Нохчийчоь Оьрсийчоьно йийсаре лаьцна мохк бу аьлла къобалдина Украинан Лакхарчу Радехь

Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдина Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира 351 депутатах 287-ммо, 64 депутато куьйгаш ца айдира.

Радан сацамна комментарий йира Кавказ.Реалиина хIокху проектан кхин а цхьана авторо, депутато Гончаренко Алексейс: "Фракцишна юккъерчу "Маьршачу Кавказехьа" цхьанатохараллин куьйгалхо хиларе терра, и хаттар хьалхатоьттура ас. Дуьненаюкъарчу тIегIанехь хаттар хIоттор ду оха, Нохчийчоь оккупаци йина территори хиларх".

Иштта къамелдинчо тIетоьхна, "йоллу дуьненаюкъарчу организацешца а, пачхьалкхашца а" Ичкерин суверенитет къобалъярх а, Оьрсийчоьно дIалецначу къаьмншана тIехь геноцид лелорах мохк маьршабаккха а беш болх бу аьлла.

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада редакцица хиллачу къамелехь элира, нохчашна а, "Кремло хьийзочу къаьмнашна" а хIара хилам историхь доккха маьIна долуш бу.

"Туна хууш дара, гIадужу-беттан 15-чохь депутатийн тобанан инициатива йоцург а, оха кехаташ дIахьийтинера Лакхарчу Радин куьйгалхочун а, Украинан президентан Зеленский Владимиран а цIарах. Цхьа ах сахьт хьалха тIечIагIдира тхуна, нохчийн къомана динарг геноцид хилар къобалдина аьлла", - дийцира Кавказ.Реалиига политико.

Иштта цо билгалдаьккхина, Нохчийн Ичкерия республика йозуш цахилар тIеэцарх кхечу цхьа могIа Iедалхошца а беш болх хилар.

ТIеэцначу сацамо емалдо нохчийн къомана тIехь дина геноцид, Оьрсийчоьно тIеман ангрессица ханна оккупаци йинчу Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет къобалйо.

Йа Кремло, йа Соьлжа-ГIаларчу официалан Iедалхоша а украинхойн парламентан сацамах лаьцна хаам зорбане боккхучу хенахь комментарий йина яц.

  • Хьалхо ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан гуламехь охан-беттан 5-чохь вистхуьлуш Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, Оьрсийчоьно "халкъан а, динан а башхалла" хIаллакъеш дIахьочу политико дIайоху "шина континентера иттанашкахь сов къаьмнийн паргIато, шайна ма-хетта даха йолу бакъо".
  • ТIаьххьарчу беттанашкахь Украинан территори Iалашйо иштта нохчийн лаамхойн батальонаша а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна тIе ца эцначу Ичкерин агIончаш а бу. Стигалкъекъа-баттахь Киеверчу политикашца цхьаьнакхийтира Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр Закаев Ахьмад, ткъа Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс юкъадаьккхира чергазашна динарг геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалдар. Оцу юкъанна президентан Зеленскийн офисо массарна а хезаш реакци йина яцара юкъахь къахьегарх. Карточкашка хьаьжча, ший а низаман проект хIинца а листина яц комитеташа.