Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчуьрча бахархойх ах, хьалха санна, реза бу шайн махкахь зуламхой, шайна юкъахь Iедалша экстремисташ бу боху нах а болуш, кхел еш байарна.
Цу тайпа ойланаш ю Оьрсийчоьнан махкахой, дерриг а дуьне схьаэцча адамаш дайаран кхел яр наггахь бен хуьлуш дацахь а, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
Социологаша а, бакъонашларъярхоша а билгалдаккхарехь, Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а зуламхо вен кхел йон. Цигарчу бахархойх цхьана дакъа тешна ду, адам ден бакъо хилар тоьлла гIирс бу бохучух пачхьалкхехь «къепе а, кхерамазалла а» хилийта.
2016-чу шарахь кхелан сацамца байа билгалбаьхна хиллачу нехан терахь кхаа декъана лахделла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International бакъонашларъярхойн дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан хIора шарахь арахоьцучу дIахаийтарна тIехь.
Бакъонашларъярхоша бинчу хаамца, стохка дерриг а дуьненехь вен кхел кхочуш йина 1032 стагана.
20 шо ду Оьрсийчохь стаг вен кхел кхочуш яр дихкина долу. 1997-чу шарахь Охан-баттахь Европан Кхеташонан декъашхо хуьлуш Оьрсийчоьнан Iедалша тIе куьг таIийра цу хьокъехь долчу документана.
Иза дара "Адамийн коьрта бакъонаш а, маршонаш а ларъярехула йолчу Конвенцин стаг вен кхел яр доьхкуш долу «Номер 6 протокол».
Амма кхоччуш стаг вен кхел дIа ца яьккхина Оьрсийчохь. Иза хьехош ю дуккха а Оьрсийчоьнан низамашкахь, дагадоуьйту «Левада-центран» социологаша.
Кху шеран Чиллан-баттахь цара таллам бира Оьрсийчуьрча бахархошна юкъахь, стаг вер хьокъехь кхел ярх лаьцна царна хетарг къастош.
Ах гергга респонденташа (44%) дIахьедар дина стаг вен кхел ярна шаьш реза ду аьлла. 32% цу талламехь дакъалаьцначу нахана хета, 1990-чу шерашкахь ма хиллара, стаг вен кхел буьззинчу барамехь юхаметтахIотто еза аьлла. Кхин 12% нах бу уггаре а луьра таIзар даран артикл лелор алсамдаккха деза аьлла хеташ.
Стаг вен кхел ярна дуьхьал ву 41% Левада-центро бинчу талламан респондент. 25% хета цкъачунна цу тайпа таIзар дарна мораторий латто еза аьлла.
Ткъа стаг вен кхел яр буьззинчу барамехь дIадаккха а деза, кхин цкъа а юха юкъадоккхур доцуш аьлла хеташ бац Оьрсийчохь 16% бахархой а бен. Кхин а 15% процент социологийн талламехь дакъалаьцна нах бисира дала жоп доцуш.
Amnesty International-о кечдинчу рапортаца а догIуш, уггаре а дукха стаг вен кхелаш кхайкхийна Китайхь - 10 эзар стаг.
Хьалха санна 90% цу тайпа кхелаш еш ерг ю масийтта пачхьалкх, шайна юкъахь ГIажарийчоь а, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкх а, Пакистан а, Иракъ а, Шема а йолуш.
2006-чу шарахь дуьйна дуьххьара Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ яц цу пачхьалкханашна юкъахь.