Нохчийн иртийн хазна - Маршо Радион онлайн библиотека

Marsho Radio, Online library page

Кху деношкахь Маршо Радионо йоккха проект йолийна шен интернетан сайт тIехь. Иза ю «Нохчийн иртийн хазна» цIе йолу онлайн библиотека. Цигахь оха гулдеш ду нохчийн а, нохчийн мате гочдина кху дуьнентIера гоьбоьвллачу поэтийн а, яздархойн а байташ а, дийцарш а. Дукхах болчу нохчийн поэташа а, яздархоша а шаьш йовзуьйту шайн кхолларалла.

Радион доттагIийн аьтто бу тхан онлайн билиотекехь, текст а йоьшуш, ладогIа байтйшка а, дийцаршка а, туьйранашка а.

Тахана «Адамаш , хиламаш , зама » программехь дакъалоцуш ву нохчийн поэт, философ Оспанов Къосам а, нохчийн поэт, яздархо, пародийн автор Уциев Абу а. Цул сов, шуна хезар ду тхан онлайн библиотекехь шун деша а, ладогIа а аьтто болу «Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта» цIе йолу шира нохчийн туьйра а.

Хьалхарчу декъехь шуна хезар ю Оспанов Къосаман байт, философин эссе «Кхераме жайна». Йоьшу авторо.

Your browser doesn’t support HTML5

Оспанов Къосум: Кхераме жайна.

Кху программан шолагIчу декъехь шен байташ йоьшуш ву нохчийн поэт Уциев Абу.

ЯХАЛАХЬ, НОХЧИЙЧОЬ!

Кхузахь бен ца гIотту

и санна малх,

Дуьненал беза бу

маршонан мах.

Цхьа оьзда, догцIена

самукъне нах –

Дала Ша деллачун

пусар де бах.

ХIора де тIеоьцуш,

сан Нохчийчоь,

Хьан хазчу юьхьа тIехь

Тхан баьсте тоь!

Стигла го йоькхане,

ела а елла,

Латта а доккхаде,

хьан синтем мелла.

Хьал-бахам хилла хьан:

доьналла, яхь,

Мехкарийн сий деза,

ца девзаш эхь.

Хьаша-да мел беркат

лийрина ахь...

Кхерчахь цIе ца хелаш,

хьо яхалахь!

ХIора де тIеоьцуш,

сан Нохчийчоь,

Хьан хазчу юьхьа тIехь

Тхан бIаьсте тоь!

Къонахчун дог ду и,

дела а делла,

Хьан дегIах тесначу

цIаре цо делла.

Хьан лекхчу ламанийн

сийлалла го,

Хьан нехан паргIато

ца йисна буо.

Хьо яйча, къонло дог

шел ма делахь!...

Маршонан кхаъ бу хьо,

цкъа ма лелахь!

НОХЧИЙН ГIИЛЛАКХ

Маржа, нохчийн оьзда гIиллакх,

Малхал довха хьо цхьаъ хилла-кх:

Яшош гIайгIа, Iаьнан чилла,

Эцнарг чевне дегнаш хийла!

Декош барте синойн мерзаш,

Ахь гIорасиз дина герзаш…

Хьоьца уьйр ерг – Лаьттан эла,

Хьо цадезарг – мостагI Делан!

Маржа, сийлахь нохчийн гIиллакх,

Хьо массеран а коьрте дилла-кх:

Хьао хьоьца лаам акха,

Нанас доьху Дуьне даккха!

САН ДЕГАН ТУЬЙРА

Декъалъеш дахаран Iуьйре,

Боьсси хьо олхазарх нуьре,

Хьомсарчу ненан кхаъ хилла,

Кханенга тхуна некъ билла.

Нохчийн мотт – сан деган туьйра,

Ахь тIемаш хецалахь шуьйра!

Са ду хьо, дог ду хьо къоман,

Малхаца гIатталахь ломахь!

Беркате хIора дош, могIа –

Хьоьгахь ду дуьненан догIа.

Хьулдина дац хьан сий лаьтто,

Ахь делларг ду тхан ирс-аьтто!

Нохчийн мотт – сан деган туьйра,

Ахь тIемаш хецалахь шуьйра!

Са ду хьо, дог ду хьо къоман,

Малхаца гIатталахь ломахь!

Ирхонна тIехь хьан ирхуонаш –

Кхиабо къонахийн гуонаш…

Хьан жовхIарш хуьйдина верг,

Ву Дуьне шен долахь дерг!

НОХЧИЙН ЙОI

Iаламан хазалла тайна,

БIаьргаш чохь – дахаран гIан,

Лам боккхуш хьан гIиллакх дайна –

Доьналлин бохь бу и тхан!

Бутт къежлуш сагатло хьуна,

Седарчий хьоь латало…

Генараъ цкъа яйначунна,

Декъалвеш, мерза кхаъ хьо.

Нохчийн йоI, хьол сирла малх гур бац кхетта –

Хьо йоцче Лаьттан юьхь ела ца ло!

ДIайойъу гIайгIанаш тхан дегнех летта,

Зарзъелла ойланаш хьоь хиттало.

Аьрзуне ахь елла боху,

Шегара доьналла, яхь!

Хьан дуьхьа ирхенаш йоху,

Хьох хетта дуьххьара эхь.

Хьуна ду мел яздо иллеш,

Хьуна ду хастаме дош.

Къонаха волчун сий айдеш,

Хьо ю тхан некъаш кхиош.

Нохчийн йоI, хьол сирла малх гур бац кхетта –

Хьо йоцче Лаьттан юьхь ела ца ло!

ДIайойъу гIайгIанаш тхан дегнех летта,

Зарзъелла ойланаш хьоь хиттало.

Хьо йогIуш, туьйранаш деба,

Ситтина баккъаш нисло.

Нур эшна, серлонна хебба,

БIаьргаш а, ахь латабо!

Бакъал а яхь ю хьо мехкан,

Къонаха мел волчун – сий.

Хьан дуьхьа ца туьгург кхехка,

Шеллойла пхенашкахь цIий!

Нохчийн йоI, хьол сирла малх гур бац кхетта –

Хьо йоцче Лаьттан юьхь ела ца ло!

Ахь йойъу гIайгIанаш тхан дегнех летта,

Къона а, къоьжа а ахь декъалво!

ИЛЛИ

Иллис ца ходуьйту къонахийн рагI,

Яшайо адмашна юкъара хьагI.

Иллица боккхуш бу ворхI ломан бохь.

Дахарх а хIун дора, и къар лу чохь?!

Иллица даьхна вайн дайх олу дош,

Илли ду дегнашкахь ша яхь кхиош,

Балано хьовзийна букъ нисбеш ду.

Хаа вайн доьналла иллица ю!

Хьомсарчу бIаьргаш чохь латабо малх,

Бертахь бой, цо ирсе бохуьйту нах.

Нанас шен шурица яздина и,

Цундела дохдо цо пхенашкахь цIий.

Къуона а, къена а къеста ца во,

Цкъа маццаъ хинволчух иллис стаг во,

Къонахийн сийлалла тIаьхьешна лой,

Цо новкъа хIиттадо дайх дисна дой.

Иллица кхиъна ю безаман йиш,

Къонахий мел беха, лур яц и тиш!…

Хазачу бIаьргаш чохь нуьре бо малх.

Безамца бехийла нах болу нах!

Иллица лекхало хьан деган мерз –

Мел боккха ницкъ бу и, Iададеш герз!…

Къонахчо шина дашехь цкъа аьлла и,

Нохчийчохь кхерсташ яц Iожалла кхин.

Илли ду адамийн уьйраш кхиош,

Барт, безам хIусмера хIусаме хьош.

Вайн хазна, вайн дахар – илли ма ду!

Дайн иллех хервелларг мел миска ву.

Аьрзунан куралла Иллехь ма го,

Хьакъволче цо лакхе, сийлалла ло!

Нохчочун маршо а иллица ю...

Шен цIийца и кхиънарг ирсан да ву!

КЕШНАШКАХЬ

Цхьанна а хезна дац

Кху юьртахь девнаш.

Урамаш ца дохку,

Ца тохку тхевнаш.

Лаьттах чу хIусамаш,

Упханийн пенаш…

Декъаза тукхамаш,

Берриш бу – къиэнаш.

Хьал, бахам – хьан ял ю,

Ахь вогIуш еъна.

Къа алссам долчунна,

Бах, лаьхьа беъна...

Молла а, моIзар а

Кхузахь цхьаъ хилла.

ХIара бен, юрт яц вайн,

Ца лелаш хIилла.

Хьан лаам, харжам бац

Стаг кхуза кхачош.

Кхолламан некъ бу и,

ГIушлакхе кхачош:

Iазраил болх беш ду,

Йиллина рагI,

Бакъал а яхь ю хьо мехкан,

Къонаха мел волчун – сий.

Хьан дуьхьа ца туьгург кхехка,

Шеллойла пхенашкахь цIий!

Нохчийн йоI, хьол сирла малх гур бац кхетта –

Хьо йоцче Лаьттан юьхь ела ца ло!

Ахь йойъу гIайгIанаш тхан дегнех летта,

Къона а, къоьжа а ахь декъалво!

Шен байташ ешнарг вара нохчийн поэт Уциев Абу.

Ткъа хIинца, оха аьлла ма-хиллара, ладогIа «Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта» цIе йолчу ширачу нохчийн туьйране. Доьшу Аюбов Аслана.

Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта

Туьйра

Цхьа зудий, стаггий хилла дехаш-Iаш. Цу шиннан Бексолта бохуш кIант хилла, куьйга тIехь: "Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла дешнаш а долуш. И кIант дийнахь а чуьра аравала ваьхьаш ца хилла.

- Кхунах вайшинна кIант хир вац: пхийтта шо кхаьчча а, я дийнахь а, я буса а аравала ца ваьхьча, вайшиъ хIара ларвина дер дац, - аьлла, барт а бина, Бексолта хьуьнах дIакхоьссина дас-нанас. Хьуьнхахь, попан боьххье а ваьлла, Iаш хиллера Бексолта, ша барзлош вахьарна кхоьруш.

Цхьана юьрта оьхуш, адамаш дойуш, лелаш хиллера цхьа борз. Оцу юьртара нах и борз ен а ца баьхьаш лелачу хенахь, талла арабевллачу нахана Бексолта карийнера попа тIехь Iаш. Охьа а воссийна, Бексолте хаьттина таллархоша:

- Ахьа хIун леладо, хьо хIун стаг ву? - аьлла.

- Со-м хьуьнах лоьмаш леца веанера, - тIиэра йоза царна гурриг куьг дIакховдийна Бексолтас, нахах кхеравелла.

Бексолта карийна баккхий беш, кхаьънаш дохуш, вадийна шайн юьрта вигина цара кIант: "Ва, цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта карийна вайна; кхуо юьйр ю вайн юьрта оьху борз", - бохуш. Юьртахоша Бексолтийна дика герз а кечдина, уьш бахана борз ларъян хьуьнах.

- Борз йогIу йолче со кIелхуур ву, аша борз тIеталла, - аьлла, уьш дIа а хIовсийна, Бексолта попа тIе ваьлла, барзо ша вахьарна кхоьруш.

ХIинцалца санна, юьрта чу йогIу борз попа кIел кхоччушехь, охьахьаьжча, догкIадделла, Бексолтас тIе а воьжна, букь кагбина охьайиллина. Ша йийна борз текха а еш, эвла чу веана иза.

- Ой, муха йий ахь хIара? - аьлла, чIогIа тамаш бина дийнна юьрто а.

- И сайна тIекхоччушехь, цIеххьана катоьхна схьалаьцначу аса, саттийна кагйира иза, - аьлла Бексолтас. Боллучу а махкана вевзаш, цIейоккхуш стаг хилла Бексолтех. Юьрто чIогIа дозалла деш хилла цунах. Цул тIаьхьа цхьана юьртаца тIом хилла Бексолта вехаш волчу юьртахойн. ТIаккха цара хаттар дина Бексолте, хIун далур дара техьа аьлла.

- ТIом балур бу вайга! Соьга говр къастаяйта, рема схьаялае, - аьлла Бексолтас. Дечка хьостам а эцна, ремина юккъехула волавелла Бексолта, говрашна и Iуьттуш. Хьостам Iоьттича, дIаэккхарг юьтуш, дIавоьдуш цунна хьостам Iоьттича, дIа ца эккха говр карийра. Кхуьнан дагахь хилла, ша тIамна тIаьхьа вуьсу агIо езаш, кIеда говр лахар. Ткъа Бексолтина нисъелларг мелхо а, тIаме хоьхкуш, тIамах йоьлла говр хилла.

ЧIогIа тамаша бина юьртахоша Бексолтина тIаме хихкина йолу говр йовзарх. ХIорш тIамна кечбелла, тIамтIе дIабоьлхучу хенахь, мостагIий-тIемалой гучу ма-бевли, тIамана чухьаьдда Бексолтин говр, юьртахой тIаьхьа а буьтуш. Ша говре дIа ца вахьийта, лаьтташ йолчу шина дечгана юкъа хьовзийна Бексолтас шен говр. Дехьийсехьий катоьхна ши дечиг схьа а лаьцна, и шиъ кхин дIа ца хоьцуш, озийна бухъяьккхина Бексолтас. ТIаме лело Iемина йолчу говро оцу буьрсачу тIамана юккъехь и ши дечиг хьийзийна, доллу мостагIий эскар хIаллакьдина.

ТIамтIехь толам а баьккхина, юьртахой Бсксолтийцана цIабирзина. Цуьнан бертаза цуьнгара даьллачу шина хьуьнаро дуьненчохь цIеяккхийтина Бексолтин: "Цкъа катоьхча, кхо лом лоцу Бексолта", - аьлла. Цу цIарца ваха хиина Бексолта.