Туркойчохь конституцина тIехь хийцамаш беш хиллачу референдумехь 51 процент харжамхоша кхаж тесна президентан бакъонаш шоръян. Дуьхьал хилла 49 процент. Цу референдуман жамIаш уггаре а йоккха реформа хилар дIакхайкхийна, кху тIаьхьарчу 100 шарахь туркойн пачхьалкхехь хилла йолу.
Цу хийцамашца президентан ЭрдохIан Реджепан бакъо хир ю вице-премьераш а (премьер-министран дарж дIадаьккхина), Конституцин а, Лаккхарчу кхелан а суьдхой а, прокурораш а даржашка хIитто а, парламент дIасахеца а, ткъа иштта махкахь чолхе хьал кхайкхо а.
Оппозицин векалша дIахьедар дина референдум дIахьош цхьайолчу меттигашкахь низамаш дохийна хиларх лаьцна.