Нохчийн сий долу тIемало…Яценюк

Украина -- Яценюк Арсений Лвовехь тIеман Iаморашкахь, ГIад21, 2014

Украинин премьер-миниср Яценюк Арсений тIом беш хилла Нохчийчохь аьлла, дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Цо чIагIдарехь, Украинин Iедалан дас шен куьйгашца къиза хьизийна нохчаша йийсаре лецна оьрсийн эпсарш а, салттий а. Украинин политикаш а, политикан говзанчаш а кхеташ бац стенна эшна Оьрсийчоьнан лаккхарчу политех цхьаъ волчу Бастрыкинна цу тайпа шеконехь болу хаамаш баржор.

Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара дийцарехь, Яценюк Арсений цкъа дуьххьара «Арго» цIе йолчу Iазапхойн тобан декъашхо хилла, цул тIаьхьа иза дIакхетта хилла «Викинг» олучу Музычко Александра куьйгалла дечу Iазапхойн тобанах. Музычко ву нохчашна дика вевзаш волу Нохчийчохь хиллачу украинахойн тIеман тобанан куьйгалхо хилла Сашко Билый.

Оьрсийчоьнан талламан комитетана хетарехь, хIинца зуламхо хилла аьлла шеко йолу Яценюк УНА-УНСО олучу националистийн вовшахтохараллан тешаме агIонча а хилла, Дудаев ЖовхIара «Къоман сий» олу орден елла а хилла, Бастрыкинан дешнашца аьла «оьрсийн оккупанташ байарна» луш йолу.

Бастрыкинан комитето чIагIдарехь, Яценюк Арсенийс Соьлж-ГIалахь Октябр-кIоштахь 1995-чу шарахь Дечкен-беттан 7-чу дийнахь, къиза хьийза а бина байина, «Оьрсийчоьнан армин декъашхой». Ткъа ГIура-беттан 31-чу дийнахь 9 дарбанан хIусам йолчехь а, Минутка майданахь а тIемаш беш хилла иза. Кхузахь сихха тIе тидам бохуьйтург ду Минутка майданехь цу хенахь цхьа а тIемаш хилла цахилар.

Бастрыкина дина дIахьерна цкъачунна тIаьхьа кхуьуш къезиг нах бу. Украинин куьйгалхой а, политикан жигархой а, говзанчаш а кхеташ бац цуьнан Iалашонах. Цундела забарш яр бен кхин дисина хIума дац шайна бохуш комментареш йо цара.

Кхин баш кхеташ бац Бастрыкинна дагадеанчух Нохчийчурча тIамехь дакъалаьцна болу нах а. Царах ву Нохчийчоьнан эскаран коьртачу штабан куьйгалхочуьнан гIоьнча хилла Ичкерин парламентан депутат Исханов Хьусайн. Яценюк Арсений юьйцучу хенах, я цул тIаьхьа Нохчийчохь хиллехь шена иза гина хир вара бохуш вара иза.

Исханов Хьусайнна хетарехь, Бастрыкина и дIахьедарш дар дика ду. Цара юха а дагадоуьйту нахана Оьрсийчоьно Нохчийчохь вуно къиза тIом бина хилар.

Кхин цхьа хIума а билгалдоккху Исханов Хьусайна. Нагахь Яценюк Нохчийчохь тIом беш хиллехь тахана цунна гонаха Украинин Iедалехь охьахевшина нохчий хир бара, цуьнца тIемаш бина.

Нагахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша иза илла-билла Соьлж-ГIалахь ГIура-беттан 31-чу дийнахь 9 дарбанан хIусам йолчехь а, Минутка майданахь а тIемаш беш хиллехь, цо катоьхна болх беза Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш хилар къобул дан бохуш вара Исханов Хьусайн.

Бастрыкин Александра чIагIдарехь, Яценюк дукха хан ялале Нохчийчура дIавахана журналистех кхетта, Гуьржийчу дехьа а ваьлла.

Нохчийн политикана Абумуслимов Сайд-Хьасанна хетарехь, хIинца хиина Укрианехь бехачу нахана а, кхечу нахана а Оьрсийчоьно нохчашца мел харцо лелош хилла.

Украинахоша хIинца кхета шаьш олу, мел чIогIа болх беш хилла Оьрсийчоьнан Iедалша нохчий емал бан гIерташ. Шаьш тешара хьалха оьрсаша дуьйцучух бохуш, дуьйцу цара интернетехь юьтучу комментарешкахь.

Яценюк Арсений цавеза Оьрсийчоьнна, ткъа и тайпан нах сийсаз беш Iедал ду Оьсррийчоьнан бохуш дуьйцу Абумуслимов Сайд-Хьасана. Кестта президентана Поршонеко Петрона а цхьа истори кхолла мега оьрсаша аьлла хета нохчийн политикана.