Нохчийчуьра Росгварди Украине тIаме хьажош ю. Официалехь тIечIагIдин дац

Кадыровхой Соьлжа-ГIалахь, скриншот

Масийтта эзар Росгвардин эскархой тIеман барзакъца дIахIиттийнера Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха, цул тIаьхьа лерринчу техника тIехь майданара дIабахара уьш. Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу цхьа могIа телеграм-каналийн хаамашца, Украине тIаме хьовсош бу уьш.

Оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос телеграм-канале хIоттийначу видео тIехь хезаш ду, Украинан президенто Оьрсийчоьнан президент къинтIера ваккха веза олуш. Хетарехь, Кадыров Рамзанан аз ду и.

Baza телеграм-канало хаамбо, 10 эзар гергга кадыровхой бу Украине бохуьйтуш, Росгвардин гойту белхахой гIишлош цIанъян а, гIалин тIеман хьелашка хьаьжжина, лела а кечбина бу.

Бакъоларъяран органийн белхахой Украине бигарх Кавказ.Реалиин хаттарна цкъачунна жоп ца делира Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин пресс-гIуллакххоша.

  • Хьалхо Маршо Радионо яздира, Инстаграмерчу шен официалехь йоцчу агIонерчу сторисехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана суьрташ хIитторах, Украинерчу Мариуполе операцехь дакъалаца нохчийн эскархой хьажорах лач тоьшалла деш.
  • Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 25 маьрша вахархо, 100 сов ву чевнаш йинарг. Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, 137 эскархо верах а, 316 лазорах а.