Давыденкохь хиллачух а, долчух а дийца ца баьхьа цу юьртара нах

Даудов Мохьмад Давыденкохь

Your browser doesn’t support HTML5

Давыденкохь хиллачух а, долчух а дагабовла ца баьхьа нах

Кху беттан 26-чу дийнахь Нохчийчуьрчу низамхоша 3 стаг дIалаьцнера Давыденко юьртахь. Низамехь дина дац аьлла цIенош дохо баьхкинчу Iедалхошна новкъарло йина хиларна цаьргара телефонаш дIа а йохуш, йиттинера нахана. Кхо стаг полицино лаьцна вигна ТIехьа-Мартанарчу полицин декъе. Шайна йинарг харцо санна тидинчу Давыденкон бахархоша кхайкхам бира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Iедалхоша шайна тIехь харцонаш лелийна аьлла, цуьнга орца доьхуш. Давыденкохь хилларг талларан метта, цу буса, бахархоша дийцарехь, цига веара Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а. Нехан оьгIазлон бахьана хIун ду хааран метта, видео яьккхинарг схьавийца бохуш, нахана тIечехна Даудова, бохуш дуьйцу цу юьртарчу наха. Хиллачунна бехк нахана тIе а биллина, социалан машенашкахь яьржинчу видео тIехь Iедалхоша лелийна харцонаш а, маьттазлонаш а Iорайохуш къамел дина зуда а схьайийца, аьлла дIавахна Даудов а.

Даудова цигахь дина къамел бахьанехь цу юьртара нах ца баьхьа тахана юьртахь кхолладеллачу хьолах Маршо Радионца зIена бовла, ца баьхьа цу гIулчан тIаьхьало а хууш. Цундела, со зIене велира цигарчу хьолах хIун хаам хеза техь бакъонашларъярхошна таллархьама Оьрсийчоьнан бакъонаш ларъярхочуьнца Каляпин Игорца. Къамелан юьхьехь Iораделира цу хаттарна дала жоп Каляпинан а доцийла.

Суна интернетехь дерг бен ца хаьа, соьга шуьга дуьйцург къайлах дуьйцу, дуьйцу аьлча а, вотсапехула схьатоса. Схьатосу нах кхоьру шайна цхьаъ дийриг хиларх. Хьовсал, хIинца ‘Лорд’ веана Давыденко, ткъа цо стенна бехкебо нах: хьан йиллина видео интернет чу. Цунах кхоьру таханлерачу дийнахь Нохчийчуьра Iедал. Иза лору цо уггар луьра зулам – хаам Iорабалар. Цара ца латтабо терроризмца а, сепаритизмца а, я кхечу хIуманца а къовсам. Цара къовсам латтабо Нохчийчуьра хаамаш Iорабаха аьтто болчу нахца. И санна болу нах тахана уггар коьрта зуламхой бу, аьлла дIакхайкхийна Нохчийчохь. Хаамаш дIалун нах, цхьана хIумана сурт а даьккхина, дIа а яздина, иза интернет чухIоттон нах бу-кх уггар баккхий мостагIий, цаьрга хаьттича.

Интернетехь яьржиначу видеохь, цхьана зудчо даггара хала а хеташ, юьртана дуьхьал йина харцо емалйо. Цхьанах олу цо ‘шинарин корт’ берг. Дийцарехь, Даудова юртхошна тIедожийна и зуда мила ю шега схьайийцар. Цуьнан кхолламна сагатдой аш, цунна муьлха тайпа гIодан йиш ю шун аьлла хаттар делча, деган йовхо лун жоп ца хезира суна цуьнгара.

Your browser doesn’t support HTML5

Давыденкера бахархой лецна низамхоша

Хьовсал, дерг хIун ду, аьлча, цу зудчун кхоллам тергонехь латто беза, амма цо тхоьга цхьа а арз яздийр дац. Иза кхело жоьпе озахь а, иза реза хир яц тхан адвокатех пайдаэца. Суна ца хаьа иза жоьпе озахь а, цунна дуьхьал арз яздан дезар ду цига веана хиллачу администрацин белхахочун, цо шинарин корт бара аьллачун. Суна ца хаьа, суна схьахетарехь, иза юьхьIаьржо ю нохчочунна – йоккхачу стагана дуьхьал арз яздан. Ткъа цара цунна низамехь доцу хIума дан а тарло. Церан аьтто бу цунна дуьхьал хIуъа а кхолла. Цхьа зулам дина аьлла хIума юкъа а даьккхина, тIаIзар дан а мега, ткъа ерриг республикана хуур ду стенна дина иза цунна. Амма цхьамма а арз дийр дац.

Иштта, Нохчийчохь беха нах Iедало шайна некъ хадийча а, иза бакъонашларъярхошна дIахаийта ца бахьар Каляпинна тамашена хетахь а, цуьнан бахьанех кхетачу нохчашна хала дац цу кепара дог ойла йолчарна тIетовжа.