Your browser doesn’t support HTML5
Немцойн маттахь „Путин а, коррупци а“ аьлла гуглан лехамийн системехь яздича, оцу сохьта 134 эзар хаам схьахIутту. Ткъа ингалс маттахь изза ши дош яздича, 20 миллион герга хаам схьахIоттабо лехамийн системано. Цу хаамех массо а Оьрсийчоьнан президент коррупталле хиларна тоьшаллаш дахкош бацахь а, цу хIумано гойту, Кремлан коьрта гIентан ден таронашца а, цуьнан урхалла даран ша-башхачу кепаца а, ткъа иштта харцахьчу некъашца цуо шен бахамаш вовшахтоьхна хила мега бохучуьнца а дуьненчохь мел дукхачу нехан бала бу.
Интернетехь Путинан коррупталле хиларх болчу хаамийн доккхахдолу дакъа оршот дийнахь Британерчу БиБиСи корпорацино гайтинчу „Путинан къайлаха бахамаш“ цIе йолчу филмаца а, цу чохь Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин векало шайна хетарехь, Оьрсийчоьнан президент коррупцин декъа ву аларца а доьзна ду.
Цу филмехь Вашингтонерчу финансийн министран гIоьнчано Шубин Адама элира, Путин коррупцин декъа а ву, Iамеркерчу Iедалшна иза хууш долу дуккхаъ шераш а ду, аьлла. „Тхуна гуш дара, цуо шен доттагIий а, агIончаш а баха ховшош. Цуьнан доккха зеделларг ду, шен бахамийн бакъболу барам къайлабахьарехь“, - элира Iамеркерчу хьукматхочуо БиБиСин филмехь.
Цуьнца, цу скандалечу филмаца йоьзна ю шинари дийнахь Малхбузерчу хаамийн гIирсийн коьрта артиклаш а.
Иштта, масала, тIеIаткъамечу Австрерчу Ди Прессе газетано шен „Iамеркан финансийн министралло Путин коррупте ву боху“ аьлла цIе тиллинчу артиклехь дуьйцу, ша Iедале веъча дуьйна схьа Оьрсийчоьнан президенто шен доттагIашна а, накъосташца а пачхьалкхан таронийн гIоьнца бехаш хила гIо дина, ткъа шен дуьхьалончаш цуо беса битина, бохуш.
Германехь уггаре а даккхийчех Ди велт газетано яздо, „нагахь санна Оьрсийчоьнан президенто „оьрсийн интересаш“ бохуш къамел дахь, цуо юьйцурш шен а, шен криминалечу гуонан а интересаш ю. Цунах кхета беза Малхбузехь Путинца къамел хадон мегар дац бохуш болу нах“, аьлла.
„Муьлхарниш ю уьш бакъдолчехь, и Путинс ша ларйеш ю бохуш йолу оьрсийн интересаш? ГIирмина аннекси яра, Малхбалерчу Украинехь милитаристалле агресси, иза бахьана долуш юккъеяхна Малхбузенан санкцеш-м яц, шеко а йоцуш, оьрсийн къоман интересехь. Я юкъараллин милитаризаци, я дешаран тушпхьанашна кхоа а деш, эскарш кхиорна ахчанаш дайъар а яц. Я коррупцих а, я шайн бакъонаш хьешарх а бац оьрсашна цхьа а пайда“, - бохуш яздо Ди Велт газетин Москохарчу корреспондента, и дерриге а хIума Путинс а, цуьнан корруптечу гуоно а хIуъу дина а Iедалехь бисархьама лелош ду аьлла тIе а тухуш.
Шен рогIехь немцойн Шпигел журнало яздо, хIинцачул масех шо хьалха дуьйна а Путин Владимир коррупцина декъа хилар дийцаре дар. 20II-чу шарахь Петарбухерчу цхьана бизнесхочуо Колесников Сергейс, ведда Оьрсийчура дIаваханчу, хIетахьлерчу президенте Медведев Дмитрийга хIетахьлерчу премьер-министрана Путинна латкъам язбинера, цуо шена Iаьржачу хIурдана уллохь цхьа миллиард доллар мах болу вилла йойтуш ю, аьлла. Цу чохь, совдегаро дийцарехь, казино а, бассейнаш а, бир-кема охьадосса майда а, театр а, кхин долу Iаламаташ а ду. И Iаламаташ хIинца БиБиСино а дагардира шен филмехь.
Ма-дарра аьлча, и филм сел йоккхачу IалагIоже стенна йирзина ца кхета шена, бохуш дийцира Маршо радион дехарца цуьнга хьаьжначу политолого Чапханов Руслана. Изза Белковский а ву цу чохь, масех шо хьалха дуьйна схьа Путинан 40 миллиард долларна таронаш ю бохуш дуьйцуш волу, изза Путинан вилла а цу чохь юьйцуш, изза цуьнан ю бохуш йолу яхта а. Ткъа коррупци ур-атталла кхиинчу пачхьалкхашкахь а лакхарчу Iедалхойн могIаршлахь нислуш ю, цаьргахь иза къайлаяхьа таронаш хиларх терра иза доккхачу декъехь гучу ца йолуш йисахь а.
Чапханов Руслан: „Масала, Австрерчу Кернтен олучу лаьттан губернатор вара Хайдер Йорг. Цуо 6,5 агIонна тIехь цхьа болх а язбина, цунах цхьаьна бизнесхочуьнгара 6,5 миллион евро ахча эцнера. Коррупцина ша бехке вича цуо элира, ас йинарг мехала анализ яра, цу анализах суна гонорар елла, иза коррупци яцара, аьлла.
Хаамийн гIирсашкахь и хIума мел дийцаре дарх иза шен даржера дIа а ца ваккхавелира, я цхьа а тIеIаткъам ца хилира цунна цу IалагIожах. Иштта ду Оьрсийчохь а. Цигарчу президентехь цхьангера а хуьлуш тIеIаткъам а боцуш, я цхьа а доза а доцуш Iедал хиларна, цуьнан леламашна контрол ян хала ду. Амма иза Оьрсийчоьнан бахархойн шайн хIума хета суна, цара талла а, тергоне эца а дезаш“.
Цу юкъана, БиБиСино гайтинчу филмехь Iамеркерчу хьукматхочуо Путин Владимир коррупцина бехке вар Кремлана вуно цатоме деанчух тера ду. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс шинари дийнахь Интерфакс агенталле динчу дIахьедарца, цхьа а вилланаш я яхтанаш цуьнан куьйгалхочуьн долахь яц. „БиБиСин материалех лаьцна аьлча, иза цхьа а бух боцу, цIена бакъонца цIекхоллар ду“, - элира цуо.