Нагахь оьрсий ца хиллехь...

Дагестан - Оьрсийн эскархоша Временная эвлахь тIеман операци дIахьош пенан тIехь дитина йоза: "Тхуна карадогIур ду шу къиллой маймалш". ГIура-бутт,2014

Советан Iедал долуш къаьмнийн юкъаметтигаш а, кавказехь дехачу къаьмнийн дахар а дуьйцуш даиман а хьехош дерг дара оьрсаша деана дика. Нохчийчохь санна кхечу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь бехачу наха а даиман а баркалла ала дезаш ламаст хIоттийнера Iедалша воккхах волчу вешина Iаьржачу боданера дукха гена баьлла боцу кхетам болу меттигера бахархой арабахарна. Тахана а хеза оьрсий цу регионера дIабахар хьокъехь беш болу латкъамаш.

Иштта кху деношкахь «Кавказский вестник» интрнетан сайт тIехь зорбане яьлла Дагестанан къаьмнашна юкъара политикехула волчу министран когаметтаца Ильясов Зикруллаца къамел а дина кечйина материал. Цуьнан цIе ю "Русские цементируют северокавказские народы" аьлла.

Журналисто дуьйцург дитича, Дагестанан Iедалан векло хаам бо шаьш оьрсий республике юхаберзо леррина программа кхоьллина хиларх лаьцна. Амма, гарехь, иза дIоггара кхиаме яц. ДIабаханарш дуккха а белахь а, Дагестане юхабирзина 50 оьрсийн доьзал бен бац.

Ткъа хIун бахьана ду и гIуллакх оццул лендара хилар? Цу хаттарна жоп луш Ильясов Зикруллас олу тоаъала ахча дац шайна луш олий.

Оьрсий республикера дIабахаро муха Iаткъам бира цуьнан экономикана аьлла хаьттича, министран когаметто олу оьрсийн терахь Дагестанехь охьадалар коьртачу декъана кхечу агIор хааделира олий.

Дагестанехь беха оьрсий уьйраш чIагIйеш бара цигахь дехачу къаьмнашна юкъахь боху цо.

Маршо Радион корреспонденто къамел дира цу хьокъехь Ильясов Зикруллаца.

Республикера дIабаханчу оьрсийн терахь 16 процент дара боху ахьа, тIаккха йисина 84 процент дагестанхой хуьлу. Ткъа Дагестанан Iедалш билггала оьрсий цIаберзо гIерташ ду. Иза муха нисло аьлла шега хаььттича, Ильясовс элира ша буьйцурш оьрсий бу дагестанахой бац аьлла.

Ильясов Зикрулла: «Вай буьйцурш уьш ма бац. Тахана федералан тIегIантIехь коьрта тидам тIебахийтина бу гIалгIазакхалла дендарна. Дагестанехь 22 гIалгIазакхийн организаци ю. Вайн кхетам бу, цхьаьна а кхетта, лардала гIортар аьлла, ткъа оьрсийн и кхетам кхиина бац тоъала. Дахаро гайтина цу агIор уьш гIо оьшуш хилар".

Ткъа баккъалла цемент хилла лелла те оьрсий Къилбаседа Кавказехь? Цуьнах лаьцна хаьттира Маршо Радионо историн Iилманче Вачагаев Майрбеке. Цо элира иза Советан заманахь кхоьллина легенда ю аьлла.

Вачагаев Майрбек:

Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек

Ткъа оьрсий чIогIа говзанчаш хилла бохуш дуьйцуш а ду Iедалан векалша. Цуьнах лаьцна хIун хета хьуна аьлла шега хаьттича Вачагаев Майрбека элира.

Вачагаев Майрбек:

Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек