Дагестанехь мобилизацина дуьхьал протесташ хилча Къилбаседа Кавказан къаьмнашка украинхойн президент Зеленский Владимир вистхилира. Официалерчу Киево Къилбаседа Кавказан къаьмнийн проблемех дийцар дуьххьара дац тIом боьдучу беттанашкахь. Эксперташа билгалдаккхарца, оьрсийн пропагандин коьрта туьйранаш харцдина тIамо: ницкъболчу эскарех, оьрсийн хьолах, "машаре" Къилбаседа Кавказах а.
ООН-н рогIера йоцчу кхерамазаллин кхеташонехь охан-беттан 5-хь Зеленкий Владимира дIахьедира, "шина континентера иттанаш къаьмнийн харжам бан а, пачхьалкхан дахар дIахIотторан а" бакъо тидам боцуш йитина, иштта Оьрсийчоьно дIахьош йолчу "къаьмнийн а, динан а шатайпаналла хIалакйаран" политикех лаьцна а дийцина цо.
ХIокху беттанашкахь Украинан кхерамазалла ларъеш ю нохчийн лаамхойн батальонаш. Церан декъехь бу шайн даймахкара дIабахна болу къобалъянзачу Ичкерин агIончаш. Стигалкъекъа-баттахь Киеван политикашца цхьанакхеттера Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад, тIаккха Лаккхарчу Радан депутата Гончаренко Алексейс хьийхира, чергазашна йина геноцид а, Ичкерин йозуш цахилар а тIелацар. Амма президентан Зеленскийн офисо гуш-хезаш реакци ца йира иштта йолу юкъаметтиг лелорах лаьцна. Кехаташца дуьстича, ший а низаман проект комитеташа листина яц.
Фронтера хьал хийцаделча, шаьш дIалецначу латтанаш тIера оьрсийн эскар юхадаьлча, Ичкерин агIончаша дIахьедира, Нохчийчохь къайлаха дуьхьалонан болам кхолларх лаьцна, цуьнан Iалашо – республикан деоккупаци. Цул сов, товбеца-беттан чакхенехь Закаев Ахьмадан омраца кхоьллина Украинан дуьненаюкъарчу легионан декъехь Ичкерин тIеман ницкъийн леррина батальон кхоьлира.
Протестана реакци йар
Путин Владимиро куьйг яздина долчу юьззин йоцучу мобилизацин омрана комментари йеш къоман республикашкахь лакхара простестан ницкъалла хиларх дийцира Украинан президента гезгмашин-беттан 22-хь: "Оьрсийчуьрчу регионашкара баккъала долу хьал девза тхуна. Дагестанехь, Бурятехь, кхечу къоман республикашкахь, Оьсийчоьнан мехкашкахь бахархошна шаьш Iехийна хилар кхеттийла тхуна гуш ду. Iожаллина кIел кхиссина уьш".
"Бахархой, къаьсттина Дагестанехь, шайн дахарна дуьхьа къийсалуш хилар гуш ду вайна. Уьш кхеташ хилар го вайна: иза дахаран хаттар ду. Шайн бераш Iожалле ца дахийтарна дуьхьа къийсам латтабе – оцу оьрсийн зуламечу мобилизаци дIа мел текхочун дуьхьа", - аьлла Зеленскийс божарий тIаме хьийсорна дуьхьал Махачкаларчу дуккха а наха дакъа лаьцначу протестан акцин шолгIачу дийнахь.
ТIаьххьаре а, гезгмашин-беттан 29-хь, имам Шеламан иесана лерина хIолламна хьалха а лаьтташ, Киевера Грушевского урамехь Зеленский Владимира Оьрсийчоьнан къамнашка кхайкхам бира:
Шу Украинехь дала дезаш дац. Шун кIентий Украинехь бала безаш бац
"Кавказан къаьмнаш! Оьрсийчоьнан дозана тIера дерриг халкъаш! Шун цхьа а бахьана дац, тIом оьшучу оцу цхьана стагана гIуллакх дечийн могIарехь хила. Шу Украинехь дала дезаш дац. Шун кIентий Украинехь бала безаш бац. Иштта тIедилларш, иштта декхар а дац шуна тIехь. Шун дайшна, берашна, шуна кханенна, шун латтан кханенна а хьалха дац шун иштта декхар. Шуна иза хууш а ду. Оьрсийн Iедало шен эшамаш меттахIитто лууш йолийна йолчу оцу зуламечу мобилизацина аша дуьхьало йеш вайна гуш ду. Шайн эскаран а, шайн зуламе тIедилларийн а омранийн эшамаш меттахIитторхьама йолийна мобилизаци".
Кавказана а, Москвана юккъера Iин
Кавказ – иза Оьрсийчоьнан Ахиллесан кIажа бу, иза харцахь – Кремль а хаьрцар ю. Украинехь цунах кхеташ ду. аьлла хета Киеван агIо лаьцна тIомбеш йолчу нохчийн лаамхойн Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан векална, блогерна Белокиев Исламна.
"Оьрсийчоьнан "дуьненахь шолгIа меттигера эскар ду" боху туьйра тIаьххьаре а харц хилла, бакъхила меттиг ца буьссуш. Кхерамечу, воккхачу хьалханчан статусах ваьлла Путин. Дуьненан лаххарчу тIегIанел а лаха охьавоьжна иза. Кавказаца дерг дийцича, бахархой кхеташ бу, цо ша кхин а гойтург хилар – дукха доккха ду Къилбаседа Кавказана а, Москвана юккъера Iин. Яй кхехкаш бу, тIаьххьаре а эккха безаш бу иза", – боху Белокиевс.
Къаьсттина социалан башхаллаш хиларна Къилбаседа Кавказехь дуьхьало йо мобилизацина, цул сов – центро Кавказаца юкъаметтигаш лелоран ирча истори ю паччахьан заманера таханлерчу дийне кхачалц, дагардо Белокиев Ислама.
Кавказана а, Москвана юккъера вуно доккха Iин
"Наха цунна тидамбо. Церан интересаш бахьанехь вала кийча ца хиларна тIедоьрзу иза", - билгалдоккху спикеро.
Юкъараллин баккъала а йолчу проблемин хьокъехь Оьрсийн Федераци талларехула ламасташ дац Украинехь. Зеленскийн къамел – хилла яьллачу протестан реакци ю иза, анализийн, хIоттамийн жамI дац. Цундела президентам кхайкхамаш хьалха ца хуьлура, боху политикан Iилманийн доктора, украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, профессора Савва Михаила.
"Кхечу Оьрсийчоьнан регионашца юьстича, Дагестанера, Нальчикера протесташ яккхийра, жигара, ницкъе а йара, масала, федералан некъ дIа а къовлуш. Украинан куьйгалла мостагIчун гIорасиз меттигаш лаха гIарташ ю. Ала дашна, цхьайолчу музейхь суна 1944-чу шарера УНА-УНСО гIашсалтийн боламан кехаташ гира Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашка кхайкхам а беш. Нохчий, гIалгIай, кхарачой, балкхарой дIабохийча арахецнера уьш, гIаттаме арабовлар доьхура цаьрга. Иштта дуьхьало йаре кхойкхуш тахана вистхуьлу Зеленский а", - историн цхьанадогIурш дуьйцу эксперто.
1990-чу а, 2000-чу а шерашкахь, Ичкерин агIо а лаьцна тIом беш украинхойн националистийн тобанаш йара, къобалъянзачу республикан совгIаташ деллера царах цхьаболучарна. Цхьаболчу украинхойн политологаша дIахьедарш динехь а, официалан Киево керла пачхьалкх къобалъяран хьокъехь къадамаш ца дора.
Эккха кхераме йолу регион
Кавказхойн диаспоршца болх бу Европехь, Киевехь а тоал жигара дIахьош, амма тIом болабалале иза приоритете бацара. Амма хIинца, президентан а, Украинан къоман кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхочун дIахьедаршца дуьстича, гуттара чIогIа тидам бо цунна. Цигахь болчу протестан бухца доьзна ду иза – Кавказ массо хенахь йара Оьрсийчоьнна проблеме регион, юха а хила тарло иза иштта, боху Киеверчу политикан талларан "Пента" Центран куьйгалхочо Фесенко Владимира.
Your browser doesn’t support HTML5
"Зеленскийн хIинцлера кхайкхам Дагестанерчу хьолаца боьзна бу, цигахь мобилизацина дуьхьал цIаьххьана митингаш хилира. Пачхьалкхан кхечу гIаланашкахь хилла акцешкахь кIезга наха дакъа лаьцнехь, цига арабевлларш оппозицин жигархой хиллехь, амма Махачкалахь ураме бевллера бIеннаш политикаца юкъаралла йоцу бахархой", - билгалдоккху эксперта.
Фесенкос билгалдоккху, шерашкахь гулъеллачу проблемаша арабаьхнера дагестанхой урамашка – ур-атталла кхечу Къилбаседа Кавказера регионашкахьчул а яьржина курхалла, тукхамашна юккъера конфликташ, куьйгаллера кхачамбацарш: "Къайлаха долу резабацар еххачу заманаш кхиънера. ХIинца хилларг ницкъалле арахьара триггер йара, цо карзахъяьккхира протестан жигаралла. Оцу бахьанаша реакцига сиха а, эмоционале а йира".
"Пента" центран куьйгалхочо бахарехь, Украинехь ойла кхоллаелла, Оьрсийчоь оцу тIамехь шайна дуьхьал йолчу пачхьалкхан хьокъехь импери санна лелла а ца Iаш, шайн кегийрачу къаьмнийн хьокъехь а лела иза иштта. Фронте титулан къам а ца лоьхкуш, республикашкара бахархой хьийсабо цара, церан дахаршца шайн тIеман проблемаш листархьама. ООН-н кхерамазаллин Кхеташонехь цунах лаьцна дийцира Зеленский Владимира.
Your browser doesn’t support HTML5
"Украинхойн куьйгаллина оьрсийн бахархошца болх бар къаьсттина тема хилира. Амма тидаме эцнарш ю протестийн акцеш хилла йолу, йа баккъала дуьхьало йан кийча йолу регионаш. Юха а олу аса, Къилбаседа Кавказ Кремлана гергахь потенциале эккха мегаш йолу регион ю. Протестан база шоръярехула гIодийр дуй цо – диллина хаттар ду", - боху Фесенкос.
Путинан коьртачу Iалашонех цхьаъ – "цIийца хьарчор" ю, аьлча а, тIеман зуламашца къаьмнаш, пачхьалкхаш хьарчор. Кавказан а, ерриг Оьрсийчоьнан а къаьмнашна цивилизацин дуьнене болу некъаш дIакъовлархьама, харжам цаьрга ца байтархьама деш ду иза – иштта (Кремлана хетарехь) пачхьалкх йохарх ларъеш ю цара, тешна ву къобалъянзачу Ичкерин Украинера векал, "Как Путин убивает за рубежом" монографин автор Шулипа Юрий.
Ша ларваран инстинкт схьалетта
Украинан а, Малхбузерчу пачхьалкхийн а куьйгаллехь дика кхеташ ду, Москвана экзистенциале эшам хилча, пачхьалкхан дозанаш жимлур ду, тIаккха Къилбаседа Кавказан республикаш йозуш хир яц, дуьйцу Шулипас.
"Кавказан къамнаша Украинина цхьа вон болх ца бина, Украино - Кавказан къаьмнашна санна. Путино а, цуьнан гоно а нуьцкъаха Украинина тIелоьхкуш бу кавказхой", - тешна ву спикер.
Шулипас бахарехь, Москвана цхьамогIа тактикан эшамаш хилча, "дуьненан шолгIа армех" а, "машаречу Къилбаседа Кавказех" а лаьцна йолу Путинан пропагандин тезисаш вовшахъяла юьйлира. Амма Кремлан пропагандин дукха йоккха инерци ю, цуьнца динна цхьа чкъор кхиъна, тIаккха ша пропаганда СССР-н пачхьалкхан телерадион ламасташкара схьа ю.
"Оьрсийчоьнан контролехь долчу къаьмнашна къайлаха геноцид лелоран политика ю Путино дIахьош, шайн декъехь кавказхойн къаьмнаш а долуш. Масала, Украинерчу тIамехь байъинчу нехан терахь уггара лакхара долчу регионийн тептаре йогIуш ю Дагестан. ТIаккха кавказхойн къамнийн шаьш лардаран коллективе инстинкт схьалетта. Суна хетарехь, Кавказан къаьмнаш кхеташ ду, Москвано Украинина дуьхьал беш болчу тIамехь шайн дан хIума доцийла", - чекхдаьккхина Киеверчу Ичкерин векало.
Карарчу хенахь Кавказ.Реалиин базехь 300 гергга Украинехь кхалхар тIечIагIдинчу Дагестанерчу нехан цIерш ю. И тептар дуьззина дац, хIунда аьлча Оьрсийчоьнан тIеман министралло къайладаьхьна эшамаш. Масаллина: итт шо гергга Афганистанехь бинчу тIамехь 122 дагестанхо вийна.
- Кавказ.Реалиино хьалхо яздира, Къилбера а, Къилбаседа Кавказан регионашкара а дукха хьолахь дуьхьал хиларх Украинехь тIом бан, уьш юхабогIу – оцу тIехула Оьрсийчохь дукха хьолахь дIабоху уьш "тIеман гIуллакхна гунахь бац" олий. Оцу хьолехь виссира, масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра 115 Росгвардин белхахо а, БуьрийтIера 50 контрактхо а, Краснодар-махкара "Пластун" ОМОН-н ротан белхахой а. Кхин а Къилба ХIирийчоь аьлла, шаьш шайна суверенитет йкхийначу махкара Оьрсийчоьнан базера 300 эскархо а велира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна, таIзарх.
- ТIом болабалале контрактана куьйг а яздина, хIинца тIаме баха дуьхьал болчу Дагестанерчу бахархошна тIе Iаткъам бо: уьш гаупвахте хийшабо, кехаташна тIе "кIело йарна а, аьшпаш биттарна а тIера ву" олий зорбанаш етта, ахчанех хедабо. ЦIаберза гIиртинчу Дагестанерчу масех контрактхочух лаьцна истореш йийцира "Верстка" гIирсо.
- Гезгмашин-беттан 25-26-чу деношкахь мобилизацина дуьхьал протестийн акцеш хилира ХIинжа гIалахь. Кавказ.Реалиино дийцина ма-хиллара, гезгмашин-беттан 25-хь 120 гергга стаг дIалаьцнера – ницкъахоша еттара божаршна а, зударшна а. Царах бархIанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийра, шолгIачу дийнахь полицин декъашка 110 стаг валийра, царах мел кIезга а 28 кхиазхо вара. 30 гергга стагна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна. Масех стаг СИЗО хьажийна.