Нохчийчохь божарий лечкъабо Украинерчу тIаме хьийсо: муха лоьху Кадыровс Путинна салтий  

Кадыров Рамзан

Масех нохчийн бакъонашларъяран организаци а, блогерша а дийцина шайга республикера "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме бигархьама лечкъабечу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.

2022-чу шеран Зазадокху-баттера Стигалкъекъа батте кхаччалц тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра хьовсийначу кадыровхойн а, лаамхой шайх олучеран а тептар зорбане даьккхина Стигалкъекъа-беттан 16-хь Украинан тIеман министраллан таллархойн урхалло. Цу тIехь 2 425 цIе ю, бIе гергга царех велла аьлла, билгалваьккхина ву. Арахецначу базера гучудаьлла, мила а, республикан муьлхачу кIошташкара а хьийсийна шайн лаамехь, йа лаамаза тIаме. Дуьххьара лаьтта Гуьмсан кIошта – кхузара вигина 200 стаг, шолгIачу могIарехь оццу терахьца Соьлжа-ГIала ю, цул тIаьхьа Хьалха-Мартанан кIошт – 150 эскархо. 100 гергга стаг вигина Куршлойн, Нажи-Юьртан, Шелан хIора кIошташкара, иштта Устрада-ГIалара а. Уггара кIезга "лаамхой" бигина кIошташ ю – Итум-Кхаьллан (3), Шаройн (6), Шуьйтан (8).

Your browser doesn’t support HTML5

Масех кадыровхо вийна Украинехь шайн тIеман накъосташа

Беллачийн а, лазийначийн а гергарчаьрга вистхилира Кавказ.Реалиин корреспондент, амма журналисто телефон тохар синтем байна хиларца тIеийцира цара, ца хIоьттира жоп дала, шайн лаамехь дара церан тIаме бахар, йа дацара. Информаци нахалаялар а, прессаца къамелаш дар а, Нохчийчуьра цхьахволчу къамелдечо бахарехь, "тIейогIучу ханна хIинцале а хало ю".

Нуьцкъаха йолчу мобилизацина кIел нисбелларш кхерамца, дукхачу хьолехь шайн цIерш хьулъеш, зIене буьйлу бакъонашларъяран организацешца.

"Халкъо къобалвар" Iазапашца кхерам латтош

Кхайкхамаш тулгIенан кепехь кхочу – наггахь шортта, наггахь масех денна дIатуьй, боху бакъоларъяран "Вайфонд" ассоцииацехь.

"Вуьйцург ву иттех стаг. Вуно тешам ца хиларца яздо цара, анонимехь, ма-хуьллу нахала ца бовла гIерта, телефонехула яздина къамелаш дIадойъу. Тхуна бевза нах а бу оцу тайпа халонаш тIеIиттаелла. Хьолан чолхе хилар а, Украине баха безарг хилар шайна гаре терра, цара хоьтту, цигахь Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан агIоне дехьа довла аьтто муха карор бу бохуш", - дийцина "Вайфондехь".

Церан доьзалшна кхерамаш туьйсуш кехаташна куьйг яздойту

Ассоциацин векало билгалдаьккхира, "лаамхой" хила декхаре бо заьIапхой цхьана, иштта пачхьалкхан, йа ницкъаллин хьукматашца боьзна боцурш а. Иштта "лаамхойх" дIакхетаран кехатна нуьцкъаха куьйг яздайтина, амма хIинца тIаме ца хьийсийнарш бу, уьш резервехь латтабо.

"Царна а, церан доьзалшна а кхерамаш туьйсу, кехаташна куьйг яздойту. Амма царна лаъане ца лаьара тIаме баха, иза церан лаамна дуьхьала ду. Цул сов, лазийча, йа вийча кехаташкахь хьахийна вуно кIезиг ахчанан барам бу, пропаганда еш буьйцург бац. Уьш оцу гIуллакхна иштта а реза бац", - боху Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

"Вайфондехь" дIахьедо, кхайкхамаш бинчарех цхьа дакъа Оьрсийчуьра дIагIуш шайна гIо даре догдохуш дара, амма организацехь царна даккха орца дац – Евробертан низамашца, иштта гIо даккхар бакъонашца догIуш дац, хIора стаг ша арз дала деза ша схьакхаьчначу пачхьалкхан миграцин сервисашка.

Блогера, "Мысли Ислама" ютьюберчу каналан автора Белокиев Ислама дуьйцу, иттанаш билггал нах лечкъийна меттигаш гучубевлла хиларх лаьцна – цуьнан хаамашца, бакъоларъярхошка орца доьхуш зен хиллачарах жима дакъа бен дац.

Оьрсийн эскарийн декъехь Украинехь бу Нохчийчуьра тIемалой

"Иштта жамI дан мега и хьал довзийта реза хиллачу нехан тоьшаллашца мукъане – цара боху, цаьрца полицин декъашкахь кхин нах а хуьлура", - кхетадо Белокиевс. Цо тIетуху, лецначех цхьахберш Iазапехь латтабо, сийсазбо, шантаж лелайо. Шаьш, йа шайн гергарнаш бойъур бу бохуш, дешнашца кхерамаш тийсича а тоьа кхечарна.

"Массо хенахь санна, шайн куьйгаллина хьалха муьтIахь хилар гайтархьама лелош ду иза. Кадыровхоша – Кадыровна хьалха, паччахьо (Нохчийчоьнан куьйгалхочух олу иза цуьнан кIуьйгкIеларчара. – ред.) – Путинна хьалха. ХIора а ша оьшуш хилар гайта гIерта. Уггара хьалха, иза лелош верг ша Кадыров ву. Цунна коьрта ду халкъо ша къобалвеш санна кеп хIоттор. Кхузара ду массарна а гойтуш нах дIагулбар, дуйнаш даар, чIагIонаш йар, кхерамаш тийсар", - боху Белокиев Ислама.

Мобилизацина тIехь курхалла


БIеннашкахь нохчий божарий лечкъорах лаьцна дуьххьара оппозицин 1ADAT боламо дийцира – уьш декхаре бора "Украине баха реза хилар гойтуш кехатна куьйг яздан", реза воцучунна бехктакхаман гIуллакхца кхерамаш туьйсура.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь 1ADAT-н векало билгалдаьккхина, церан хаамашца, кIошташкара полицин дакъошкара куьйгалхоша ахчанаш доьхура лечкъийнарш дIахецарна дуьхьала. Иштта, боламо бинчу хаамашца, 450 эзар сом дала деза. Оцу тайпа хьал нисделла, 1ADAT-о дийцарехь, ТIехьа-Мартанан кIоштан РОВД-хь а.

"Кхаьчначу хаамашца, 240 гергга стаг лачкъийна. Царах дукхахберш Ассиновская-эвлара, СемаIашкара, Эна-Хишкара, Гуьмсера, Шелара бигина. Массеран лачкъийначийн персоналан хаамаш хаа аьтто ца хилла тхан хIинца а. Амма тхуна цIерш евзинарш оха каналехь хьахийна", - дуьйцу Нохчийчоьнан таханлерчу Iедална оппозицехь лаьттачу боламехь.

Каналехь хьахийна Эна-Хишкан кIоштера лачкъийначу бархI стеган цIерш.

Пайда оьцу массочу хIуманах – дашон лаьмнаш хьехар, шантаж, кхерамаш тийсар, нах лечкъор

Къамелдечо иштта дуьйцу, бахбелла богIучу тIамехь Оьрсийчоь эшначу хьолехь лаьтта Украинана хьалха – Москван ресурсаш чакхенга йирзина, ткъа Киевна дерриг дуьнено керл-керла гIо до. Цундела Кремлана мелла а дукха салтий оьшу.

"Кадыровс шех Путинан гIашсалти бохуш хиларна, цо, кхечу регионийн куьйгалхоша санна, шортта хьалхара байъа нах хьийсор бу Украинерчу тIаме хIаллак хилийта. Иштта тIедиллар ду, амма оцу нахана мобилизаци муха йан еза, цаьрга кара герз муха эцийта деза – и хаттар меттигерчу Iедалшна дитина. Пайда оьцу массочу хIуманах – дашон лаьмнаш хьехарх, шантажах, кхерамаш тийсарх, нах лечкъорах", - хета 1ADAT-хь.

Кадыровс хьалхо дIахьедира, Гуьмсерчу спецназан университето хIора кIиранах "кечво 200 гергга "лаамхо", буьйцурш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах а цхьаьна хилар билгалдоккхуш. Талламхойн Conflict Intelligence Team тоба кхоьллинчу Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, Гуьмсерчу центрехь кечамбар кхачо йолуш ду олийла дац аьлла.

  • Нохчийчуьра куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIора "лаамхочунна" 300 эзар сом лур ду аьлла дош делла. Кандидаташка кхийдон декхарш кIезга ду – уьш "могуш" божарий хила беза 50 шаре кхачалц хан йолуш, дIакхайкхина Iамораш, йа тIеман зенделларг ца хилча а мега.
  • Украинан кхерамазаллин Сервисо арахецначу видео тIехь йийсаре лаьцначу Нохчийчуьрчу эскархочо дуьйцу, Украинерчу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаца реза ца хиларан кехат яздан дагахь вара ша, амма куьйгалло тIом бан декхаре вира ша, аьлла.