Муртазов фамили йолчу Соьлжа-гӀаларчу вахархочо (кхелан сацамехь цуьнан юьхьанцара элпаш бен билгал ца доху) 12 миллион соьмана иск кховдийна Соьлж-ГӀалин Ахматан кӀоштан талламан декъе а, Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалле а ницкъахошна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх айдан реза ца хиларна. Муртазовс бахарехь, цара ницкъ бина цуьнан кӀантана, ша гомосексуал хиларна къера хилийта.
Ша инцидент хилла 2011-чу шеран мангал-беттан 14-чу буса - Муртазовн заьӀапхо волу жима кӀант шен девешин кӀант волчу воьдуш хиллера. Цунна бевзачу Умхановс а, Масаевс а, Дукаевс а чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахо тешийна хиллера иза лаца, цуьнан телефон схьаяьккха аьлла, цул тIаьхьа иза аьшнаш вина хиллера. Царна йукъагIоьртинчу милцочо, кхиазхо шен цIа вахийтина хиллера, аьлла ду сацамехь.
ТIаккха оццу кхаамма кхечу МВД-н белхахошка Бейбулатовга а, Тагировга а дӀахьединера, Муртазов гей ву аьлла, цул тӀаьхьа иза юха а лаьцна хиллера. Бейбулатовс цуьнан телефон схьа а эцна, тептарш теллинера, кхерамаш туьйсуш машен чу а хаийна, кхаа информаторна тӀе кхачийра иза. Цара йиттина Соьлжа-ГӀаларчу вахархочунна, хьаж тӀе тапча а хIоттийна, ша гей ву алийтина хилла.
Кхиазхочун дас арз динера полисхошна а, кхаа зуламхочунна а дуьхьал. Муртазовс хаам барца, талламхочо Ӏехавора иза, царна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакхаш долийна аьлла дӀакхайкхош – ткъа уьш долорна реза ца хиларан сацамаш доьзална йеххачу хенахь къайлабаьхна бара. Иза билгалделира 2022-чу шеран товбеца-баттахь Соьлжа-гӀаларчу Ленинский (Ахматовский) кхелан кхеташонехь.
Умханов бен жоьпе озийна вацара, корреспонденцин къайле йохийна аьлла, гӀуда тоьхнера цунна. Чоьхьарчу гIуллакхийн цхьана а белхахочунна таӀзар ца дира. Муртазовна зен дарх тоьшаллаш дац материалашкахь – иштта дина жамӀ Соьлж-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштан кхело а, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело а. Лаьцначун дас Талламан комитете дина дехар а юхатоьхна.
- Оьрсийчохь Къилбаседа Кавказера ЛГБТК нах лечкъош а, ницкъ беш а, юьхьӀаьржа хӀиттош а, дине берзоран терапи а йеш латтош бу. Цундела дукхачу хьолехь Европехь тховкӀело лоьху цара. Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динера Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашкахь кавказхойн квиран нахана тховкӀело яккха гӀо дечу немцойн организацин куьйгалхочуьнца Чайка Эвелинаца.
- Къилбаседа Кавказ а, Оьрсийчоьнан къилбаседан регионаш а хьалхарчу меттехь ю 2023-чу шарахь ЛГБТК+ нахана дискриминаци йарх билгалйаьккхинчу тIегIанехь – иштта жамӀ дина "Выход" тобано а, "Сфера" фондо а бинчу талламехь. Рапортан авторша а, кхечу говзанчаша а къамел дира редакцица талламийн башхаллех а, гомофоби кхиарна тӀеӀаткъам бечу факторех а лаьцна, ткъа иштта къилбаседанера ЛГБТ-юкъараллин векалша дийцира дискриминацих шаьш Iиттадаларх.
- Кхиамца чекхдаьхначу гӀуллакхашна юкъахь "SK SOS" кризисан тобанан 2023-чу шеран рапортехь хьахийна ю ГӀалгӀайчуьра схьаяьллачу Яндиева Маринин эмиграци. Иза машенахь дIайигина бакъонашларйархо шаьш вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсинера цуьнан гергарчара. Чохь валлийна, Соьлжа-гӀаларчу "гейшна леринчу набахтехь" бала хьегна Дадаев Ризван кIелхьараваьккхар; Нохчийчохь гомосексуализмана бехкевина Мукаев Салман Эрмалойчуьра ара ца воккхуш витар; масех шарахь доьзалехь ницкъ бина, нохчийн къомах хилла йолу Бибулатова Сара эмиграце яхар; иштта Юсупова Ева (цӀе хийцина) а, цуьнан бераш а Оьрсийчуьра дӀадахар. 14 шо долу цуьнан йоӀ хьийзош хиллера телефон тӀехь аниме суьрташ карийначул тӀаьхьа, ишта цуьнан цхьана йоӀаца юкъаметтиг хилар а гучудаьллачул тӀаьхьа. Полици тIаьхьайаьллера оцу доьзална.