Прокуроран Чайкин кIентий «LSDU3" а, «IFYAU9" а

Оьрсийчоь -- Навальныйн сайтан скриншот. 9Манг2016

Стохка Оьрсийчоьнан хьалхарчу куьйгалхойн цхьацца гергарчу нехан бахамаш къайлабаьхьна хиларх лаьцна хаам бинера цу хьокъехь таллам бинчу Коррупцица къийсам латторан фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс. ХIинца кхин а цу тайпа меттагаш карийна цунна.

Оьрсийчоьнан тIеман министран йоьIа ду аьлла долу туьйранашкахь дийца мегар долу цIа. Масийтта миллион доккху вице-премьеран Москох гIалин юккъехь йолу петар. Кхин цхьа петар президентан Путин Владимиран невца ю бохуш йолу. И ерриг хIусамаш къайлаяхьна ю.

Хьалха церан долахойн цIераш Росреестрехь дIаязйина хиллехь, хIинца уьш карош яц. Цунах лаьцна хаам бинера стохка Коррупцица къийсам латторан фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс а, цуьнан талламхоша а.

Иза кхерамазалла бахьана долуш дина хила а мега, бохуш яздо шен сайт тIехь Навальныйс. Ткъа хIинца цунна гучудаьлларг ду Росреестро дIаяйина хилар Оьрсийчоьнан инарлан прокуроран Чайка Юрийн шина кIентан Чайка Артеман а, Игоран а цIераш.

https://rosreestr.ru/site/

Церах лаьцна информаци латточу администраторша прокуроран кIентийн цIераш къайлаяьхьна церан меттана кодаш а язйеш.

Оьрсийчоьнан инарлин прокуроран Чайкин ши кIант вийцаре ван ваьккхинера стохка леррина яьккхинчу документалан филмехь. Цуьнан авторша дийцара Чайка Артема харцонца шен дола яьккхина пачхьалкхан бизнесан компанеш, ткъа Чайга Игора хьал гулдина Оьрсийчура пачхьалкхан контракташ бахьана долуш бохуш.

http://www.rferl.org/content/russia-navalny-chaika-corruption-video-removed-youtube/27467474.html

Навальныйс бинчу талламца, Чайка Артеман ду аьлла дIаяздина хилла 2000 еакIо метар майда йолу Москох малхбузен кIоштахь долу цIа хIинца ду "LSDU3" цIе йолчу стеган.

https://navalny.com/p/4905/

Изза код йолуш ю Росреестрехь дIаязйина хилла 205 еакIо метр майда йолу гараж. Цу тайппа хийцамаш хилла Чайка Игоран долахь йолчу гIишлошца а. 566 еакIо метр доккха долу цуьнан цIа хIинца долахь ду IFYAU9 цIе йолчу стеган.

«Муьлуш бу и вежарий Чайка? Леррина ларбеш болу нах? Пачхьалкхан къайленашна тIебитина нах? Къайлах болу агенташ?» - хоьтту Навальныйс. Ша жоп а ло цо цу хаттарна.

«МогIарера хьал долу ши тентак ю, ур-аттал Iедалан балхахь а вац и шиъ. МогIарера ши жуккар ю, пачхьалкхан контракташца хьал гулдеш йолу".

Амма хIинца и нах пачхьалкхо ларбеш бу инзаре йоккха къайле йолуш санна.

Кестта юха а инарлин прокурор хIоттор волчу Чайка-Дена хета шен кIентийн бахам къайле ю аьлла, пачхьалкхан тIегIантIехь ларъян езаш йолу. Цхьанне а хаа дезаш дац цу «бизнесхойн» бахамах лаьцна.

Навальныйн талламхошна хетарехь, Росреестро Оьрсийчоьнан низамаш дохийна бакъйолчу цIерийн метта кодаш а язъйина. Цунна дуьхьал кхеле латкъам бан дагахь а бу уьш.

Кхин цхьа хIума а ду. Навальный а, цуьнан накъостий а боьлу Чайкин шина кIентан цIераш хьулъеш Росреестран белхахоша баккъалла а долчу документашна тIехь лелийна хиларх «Седарчийн тIемаш» кино чохь йолчу роботийн элпийн-кодех тера йолу кодаш.