Your browser doesn’t support HTML5
Нохчйичохь Навруз хьалха санна даздеш дац. ТIаьххьара, шуьйра иза билгалдаьккхира 2015-чу шарахь. ХIетахь Соьлжа-ГIалара министарш а, кхиболу лаккхара хьакамаш а бахана Невра–гIалахь дакъалецира туркоша-месхетинцаша дIахьочу цу даздаршкахь.
Тахана, и дезде царна шайна дисина. Иза хIун маьIна долуш ду а, цуьнан йозалла шайна хIун хета а дийцира Нохчийчура туркойн-месхетинцийн культурин кхерчан куьйгалхочо Биналиев Исабека: «Керла де долалоIа дIа а долий, бIаьсте йогIуш. Тхан Iедалехь дуккха а пайдехь болу кхача кечбо оха Навруз даздеш. Далла хастам беш до иза».
ХIинца дукха бац Навруз даздеш. Хьалхара бахьана ду, иза бусалба динца догIуш дац бохуш цхьаболчу Iелимнаха дийцар. Амма хIетте а, Нохчийчохь болх а беш, бехачу, масала азербайджанхоша, шаьш мухха доккхий а, и де билгалдоккху элира: «Оха а даздо и де. Вон мел дерг Iаьнехь а дуьту. Цхьажимма мерза хIума кечйо оха стоьл тIехIотто».
ГIуьмки а бу туркойн меттан къам лоруш. Нохчийчохь бехачу царна юкъахь а бац ала мегар ду и де даздеш берш.
Хьалха чIогIа даздора, аьлла Маршо радиога дийцира Тамерлан цIе йолу гIуьмкичо: «Деда дийна волчу хенахь дагадогIу суна, цхьа гIуркх а оьций, цу тIе бехчалгаш аухкий, лелара шаьш, эшарш а локхуш, дуьйцура цо. Нехан кетIа а доьлхий, цу гIуркха тIе йовлакхаш, бехчалгаш йоьхкура наха. «ХIорс вай» олуш а хилла цара. СовгIатна ахча, хIоаш, кампеташ а луш хилла. Юха, и хIоаш вовшахдетташ къийсалора. Иза а дIадолуш ду хIинца».
Шен орамашца Навруз дезде дукха кIоргера схьадогIуш ду. Иза, Iай-бIаьстей къаьстачу деношца нисло. Цундела, хIетахь оханца доьзна дерриге а дахар хиллачу нехан керла шо хилла иза. Оцу деношкахь долалуш хилла дуьххьара охана.
Дуьххьара харш хьаьнг-хьаьнга а тосуьйтуш ца хилла, аьлла дийцира нохчийн историка-этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада: «Зазадоккху-беттан 24-25 дийнахь бIаьсте йолало. Бахаман керла шо а долало. Дуьххьара охана до де ду иза. Кегий нах ара а бовлий, юьртара ийман-ислам долу стаг а хоржий, хьалха беркате стаг олуш хилла цуьнах. Иштта ритуал а йолуш даздеш хилла-кх иза».
Навруз даздечу хенахь, дуьххьара цигахь беш болу кхача бу дала доладелла кIа ахьа а охьий «Сэмэни» олург. Иштта жижигах пуло а до. Массара а вовшашна Делера доьху вон мел дерг дIадаханчу Iаьн тIехь а дуьтуш, диканиг дисар.