"Кадыровна гойла-кх, тхо дуккха а дуйла!"

Your browser doesn’t support HTML5

"Кадыровна гойла-кх, тхо дуккха а дуйла!"

ТIаьххьарчу цхьана шерачохь Нохчийчуьрчу Iедале кхайкхам барца шолгIа пикете арабевлла Оьрсийчуьра журналисташ.

Нохчийчохь гейш Iедало хьийзош бу аьлла «Новая газетано» Iорадаккхар бахьана долуш, масех де а ду кадыровхоша оцу газетан журналисташка бага а лееш, дов латтон.

"Делан оьгIазло йойла шуна" аьлла, муфтийс Межиев Салахьа кхерам тесира журналисташна, ткъа зорбан министро Умаров Джамболата къоме бехкцабиллар дехар тIедожийра прессан векалшна.

«Кхерамаш туьйсучул а, факташца бакъдерг дуьхьалдаккха тхуна"

"Новая гахетан" журналисташкахьа узий а хоуьйтуш, Нохчийчоьнан Iедал экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца а нисдеш, къамел дина "Эхо Москвы" радиостанцин коьрта редактор Венедиктов Алексей а ву дов хьедечу журналистийн могIаршкахь.

"Кхерамаш туьйсучул а, факташца бакъдерг дуьхьалдаккха шайна", - бохуш, Нохчийчоьнан урхаллан дуьхьал шуьйрра пикет дIаяхьа кечамаш беш бу Петарбухара журналисташ.

Ткъа и акци вовшахтоьхна Александров Артем дагахь ву "Нохчийчуьрчу куьйгаллана а, Динан урхаллана а тIедожадо «Новая газета-н», «Эхо Москвы» радиостанцин журналисташ шайна къинтIерабахар" аьлла йоза тIехь плакат айдина, аравала.

«Кавказ.Реалии» порталца къамел деш «Мой район» зорбан корреспонденто Кагермазов Сергейс билгалдаьккхира, журналисташ даим а дуьхьал хилар авторитаризмана а, тоталитаризмана а, цундела къаьсттина пресса ю ала тарло Кадыровс махкахь хIоттийначу рожан оппозици аьлла.

"Washington Post газетан алар ду «Бодашкахь леш ю демократи». Нохчийчохь лела харцо журналисташа юьйцуш ца хилахь, цигахь хьал де дийне кхин а эшаме хир ду. Вайн таро хила еза кхера а ца кхоьруш, довзийта бакъдерг", аьлла дийцина журналисто Кагермазов Сергейс.

Шо сов гергга хан ю пикеташка ара а буьйлуш, журналисташа кадыровцашца зIе латтаен.

Масала, Москохара а, Петарбухара а журналисташа талламаш дIабахьар дийхира дахначу шеран Зазадоккхучу-баттахь, ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь шайн коллегашна-журналисташна динчу тIелатаран.

ХIетахь туьтмIаьжгашца болчу наха 20-х журналист чохь волчу автобусна гуо а лаьцна, машенан кораш дохийнера.

Цул тIаьхьа, автобусчуьра охьабисинчу журналистех лета буьйлабеллера зуламхой: "Шун гIуллакх дац Нохчийчохь", бохуш, маьхьарш а детташ

Петарбухара журналисташ Неван проспектехь гулбеллера, ткъа Москохарнаш президентан администрацина гергахь.

Дукхахболчарна пикеташ дIакхехьар дош ца хетахь а, йиттинчу журналисташлахь хиллачу Russiangate порталан коьртачу редакторо Елагина Александринас бахарехь, цу кепарчу акцеша Iаламат доккха гIо лоцу.

"Тхуна дисинарг дара, пикеташца тхайна тIе тидам бахийтар", - боху цо. – Перссон-Лефгрен Марияс арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга журналисташна тIелатар даран гIуллакх сацийна латтош хиларх делла хаттар бахьанехь а, оха хIиттинчу пикеташа а, тхан йозанаша а - оцу дерригено а Iаламат доккха гIо дира тхуна гIуллакх юха карладаккхарехь.

"Кадыровна гойла-кх, тхо дуккхаъ а дуйла. Тхо кхоьруш доций а. Оха иштта дуьтур цахилар а".

Елагина догреза тIетайна Петарбухарчу журналисташа кхайкхийначу пикеташна, "цара юха а тоьшалла до, Къилбаседа Кавказ дIатесна шаьш юьтур цахиларан а, шайга далуччу кепехь шайн коллегашна гIо латториг хиларан а", боху цо.

"Кадыровна гойла-кх, тхо дуккха а хилар. Тхо кхоьруш доций а. Иза иштта дуьтур цахилар а", - тIетуху Елагинас.

Цо куьйгалла дечу портало бутт хьалха артикл арахийцира, гIалгIайн-нохчийн дозанехь журналисташна динчу тIелатарх талламан жамIаш довзуьйтуш, оцу зуламна бехке пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам ву аьлла, дIа а кхайкхош.

Хетарехь, цхьабарт а болуш, цхьаннех бозуш а боцу журналисташ бу-кх Нохчийчоьнан куьгалхочунна дуьхьал лаьттарш.