Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьош йолчу къаьмнийн политикана реза боцу Къилбаседа Кавказерчу юкъараллийн боламийн жигархой митинг хIотто дагахь бу Москох. Цуьнах лаьцна Маршо Радионе хаам бина и акци кечйеш болчу Дагестанерчу юкъараллан жигархочо Абакаров Абакара. Цо дийцарехь, митинг хир ю кху беттан 20-чу деношкахь.
Баханчу беттан 29-чу дийнахь Оьрсийчохь дика вевзаш волчу адвокатана Мусаев Мурадана гIортор еш митинг хилира Дагестанан коьртачу шахьарахь ХIинжа-гIалахь. Цу митингехь дакъалоцуш вара 200 гергга стаг. Цу наха дийцинчу хаттаршна юкъахь дара Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьош йолчу къаьмнийн политикаца доьзнарш а.
Митинго сацам бира гергарчу хенахь Москох митинг дIаяхьа, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь кавказахой сийсаз беш хиларна а, церан бакъонаш махкахь талхош хиларна а, бусулба нахаца харцонаш лелош хиларна а дуьхьал.
Иза вовшахтухучу юкъараллин жигархойх цхьаъ ву Абакаров Абакар. Цо дийцира Маршо Радионе шаьш кечйеш йолчу акцех лаьцна.
Абакаров Абакар: "Тахана цхьамогIа юкъараллин вовшахтохараллин векалех лаьттачу кечам баран комитето сацам бийр бу и митинг маца хир ю аьлла. Иза Москох хир йолуш ю. Керла шо тIекхачале хир ю иза. 25-чу дийнахь хила мега иза. И митинг Iедалша бакъо а елла хир ю. Иза бакъонца митинг хир ю".
Вай лакхохьа хьахийна адвокатана Мусаев Мурадан гIортор еш ХIинжа-гIалахь хилла митинг вовшахтоьхнера Дагестанан юстицин министралло бакъо а елла. Амма Оршотан Iуьйранна 6 сахьт долуш цу акцехь дакъалаьцна волу 40 сов стаг дIалецира Iедалша бохуш, кхин дIа а дуьйцу Абакаров Абакара.
Абакаров Абакар: «Мусаев Мурадана гIортор еш митинге арабевлла хиллачу нахах 40-50 стаг дIалецира Iедалша. Царах кхаанна дехкинарш забар а йоцуш бехкаш ду. Царна герз кхоьссина полисхоша. Цундела селхана низамашлардечу органаша динарг цу митингаца а, Москох дIаяьхьа кечйеш йолчу шуьйра масштаб йолчу митингаца а доьзна ду аьлла хета тхуна".
Москох дIахьура йолу митинг хьажийна хир ю исламофобина а, кавказофобина а, ксенофобина а дуьхьал бохуш, кхин дIа а дуьйцу Аабакаров Абакара.
Абакаров Абакар: «Таханлерчу денна, масала, Москох хуьлуш йолу коьрта проблемаш ю исламофоби а, кавказофоби а, ксенофоби а. Оьрсийчохь цхьамогIа низамаш тIеэцна тIаьхьарчу хенахь цуьнца доьзна.
Масала школашкахь ишколан духар лелорах а, зорбанан гIирсашкахь къаьмнашна юкъахь цабезам кхолларца доьзна хаттарш а, Iедалан лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, политикаша а националистийн идейш яржор а. Иштта кхин а динна цхьа кочар хаттарш ду оха дийцаре дийр долуш Москох цу митингехь".
Абакаров Абакара дийцарехь, Москох хир йолчу митингехь дакъалоцур дерш Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн векалш хилла ца Iа. Бусулба динехь, кавказхой хилла ца Iаш, дуккха а кхечу къаьмнийн векалш а бу. Уьш а реза бац бусулба нах тIех сов Iаткъам ловш хиларна бохуш, вара иза.
Хууш ма хиллара, тIаьхьарчу хенахь алсам даьлла оьрсий а боцуш, кхечу къаьмнех болчу нахана деш долу тIелетарш а, уьш байар а. Да воккхавуьр волуш дац социологаша бечу талламийн жамIаш а. Къмилбаседа Кавказера бахархой дукхачу хьолехь Оьрсийчоьнан махкахой ца хета оьрсашна.
Иштта дукха хан йоцуш ВЦИОМ олучу юкъараллана хетарг толлучу центро бинчу бинчу талламца, 57 процент респонденташ Нохчийчоь Оьрсийчоьнан территори яц аьлла хеташ бу. Дагестан хьокъехь изза аьлла хеташ бу 54 процент цу талламехь дакъалаьцна нах.