Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан тIеман министралло кIиранде чекхдолуш хаам бира, Шемахь "Исламан пачхьалкх" тобанца тIом беш вийна шайн инарла-лейтенат Асапов Валерий аьлла. ТАСС агенталло дийцарехь, инарла Асапов хилла Дейр-эз-Зор схьаяьккха гIертачу Шеман пачхьалкхан ницкъийн хьехамча, ткъа иза вийна, цIеххьана уллехь иккхинчу минан гергаша.
Оццул лакхарчу чинехь волу стаг вийна вацара Оьрсийчоьнан эскарехь, Нохчийчуьра шолагIа тIом дIабирзина аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа.
Хиллачо дагабохкуьйту Оьрсийчоьнан керлачу исторехь Къилбаседа Кавказехь байина инарлаш. Церан цIе йоза кхоччуш ца хила а тарло, амма, 1992-чу шарахь уггаре а кхераме а, цIий Iенош а йолу меттиг а хилла дIахIоьттинчу цигахь, 2009-чу шаре кхаччалц лаьрча вийра, я тIеман халонаш Iаткъам бина велира тIеман министраллан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, ФСБ-н а ницкъашкахь гIуллакх деш хилла 18 инарла.
Кхелхинчу хенахь царех 13 стаг вара инарла-майор, 4 вара инарла-лейтенантан чинехь, цхьаъ вара адмирал. 15 стаг вийна царех тIемашкахь. 3 велла тIом боьдучу заманчохь могашалла талхар бахьана долуш.
Иштта Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн чоьхьарчу эскарера 8 инарла вийна Къилбаседа Кавказехь. ТIеман министраллан вийна 7 инарла. Цхьа инарла хилла юстицин министраллехь гIуллакх деш. Цхьаъ вара ФСБ-н инарла. Кхин цхьа инарла вара церах Федералан лерринчу сервисехь гIуллакх деш.
Уггаре а дукха инарлаш байина Нохчийчохь – 14. Хьалхара тIом боьдуш вийра 2 инарла. Ткъа Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш цигахь байинчу инарлийн терахь дара 5-зза алсам. Шина тIеман юкъахь Къилбаседа Кавказехь вийра 2 инарла.
Ткъа Нохчийчохь боьдуш тIом а болуш, тIелетарш дина Дагестанехь вийра 3 инарла.
1993-чу шеран Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь муьлш ба ца хуучу наха Оьсрийчоьнан эскаран тIеман коврана кIело йира Къилбаседа ХIирийчьурчу Тарское эвлана гергах. Цара герзаш диттина байинчу эскархошна юкъахь вара Буру-гIаларчу гарнизонан хьаькам 42-чу эскаран корпусан командир инарла-майор Корецкий Анатолий.
Нохчийчоь тIом боьдуш байинчу инарлийн чот схьайиллира 1995-чу шарахь Дечкен-беттан 7-чу дийнахь Соьлж-ГIалана штурм еш нохчийн тIемалоша вийначу милицин инарла-майоро Воробьев Виктора. Оцу хенахь иза вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан юкъараллан кхерамазалла ларъяран коьртачу урхаллан хьаькам.
1996-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь Нохчийчохь ГихтIахь тIом беш вийра Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн чоьхьарчу эскаран инарла-майор Скрыпник Николай. Цунна елира «Оьрсийчоьнан турпалхочун» цIе.
Оьрсийчоьнан тIеман министраллан инарла-майор Прокопенко Виктор вийра муьлш бу ца хуучу наха 1998-чу шарахь Охан-беттан 16-чу дийнахь. Цунна кIело йинера Моздокера Буру-гIала боьдучу новкъахь. Инарла Прокопенко вара Оьрсийчоьнан коьртачу шатабан коьрта урхаллан хьаькаман когаметта.
Милицин инарла-майор Шпигун Геннадий лачкъийра Нохчийчохь Соьлж-ГIаларчу аэропортехь 1999-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь. Иза вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчохь волу векал. 2000-чу шарахь цуьнан каш карийра лаьмнашкахь.
1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом болалуш Оьрсийчоьнан тIеман министраллан Нохчийчохь долчу эскаран дакъойн хьаьким вара чоьхьарчу сервисан инарла-майор Коровинский Станислав. Оццу шарахь ГIура-беттан 29-чу дийнахь иза велира Соьлж-ГIалахь шен штабехь, дог лаза а даьлла.
Цул тIаьхьа кхо кIира далале, 2000-чу шеран 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалана штурм еш вийра «Север» олучу эскаран дакъойн буьйранчан когаметта инарла-майор Малофеев Михаил.
Оццу шарахь Веданахь, дог вон а хилла, велира хIордан гIашсалтийн Нохчийчохь тIамехь долчу дакъойн буьйранча инарла-майор Отраковский Александр. Иза хилира Зазадоккху-беттан 6-чу дийнахь, инарла Веданахь доьдучу тIематасадаларна куьйгалла деш а волуш.
2001-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь Нохчийчуьрчу Ханкалахь шен кабинета чохь велира адмирал Угрюмов Герман. ФСБ-н директоран когаметтан даржехь а волуш, иза куьйгалла деш вара регионан контртерроран операцин штабана.
Инарла-майор Поздняков Анатолий а, инарла-майор Варфоломеев Павел а вийра Ханкалана уллехь нохчийн тIемалоша беркема чудаийтина. Иза хилира 2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь. И шиъ вара Оьрсийчоьнан Инарлан штабан лаккхарчу даржашкахь.
Хьалха-Мартан кIоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш волу Гаджиев Гейдар вийра 18 шо долчу меттигерчу яхархочо Газуева Айзана. Цо, улле а яхана, эккхийтинера шен дегIаца йолу бомба. Иза хилира 2001-чу шарахь Лахьан-беттан 29-чу дийнахь. Кхин ши де даьлча велира Гаджиев.
2002-чу шарахь Шелковскойн кIоштахь беркема чудаийтира нохчийн тIемалоша. Цу чохь хиллера Оьрсийчоьнан МВД-н чоьхьарчу эскаран ши инарла-лейтенант Рудченко Михаил а, Гаридов Николай а. Хьалхара вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилба федералан гонехь йолчу коьртачу урхаллан хьаькам. ШолгIа вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскаран коьртачу буьйранчан хьалхара когаметта.
2002-чу шарахь Лахьан-беттан 15-чу дийнахь нохчийн тIемалоша, Соьлж-ГIалахь кIело а йина, байинчу эскархошна юкъахь нисвеллера Федералан лерринчу сервисехь гIуллакх деш волу инарла-лейтенант Шифрин Игорь.
Кхин а кхо инарла вийра Дагестанехь. Цу республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр инарла-майор Омаров Мохьмад вийра 2005-чу шарахь, масатопп а йиттина.
2008-чу шарахь ХIинжа-гIалахь вийра Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран инарла-майор Липинский Валерий.
Ткъа 2009-чу шарахь, аьхка, ХIинжа-гIалахь снайперо вийра рогIера Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министр инарла-лейтенант Магомедтагиров Адильгерей.
Инарлана Скрынникана санна, Оьрсийчоьнан турпалхочун цIе тилира инарлашна Малофеевна а, Отраковскийна а, Угрюмовна а, Гаджиевн а, Шифринна а, Омаровна а, Магомедтагировна а.