Нохчийчохь шена марзделларг леладо Путина Шемахь

Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан эскарша йохийна Соьлж-ГIала, 1994 -1999.

ВуьрхIитта шо хьалха 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь ШаIми-юьртана йистехь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш ракеташ а, бомбанаш а йиттира тIамах къаьхкина Нохчийчура арабовла гIертачу маьрша нахана.

Your browser doesn’t support HTML5

Шена Нохчийчохь марзделларг леладо Путина Шемахь

ДIабаханчу ГIадужу-беттан 19-чу дийнахь Шемахь Асадан эскарша гоне лаьцна латточу Алеппо-гIала гуманитаран гIо эцна йоьдучу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин коврана ракеташ а, бомбанаш а йиттира тIеман кеманаша. Дуьненаюкъараллан цхьа а шеко яц иза динарг Оьрсийчоь хиларх.

Амма нохчаша дуьненаюкъаралле доьху орца жоп доцуш дисна хиллехь а, Шемахь Оьрсийчоьнан кеманаш бомбанаш еттар тесна ца дитира Малхбузерчу пачхьалкхаша, уггаре а хьалха Iамерко а, Германино а, Британино а, Францино а.

Иштта, 20 стаг а вуьш, тIеман кеманаша бомбанаш йиттина, дуьненаюкъараллан ковра хIаллак йинчултIаьхьа ялх де даьлча, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Iамеркин векал йолчу Пауэр Самантас леррина дIахьедар дира. Цу вовшахтохараллан Кхерамзаллин Кхеташонехь йистхуьлуш, Оьрсийчоь Шемахь «варвар» санна хьийза элира цо.

Изза чулацам болуш дара кхечу пачхьалкхийн векалш хиллачух лаьцна дуьйцург а.

Ма дарра аьлча, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша 20 шо даьлча Шемахь лелош ду шаьш Нохчийчохь шина тIамехь лелийнарг.

Кху тIаьхьарчу деношкахь оьрсийн тIеман ницкъаш Алеппохь бомабанаш етташ а болуш Шемара тIом Нохчийчохь хиллачу тIемашца бустуш материалаш зорбане яьхна цхьамогIа медиа гIирсаша, шайна юкъахь «Аль-Джазира», The Economist, Foreign Policy, кхин берш а болуш.

Иштта, кху беттан 11-чу дийнахь цунах лаьцна леррина артикл зорбане яьккхина The New York Times газето. Цуьнан авторо Буллоу Оливера яздо, Соьлж-ГIалахь иза ма хиллара, лаьттахула дIахьочу тIеман операцино жамIаш ца дохьу бохаш:«Шеман армин аьттонаш дукха ледар бу и гIала (Алеппо) дIалаца, тIкъа Оьрсийчоьно цигахь беш болу тIом кеманашца бомбанаш а, ракеташ а етташ беш бу. Цундела Москохо а, Димашкъо а атакаш йо Алеппона стигалхула, маьрша бахархой а, и гIала кхин дIа къийса лууш боцу гIаттамхой а арабаха цхьацца коридораш кхуллуш.

Артиклан авторна хетарехь, алссам бомбанаш еттахь эххаре а Шемахь нах буьсур бац машаран дийцарш дIадахьа, барамехь йолу оппозицин декъашхой буьсур боцун дела. Эххаре а, нагахь Алеппо йожахь, цу регионера машар Нохчийчохь санна экаме а, тешам боцуш а хир бу.

Шема Нохчийчоьнца юстуш артикл зорбане яьккхинера Huffington Post интернет-ресурсо а кху шеран Мангал-баттахь. 1999-чу шарахь Нохчийчура тIамах лаьцна яздеш хиллачу журналисто Уильямс Дэниела дагадоуьйту, нохчийн тIемалошна Соьлж-гIалара арабовла йитина коридор минанаш ехкина хилла хилар. Нагахь Башар Асадан ницкъаша Алеппо схьаяккхахь иза эшам хир бу барамехь йолчу оппозицина гIортор ечу Iамеркина, аьлла хета цунна.

Оьрсийчоьнехула говзанча ву Foreign Policy порталан автор Галеотти Марк. Цо а яздо Алеппора кампани а, Соьлж-ГIалахь хилла тIеман операци а цхьатера ю бохуш. Галеоттина хетарехь, Димашкъана а, Москохна а машар хир бу аьлла хета, берриг а мостагIий хIаллак а бина, толам баккхахь а, шаьш шайн тIеман ницкъ хилар гойтуш хилахь а.

Цо дийцарехь, Соьлж-ГIалахь санна Оьрсийчоьно Шемахь лелориг тIеман тактиках хьакхалуш хилла ца Iан. Нохчийчохь шолгIа тIом болуш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Иванов Игора, масала, Iамеркин Пачхьалкхан секретаре Олбрайт Мадлене дийцира, нохчийн тIемалоша зорбанан гIирсашкахь шаьш дохийначу цIенойн а, дарбанан хIусамийн а сурташ даржадо, Оьрсийчоьнан Iедалх тешам байъар Iалашонца аьлла.

Гарехь, изза бозбунчаллаш леладо Оьрсийчоьнан Iедало хIинца Шемахь, аьлла хета журналистана.

Дуьненаюкъаралло цхьана а кепара санкцеш ца кхайкхийра Оьрсийчоьнна дуьхьал Соьлж-ГIала цо бомбанаш еттачу хенахь. И бахьана долуш Кремлехь тешна бу хIинца Алеппохь шаьш изза дарх шайна хIумма а хир дац, къаьсттина цера шайн Iалашоне кхача аьтто балахь, аьлла хета Галеоттина.

Путинна моьтту цIий Iенош йолу конфликташ, цIий а Iенош бен ерзалур яц аьлла, хета журналистана.

Путин тешачух тера ду, ша Нохчийчура конфликт кхоччуш дIаерзийна бохучух. Делахь а, Нохчийчура хьал шайн тидамехь латточу авторша шеконе дуьллу иза.

Царах ву Малхбузенехь вевзаш волу яздархо, журналист Литтелл Джонатан. Цо 2006-чу шарахь язйина "Оьзда зударий» роман 19 матте яьккхина йолу "бестселлер" олу книга ю.

ТIом боьдуш хан яьккхина Литтелла Нохчийчохь дуьненаюкъарчу гуманитаран вовшахтохараллин миссин декъашхочо санна. ТIаьххьара хилла иза цигахь 2009-чу шарахь. Нохчаша маршонехьа догдахар дитина аьлла хетий хьуна аьлла шега хаьттича, цо иштта жоп делира.

Литтелл Джонатан: «Суна хетарехь, и идея, хьалхе дуьйна иза хила магар аьлла вайна дагаена ма хиллара йийцича елла ю таханлерчу денна. Оьрсийчоьнан Iедалан стратеги яра иза, нохчийн маршонехьа болу сатийсам бохо, Нохчийчоь йохо болу лаам санна. Гуш ма хиллара, иза кхиаме а хилла.

ТIаьххьара 2009-чу шарахь со Нохчийчу вахача, Кадыров Рамзан президент хIоьттина кхо шо даьлла хан яра иза, суна дуккха а Рамзанехьа бевлла тIемалойн хьалханчаш гира, хьалха сайна бевзаш хилла болу. Шаьш цуьнгахьара бовлар дуьйцуш уггара мехала цера ала дерг дара, тхан дерриг а долуш ду Рамзанаца долуш, оха хьалха тIом беш даккха гIиртинарг ду шайн олий».

Ма дарра долу сурт гена ду цу наха дуьйцучулла элира Литтелл Джонатана.

Литтелл Джонатан: «Амма царна хетарг моттаргIа ю. Аса дуьйцург уьш шаьш Iехо гIерташ хилар ду. Цера моттаргIанийн шарI а ду, кхин дерг а ду. Уьш Рамзана Iуналлехь бу, цуьнан Iуналлехь ду ахча а, цо ницкъаллийн структурашца Iуналла деш ю территори а. Цигахь Iуналла деш арара дуккха а структураш ю. Вуно гена ду цигахь маршо хиларна. Цигахь нах хила мега, къайлаха йозуш йоцу пачхьалкх хIотторе сатуьйсуш, амма цара нахана хозуьйтуш хьехош дац иза».

Дерриг а хийцалуш Iедал ду кху дуьненахь. Де-буьйца, хенахIоттам, адамийн дахар. Мацца хийцаделла а Iедал а хийцалур ду Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а. Хьуна муха го Нохчийчоьнан а, нохчийн а кхане?

Литтелл Джонатан: «Билггал хин долчух лаьцна чIагIйелла ойла яц сан. Хууш вац со хIун хир ду. Кадыров Рамазан кхоччуш возуш ву Путинах. Нагахь цхьана дийнахь Путинан режим йохахь, Путин, урхаллера дIа а ваьлла, кхечу ницкъаша Iедал шайн караэцахь, Кадыровн политикан ницкъ дIабала а мега.

Хир йолчу конфликтан хьелаш дийцича, нагахь Кадыровн агIор бевллачу тIемалойн командираша юха а Оьрсийчоьнна дуьхьалбовла сацам бахь, юха а тIом хир бу. Амма карарчу хенахь цигахь дукха къезиг билгалонаш ю цигара хьал машаран кепехь хийцалур ду аьлла.

Цигахь цхьа а меттиг бац демократи а, маьрша пресса а хиларна. Цигахь диктатура ю. Ткъа диктатурин чакхе, ницкъ а беш, вон хила мегаш ю».

Кхин цхьана Нохчийчохь тIом болуш цигахь бомбанашна къеллахула леллачу журналисте Британера Смитт Себастьяне дийхира ас, вай дийцаре дечу хаттарехула шена хетарг алахьара аьлла. Ша вуно гена ву карарчу хенахь, телефонан зIе дукха ледара йолу меттиг ю ша верг, амма цхьа хIума ала лаьара шена аьлла, электронан кехат даийтира цо. Цуьнан боццу чулацамца ерзайо ас хIара программа.

Смитт Себастьян: «Со тахана гена ву Нохчийчохь хуьлучунна. Амма, шеко йоцуш ду цхьа хIума. Шун мохк бевзинчу стагана иза цкъа а бицлур бац. Ас сих-сиха ойла йо цигахь бехачу нахах, дагалоьцу сайна цигахь гина меттигаш. Со тешна ву, цхьана хазачу дийнахь цигахь керла дахаран мур болалург хиларх а, нохчий шаьш сатийсиначу дикане кхочург хиларх а. Нохчаша олуш ду, тIaмехь кхелхинарш шайх тоьлла къонахий бу олий. Иза дукхачу хьолeхь бакъду. Амма, суна гуш ма хиллара, дуккха а дика нах керла чIор кхион бисина хиларна, сатийсам буьсуш бу".