Нохчийчохь нах лецарна дуьхьал 400 сов стаг митинге ваьллера Страсбургехь

Страсбургехь хIоттийна нохчий диаспоран митинг, Франци, Дечкен-беттан 8-гIа, 2022 ш

Iедалхошна оппозицехь болчу блогерийн Нохчийчуьра гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь нах хьийзорна а дуьхьал тахана, Дечкен-беттан 8-чохь Францерчу Страсбургехь митинг дIаяьхьна. Акци вовшахтоьхначех цхьаъ ю, Кавказ.Реалиино яздарехь, даймохк дIатесна Нохчийчуьрчу бахархойн организацеш вовшахтуху Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхашкара жигархой а.

Митинг вовшахтоьхначара мах хадорца, акцехь дакъалоцуш хилла Евробертан мехкашкара 400 сов стаг. Ичкерин байракхаш а, "Стенгахь ву Тепсуркаев Салман? Кхинболу доьза байнарш а?", "Евробарт: нохчийн мухIажарш оьрсийн концлагершка дIахьийсор сацаде #gulagu.net", "ТийнаIар, хIуммаъ цадар=декъах хилар ду", "Нохчийчохь закъалтехь ву 100 стаг: уьш маьршабаха кхойкху оха" тIеяздина плакаташ а дара гулбеллачийн карахь.

Митингхошна хьалха вистхилира Европерчу нохчий Ассамблейн координатор Муртазалиев Аслан а, оцу юкъараллан пресс-секретарь Албаков Шемал а, блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а.

"Европерчу нохчийн Ассамблейно" шуьйра акци дIаяьхьна Страсбургерчу Европан Кхеташонна хьалха. Диъ хаттар дара хьала айдинар: Нохчийчохь нах идор, Оьрсийчоьнан наабахтешкахь Iазапаш хьегийтар, "Мемориал" (организаци Оьрсийчоьно арахьара агент лерина, оцу статусца реза яц "Мемориал") юкъаралла дIайохор, иштта нохчашна Европера Оьрсийчу, уьш лечкъор болчу, цаьрга гIело хьоьгуьйтур йолчу пачхьалкхе депортаци ярна дуьхьал протест", - аьлла Кавказ.Реалиига нохчийн Iедалшна оппозицехь йолчу "Мысли Ислама"ютуб-каналан авторо Белокиев Ислама.

Цкъа а цахилларг дара, аьлла къамел динчо, митингехь хилларг, хIунда аьлча, Европерчу нохчийн Ассамблейно дукха хан яра оцу кепара йоккха митинг вовшахтохаза. Лаа дацара митинг дIаяхьа меттиг Страсбург къастор а - "Европан парламентан шахьар" олу цунах, цигахь ю Европан Кхеташо а, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолу кхел а.

ГIуран-бутт болабелчхьана Нохчийчохь иттаннашкахь лечкъийна бигира Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикийн гергарнаш. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг.

Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Дозанал арахьа бехарш Оьрсийчу дIахьийсорна а, Нохчийчохь нах лечкъорна а дуьхьал митинг хIоттийнера Венерчу Адамийн бакъонийн майданахь. Австрехь бехачу Ичкерин векалша вовшахтоьхначу акцехь дакъалецира 20-х стага гергга. Оцу дийннехь Норвегин Осло гIалахь а хIоттийра изза митинг.