Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира керла урхалла коьллина махкахь патриоталла кхиор Iалашонца. Цуьнан куьйгалхо хIоттийна президентан администрацехь болх беш хилла Зенькович Павел. Цу урхаллан коьрта Iалашо ю бахархошна юкъахь дика амалш а, гIиллакх а, оьздангалла а кхиош йолу проекташ кхочуш яр.
Патриоталла кхиоран урхалла а кхоьллина, Оьрсийчохь шен къомах дозалла дар юхаметтахIотталур ду аьлла, сатесна ю Кремл. Керла урхалла цхьа дакъа хир ду президентан администрацин. Кремлан сайто дийцарехь, цунна хьалха хIоттийна Iалашо ю, Оьрсийчоьнан юкъараллан гIиллакх а, оьздангалла а чIагIдар а, шен даймохккий, халккъий дезарехь пачхьалкхан политика дIанисъяр а.
Керла структура кхолла официалан кепара сацам бира Путин Владимира даханчу Шоьтан дийнахь (ГIадужу-беттан 20 де).
Цу гIуллакхана критика еш бу цхьаболу нах, иза Совета пачхьалкхехь лелийначух тера а ду, махкахь баьржаш болчу дуьхьалонан боламанна дуьхьал хьажийна а ду бохуш.
Петров Николай аналист ву Москох Карнеги Центрехь болх беш волу. Цо иштта дуьйцу цунах лаьцна.
Петров Николай: Шира ойланаш йолчу а, тийначу а, хийцамаш ца безачу а дукхах болчу нахана тIетовжар коьрта дарба ду аьлла, хета Кремлна протесташна дуьхьал. И бахьана долуш гучуяьлла керла урхалла, ма-дарра аьлча, идеологин суьжеташ юьхьара лаьцна хир йолу».
Социалан проекташна куьйгалла дон урхалла кхолла еза аьлла, дуьххьара хьахийра Путина баханчу баттахь, ша Краснодаре вахча. Iедалан декъашхой дакъалоцуш а болуш, кхеташо дIахьош цо элира, Оьрсийчоь дуьхьал латта еза кегийрахошна Iаткъам бан гIерташ йолчу мехкал арахьара финансаш оьцуш йолчу вовшахтохараллашна аьлла.
Керла урхалла кхуллуш ю махкахь Iедалшна хетачунна реза боцучу нахана дуьхьал деш къоршаме дIахьедарш а долуш. Иштта кху тIаьхьарчу масех баттахь Оьрсийчохь дIачIаьгIна USAID олуш йолу гIо-накъосталлан организаци, иза Оьрсийчоьнан политикана юкъагIерташ ю аьлла. Лийцина бу иттаннаш дуьхьалонан акцийн декъашхой.
Критикаш юста керла урхалла Советан заманахь хиллачу агитацин а, пропагандин а отделца. Цу урхалло нивкъарло йийра ю аьлла хета царна, Оьрсийчоь дикачу агIор хийцаяларна. Царах ву Петров Николай а.
Петров Николай: «Кремло "статус кво" олуш долу махкахь хIоьттинчу хьолана тIетоьвжина болчу бахархойн дукхалла кхош хилча, Кремло шена дIакъовлу реформашна тIе а, модернизаци ярна а тIе болар дар. Цо пайда ца оьцу ша цу наха къобул еш хиларх, мичча дахана а, цхьанха дахарехь. Цу агIор аьлча, суна хетарехь, и проект эшаме хир ю".
Делахь а Путина яьккхинчу гIулчана реза болу нах а бу Оьрсийчохь. Коьртачу декъана уьш бу шайн пачхьалкх глобалан Iаткъам бан аьтто болуш хилла зама юхаяре сатуьйсуш болу нах.
Москох экономикехула лаккхарчу школехь политикан талламаш беш ю политолог Касамара Валерия. Оьрсийчоьнан бахархой цхьаьнатухуш мехала хила мега керла урхалла аьлла, хета цунна, нагахь пропаганда ян гIертарна иза юьстах латтахь.
Касамара Валерия: «Адамаш цхьаьнатухур долу идейш кIезиг ю тахана Оьрсийчохь. Адамаш хер далар дIадаккхарехь шен даймохккий, халккъий дезар пайденна хила мега. Шаьш дукха хенахь дуьйна дан дезаш хилларг деш ду Iедалш. Амма адамийн дика ойла кхолла гIертачу меттана партал пропаганда хилахь, жамI нисса бIостанехьа хир ду. Цу кепара, кхузахь коьрта хаттар ду, иза кхочуш муха дийр ду бохург.
Цкъачунна билггала хууш дац керлачу урхалло хIун лелор ду. Цхьаболчу хаамашца, цуьнан Iалашо ю школашкахь патриоталлах лаьцна программаш юкъаяхар а, кинош а, берашна хьажийна мултфилмаш яхар а.