Иштта сурт ду, Кадыровс шен дарж дита мега аьлла, Нохчийчохь йолийначу кампанин.
Кадыров дIавоьдуш ву я вац, цкъачунна кхеташ дац. Кху тIаьхьарчу 9 шарахь, Кремло шена гIаттамхойн болам охьатаIо а, республика юхаметтахIотто а марш баьстинчул тIаьхьа, нохчийн политикехь иза ша цхьаъ бен вацара гуш а, хезаш а.
Нохчийчохь хьал тийна ду, цундела кхин а цхьа бутт баьлча цу даржехь йоккху хан чекхйолуш волу Кадыров хуьйцур ву, аьлла, хеташ вацара я хIинца а волчух тера а дац цхьа а.
Амма Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Кадыровс цIеххьана дIахьедар дира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь кхин дIа виса лууш вац ша аьлла. НТВ телеканалана интервью луш, цо элира, шен хан чекхяьлла аьлла.
http://www.ntv.ru/novosti/1609494/
Оцу минотехь дуьйна кампани йолаелла республикехь Рамзане виса бохуш дехарш деш. Цу юкъайозийна бу уггаре а хьалха махкара бахархой а, социалан машанаш а, газеташ а, телеканалаш а.
Дуьйцург цхьаъ ду. Рамзан дIавахийта йиш яц вита. Кхузахь, цхьана девзачу туьйранехь санна, цIоьмалг хIораммо а шен лааме хьаьжжина хIоттайо шен дагахь, нахалахь "вита" дешна хьалха хIоттаяхь а.
ТАСС агенталло бинчу хаамца, ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс юха а дIахьедар дина, Кадыров Рамзанан кхолламах лаьцна дала жоп дац шен аьлла. Цу хьокъехь сацам бан кхин а хан ю бохуш вара иза.
Цу хеннахь «Рамзан, дIамагIо!» кампани дIайоьдуш ю, шен болар лахцадеш...