохуш.
Политологна Галлямов Iаббасна гарехь, Нобелан комитето ша совгIат деш тидаме эцна Оьрсийчуьрчу прессина хуьлу Iаткъамаш:
– Мел политикаца йозуш яц аьлла Нобелан комитет ша гайта гIертахь а, иза Марс тIехь ца еха. Иза дика кхета, муьлхачу хьелашкахь къахьоьгу Оьрсийчьурчу журналисташа, хаьа дешан маршонан рейтингца Оьрсийчоь дуьненан йисттехь йисинийла, цигахь журналисташна беш боккха тIеIаткъам буйла. Нобелан комитет кхета ша динарг Оьрсийчоьнан Iедална кхета тIара дуйла. КIеззиг а бакъдерг дийца гIоьртарг арахьарчу агентийн могIара воккхуш хьийза Кремль.
– Хьуна муха хета, муха тIеэцна Кремло совгIат далар? Дог даьттIий цигарчийн?
– Шайн хьекъал тоахь, цара мохь хьоькхур бац Нобелан совгIат Оьрсийчоьнна дуьхьал болх беш ю, бохуш. Навальныйна иза еллехь, мохь хьоькхур бара, ткъа журналистна яларо совцо беза уьш, ас кхеторехь. Муратов политикан боламан декъашхо вац. Цундела совгIат цунна даларх олийла дац Малхбузе Оьрсийчоьнна зулам деш ю, – аьлла хета Галлямовна.
Муратов Дмитрий 1961 шарахь вина Куйбышев гIалахь. Эскарехь гIуллакх дина ваьлча, болх бина цо "Волжский комсомольцехь" а, "Комсомольская правдехь" а. 1993 шарахь "Новая ежедневная газета" арахеца долийна цо. 1995 шарахь хийцина цIе - "Новая газета". Оццу шарахь хIоьттина Муратов цуьнан коьрта редактор.
Путин Владимиран пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедина, Кремло декъалво совгIат эцарца Муратов, аьлла. "Цо ца хеддаш къахьоьгу ша юьхьаръэцначу новкъахь, иза хьекъал долуш ву, майра ву. Иза-м хьаха ду беза мах хадор, декъалво оха иза", – аьлла Песковс.
Муратов Оьрсийчохь кхоалгIа лауреат ву Нобелан машаран совгIатан. Цул хьалха и совгIат кхачийна бакъоларъярхочунна Сахаров Андрейна а, Советан пачхьалкхан экс-президентна Горбачев Михаилна а.
Кхушара Нобелан машаран совгIат къовсуш дара 95 хьукмат а, 234 стаг а, шайлахь оппозиционер Навальный а, белорусийн лидер-оппозиционер Тихановская Светлана а, Швецера экологин жигархо Тунберг Грета а йолуш.
СовгIатан барам бу Швецин 10 миллион крона (1 миллион сов доллар).