Нохчийчуьрчу Чечанах лоьцуш бу Солтыханов Iелим-Пашин гергарнаш. Иза юххера накъост ву Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан.
Герзаш карахь хиллачу муьлуш буц а хуучу наха схьагулбар тIедожийна царна берш а Солтыхановн дегаху юххера гергара нах, хаам бина ша Закаевс.
Цунна хетарехь, иза доьзна хила мега Солтахановс бинчу кхайкхамца. КIиранан сарахь цо видео яржийнера интернетехь, муьлхха бахьанашца чIир кхийкхор дита аьлла, кхайкхам а беш.
Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, церан аьтто ца белира оцу хькъехь комментари яйта Аргунерчу полицин декъера.
Гезгмашин-беттан 23-хь муьлуш бу ца хуучу герзхоша Нохчийчохь лецна дIабигнера Закаев Ахьмадан гергара нах. Царна юкъахь бара политикан ваша а, йижарий а, вешин а, йижарийн а дерриг бераш а, церан бераш а, ткъа иштта шичой а, маьхчой а дIабигнера Соьлжа-ГIала евзаш йоцучу тIеман структурин территорина тIе. Кавказ Реалиино Хьалха-МартантIерчу шен хьастана тIе а тевжаш дийцарехь, лецначу нахана юкъахь хилла кхаизхо а.
РогIера дIалацарехь Закаевн гергарчьрга видеокхайкхамаш ца байтина, телефонаш а теллина, болх беш йолу миттигаш билгал а яхийтина. Масех сахьтехь талламаш бинчул тIаьхьа, лецнарш дIахецна кIиранан сарахь.
- Хьалхо хаам бинера, муьлш бу ца хуучу герзаца хиллачу наха Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна дIабигарх лаьцна. Царна юкъахь вара Закаевн ши ваша – Бувади а, Iела а, цаьршина хIусамнаной а, ткъа иштта йиша Зеза а. Суьйранна уьш дIахийцира, Закаевн цIарах критикан видеокхайкхам а язбайтина.
- Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна йинчу эфирехь, Кадыровс кхерам тесира, "ша сийна цIе тесна вагор" ву аьлла.
- Закаев Ахьмадан вевзаш волу нохчийн политик карарчу хенахь Британехь вехаш ву.
- ДIадахначу кIиранах Кадыровс кхайкхам бира Закаевга, хьайн цхьа кIант Нохчийчу хьажаве, "ша шен эккхийтар а дина, гIазотехь валийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, иштта "гайта езаш ю къонахалла" цо.