Оьздангалла цкъа а йицйойла дац оьздачу наха

Нохчийчоь -- Оьзда стаг, диллина сурт.

Оьрсийчоьно болийна Нохчийчура хьалхара тIом марсабаьлла боьду хан яра иза. ТIом кIиза бара. Цабазем кхехкаш бара дегнашкахь. Делахь а тIом мацца бирзина а дIаберза беза, мацца а машар беш дийцарш хила деза олий дагчуэккхара.

Your browser doesn’t support HTML5

Оьздангалла цкъа а йицйойла дац оьздачу наха

Оцу миноташкахь ойла йора ас, ванах, машаран дийцарш доладан хан тIекхачахь Оьрсийчоьнан инарлашца, я политикашца уьш дIадахьа стаг карор а вуй-те Оьрсийчоьнан эскарех тийсалучу нахана юкъахь олий.

Амма замано гатйира, даиман а исторехь хуьлуш ма-хиллара, машар беш дийцарш дIадахьа лууш а, хуууш а нах хилар а, мел цабезам боккха хиллехь а цунна тIехула бовла вайнах кийча хилар а.

Иза иштта хилар гайта цхьа тоьшалла а тоьар дара. Иза ду нохчашна уггаре а воккха мостагI хеташ хиллачу Ельцин Борисе салам луш Масхадов Аслан а волуш, ши а вевлаевлла а волуш, даьккхина сурт.

Ткъа тахана? Мел инзаре карзах девлла хьийза нохчий вовшашца болчу цабезамехь. Кхеташ ду, цхьана сизалла тIехваьллачу стагаца бийца безарг герзан мотт бу аьлла хеташ хилар цхьана тобанна. Амма важа тоба а ю шаьш йинарг ямартло цахеташ, изза ойланаш йолуш.

Иштта хьал хIоьттича, вай мелла хьалха хьежа дезаш, я хьоьжуш делахь а, вай на гIо дийр дерг хила мега вайн дайша лелийна гIиллакхаш.

ХIара программа кечйеш ас къамел дира кхаа стагаца – флософца Тепсаев Аптица а, историн Iилманчица Абумуслимов Сайд-Хьасанца а, дуьненаюкъара дипломатийн юкъаметтигийн говзанчица Исаева Мариница а.

ЛадугIур вай цаьрга. Дагадоуьйту дуьйцургш нохчашна юкъахь къийсам хилча цара вовшашца лелон а, лелон хьакъ долу а гIиллакхаш хиалар.

Your browser doesn’t support HTML5

Оьздангалла цкъа а йицйойла дац оьздачу наха