Your browser doesn’t support HTML5
2017-чу шарахь 22 миллиард доллар хьажор ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло гуманитаран гIо дарна. И ахча дойур ду кху дуьнентIерчу тIеман конфликташкахь а, Iалам карзахдаьлла а эшам хиллачу 93 миллион адамна накъосталла деш.
Берриг а гIо кхачор долу нах беха 33 пачхьалкхахь, шайна юкъахь Шема а, Йемен а, Иракъ а, Къилба Судан а, Нигери а йолуш. Цуьнца цхьана, гуманитаран гIонан коьрта дакъа – 8 миллиард 100 миллион доллар- хьажор ду Шемарчу мухIажирашна.
Кхин а 1 миллиард 900 миллион доллар лур ду Йеменехь бехачу 10 миллион бахархошна. 1 миллиард 300 миллион доллар дойур ду Къилба Суданерчу 5,1 миллион бахархошна. 1 миллиард доллар лур ду Нигерина. Цигахь а ву мацалла а, хьогалла а хьоьгуш 2 миллион гергга вахархо.
Development Initiatives организацино бинчу хаамца, стохка Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло гуманитаран хьашташна дайина 27 миллиард 300 миллион доллар.
Цу ахчанах доккхах долу дакъа 20,3 миллиард доллар деллера цхьацца пачхьалкхаша а, Евробертан институташа а. Кхин а 6,9 миллиард доллар вовшахкхеттера наха сагIийна деллачу ахчанах.
Пачхьалкхаша деллачу дерриг а сагIанах 3 дакъа дича, ши дакъа делла Iамерко а, Британино а, Германино а, Швецино а, Японино а.
2016-чу шарахь Европерчу пачхьалкхаша 25 процент алсамделла гуманитаран фонде ахча. Ткъа Гергарчу Малхбалера пачхьалкхаша 24 процентана лахдина шаьш сагIина лучу ахчанан барам.
Ерриг а пачхьалкхаш схьаэцча, бохам хиллачу нахана гIо дан уггаре а дукха ахча делларг ю Цхьаьнатоьхна Штаташ - $6.31 миллиард доллар.