Кханене хьажча, нохчийн маттана латинан йоза гIоле хета говзанчашна

Нохчийчоь -- Латинан йозанех цхьаъ, 19Чил2013

Нохчийн мотт денбарх а, иза кхиарх а лаьцна дуьйцуш даиман а санна хьахош дерг ду цу меттан графиках лаьцна долу хаттар. Цхьаболчарна кириллица йита еза аьлла хета, вукхара латинан йоза дика хир дара боху нохчийн маттана. Ткъа кхоалгIанаш бу Iаьрбийн графика юкъаяккха еза аьлла хеташ. И хаттар толлуш Маршо Радион корреспонденто къамел дира нохчийн меттан говзанчашца.

Ненан мотт кхиийта а, иза баккъалла а шен хьакъ долу меттиг вайн дахарехь дIалаьцна хилийта а лууш дуккха нах бу вайнахана юкъахь. Цу хьокъехь цара ечу ойланашкахь тIаьххьара меттаг дIалоцуш дац муьлха графика гIоле хир яра-те нохчийн маттана боху хаттар.

ху деношкахь «Кавказское обозрение» олучу интернет сайт тIехь нохчийн мотт Iаморан проблемах а, иза кхиийтарх а лаьцна материал язйина Нохчийчура авторо Сайдаев Ислама. Цо яздарехь, нохчий мотт ларбан Iаьрбийн графикина тIе даккъах деза йоза.

Шуна муьлха графика аьхна хир яра аьлла хета нохчийн маттана, аьлла хаттар делира оха нохчийн маттаца болх беш а, цунах пайда оьцуш а, иза безаш а болчу говзанчашка.

Нохчийн меттан Iилманчана, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцентана Вагапов Iаьрбина гIоле хета латиница. Ша даиман а иза дуьйцуш дара, хууш а ду латиница нохчийн маттана аьхна хилар элира цо. Iаьрбийн графика юкъаяккха гIертар къобул ца до цо. Иза лело вуно хала хир ду аьлла хета Вагапов Iаьрбис.​

Вагапов Iаьрби

Шен таронаш хилча уггаре а хьалха школашкахь нохчийн мотт Iамор асламдоккхур дара ша, Iедалан балхахь болчу нахе экзаменаш а йолуьйтур яра ша бохуш вара иза. Iедалан урхаллашкахь а, хьукматашкахь а лелош ца хилча мотт кхуьур бац, ткъа тахана дерг цкъачунна хабарш дийцар бен кхин гуш хIума а дац элира Iилманчо.

Нохчийн меттан Iилманча, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент Джамбеков ШаIранина хетарехь, цкъачунна оьшуш дац нохчийн меттан графика хийца гIерта. Цо дийцарехь, нохчийн меттаца йоьзна коьрта проблема графикица йоьзна яц, нохчашна иза Iамо а, лело а цалаарца йоьзна ю.​

Джамбеков ШаIрани

​Кириллицин метта муьлхха а кхин графика юкъаяккха гIертаро гуттар а чолхечу доккхур ду иштта а ледара долу хьал, аьлла хета Джамбековна. Iаьрбийн графика юкъаяккха еза бохург хезна дац шена, амма иза дIоггара нийса некъ бу аьлла а ца хета шена, бохуш вара Iилманча. Шен аьтто хилча ша меттан говзанчех дIа а кхетта, цхьа некъан карта хIоттор дара нохчийн мотт ден бан элира цо.

Iилманча Серганова ТIаус, Нохчийн пачхьалхкан мехкадаьттан университет.

Taus Serganova, Chechen linguist

Серганова ТIауса дагадоуьйта Нохчийчохь нохчийн меттан йоза латиницина тIедаккхар Iалашонца некъ бина хилар. ТIамо новкъарло ца йинехь цу агIор дикка гIулчаш яьхна хир яра бохуш дийцира цо. Нохчийн мотт берашна жима долучу хенахь дуьйна шуьйра Iамо болийча жамI вуно дика хир дара аьлла хета Серганова ТIаусана. Iаьрбийн графика юкъаяккхар оьшуш хIума ду аьлла а ца хета Iилманчана. Шен аьтто хиилча, 1990-чу шерашкахь болийна хилла нохчийн мотт денбарца боьзна болх чекхбоккхур бара ша, бохуш яра Серганова ТIаус.

Нохчийн маттаца гергарло лелош а, цуьнца болх беш а ву Iилманча меттанийн говзанча Аюбов Аслан. Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сарвисан куьйгалхо ша хиларе терра, меттанаш кхиарна тIе тидам бахийтина ву иза.

Нохчиин мотт латинан графикана тIехь болуш вайнехан яздархоша кхоьллиина тоьлла литература хилар дагадаийтира цо. Иза еша атта а, аьхна а хиларан тошалла а дира Аюбовс. ХIинца латинан графика юкъаяьккхича и литература цу элпашца юхаязъян хала хир дац бохуш вара иза.

Кханенга хьаьжча, латиница вайга юкъаяккхаелча вуно мехала хира дара бохуш вара Аюбов Аслан.