Your browser doesn’t support HTML5
Огненный гIайри тIерачу оьмар кхачаяллалц нах чохь латточу «Вологодский пятак» набахтехь чекхдаьлла тIахьарчу заманахь шен цIе алссам яьхначу нохчочун Гайтукаев Лом-Iелин дахар.
Оцу набахте дIакхачийна беттанаш бовлале велла иза. Хьалхо иза волчу витина, иза гойла хиллачу вешин воIа Гайтукаев Темирлана дийцина журналисташка шен девешина чIогIа еттара набахтехь, аьлла.
Ткъа адвокаташа Харионовская Еленас а, Джамалутдинов Муслима а дийцарехь, Гайтукаев доIахца цирроз йолуш вара, цу тIе цо, шена етта бохуш аьрзнаш а дора, ткъа кхело тергамза дитина цунна еттар а, иза чIоггIа цомгуш хилар а.
Мила вара Гайтукаев Лом-Iела?
Ши шо хьалха дерзийра кхелаша Политковская Анна ер толлуш лаьттинчу девнийн кочар. Юьхьанца йирзинчу кхело бакъ ца дира лецнарш бехкехилар.
Ткъа рогIерчу талламо журналист шен карах йийнарг ву, аьлла, жоьпе ваьккхира веаннах ТIехьа-Мартанара Махмудов Рустам. Зуда ен тоба вовшахтоьхнарг ву элира Гайтукаев Лом-Iела. И шиъ дIахьажийра набахте дахар чекхдаллалц кхаба. Вукху шинна туьйхира ехха хенаш.
Дукха а, кеп-кепара а вийцина стаг ву прессехь Гайтукаев Лом-Iела.
Ша ваьхначу 59 шерачохь цо шех хьарчийнарг ю «криминалан авторитет-бизнесхо» цIе.
Нохчийчоь Советан пачхьалкхах ша-шеггара бовъяллачу муьрехь яьржинчу финансийн жоьлгаллехь аьтто баьлла цуьнан, дийцарехь, дукха ахча Москох банкашкара дIагулдан а, Оьрсийчохь, Австрехь бизнес йилла а, желтойн Салоники гIалахь кехаташ а дохуш, цигара паспорт шена даккха а.
Духхьара лаьцна, набахте кхачийра Гайтукаев 1992-чу шарахь шен шина накъостца, оьрсийчуьнций, эрмалочуьнций, Москох миллиард соьманна, хIетахь оцу жоьлгийн операцех нохчаша олуш ма-хиллара, «мох чутоха» воьлча.
Харц «авизо» бахьанехь Оьрсийчохь чубухкучу хьалханчийн могIарахь а волуш, 7 шо текхна оцу зуламна дуьхьал набахтехь Гайтукаев Лом-Iелас.
Набахтех мукъаваларца, «Керла Зама» цIе а луш, "юкъараллан политикехь Нохчийчоьнца зIенаш латтон йолчу Iалашонца" болам схьабиллина цо. Оццу юкъанна Москох талорхойн «Лазански» тоба кхоьллинчийн декъа а вуьгу иза криминал толлучара.
Украинехь мехах совдегар Корбан Геннадий вейта гIоьртина нохчочуьнга Джамбураев Арсене, ша цуьнга маса топ а, патармаш а дIа а луш, аьлла, нийсса 2007-чу шарахь юха а набахте хьажийра Гайтукаев. 15 шо кхайкхийра, кхелан сацам низаме а белира.
Амма набахтехь хила кхачийнарг, цхьана а кепара кхеташ боцчу некъашца, маьрша висира
Оцу шерашкахь дуккхаза а йохура Гайтукаев Лом-Iелин цIе прессехь.
2008-чу шеран гурахь шена билггал хаьа Политковская Анна юьйриг киллершна 2 миллион доллар деллийла, даржийра цо.
2009-чу шарахь кхайкхийра, ша а вара кхо шо хьалха Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Ичкерин тIеман баьчча Басаев Шемал вуьйш дакъалоцуш, аьлла.
Ткъа 2011-чу шарахь Талламан комитето ша Гайтукаев а лецира, Политковская Анна юьйш хьалхаваьлла леларна бехке а вина.
Цо вовшах а тоьхна а, чекх а даьккхина журналист ер: Москох милицин подполковник Павлюченков Дмитрий а, лерринчу ницкъашкара Хаджикурбанов Сергей а, шен гергара ши ваша МахмудовгIар а декъа а озийна, дина зулам, бара кхелан сацам.
Гайтукаев Лом-Iелин дакъа цIа хьош бу кху юкъанна цуьнан гергарнаш.
Цуьнгахь лаьттинчу ирчачу хьолехь ву набахтехь, прессо бахарехь, Политковская йийначу тобанера 11 шо хан тоьхна волу кхин цхьа фигурант а – Рязанна гергарчу Колпинскерчу набахтера Павлюченко Дмитрий.
Гергарчара орцанаш доху, иза эпилепси йолуш ву, дийнахь маситтаза тиларчу воьду, лазар тIедеъча, лаьттахветтало, коьртаца телхина, бохуш. Бакъдо иза Павлюченкон адвокато Нерсисян Карена а.
"Лозански" тобан да хьоьгур воцу чаккхе
Гайтукаев Лом-Iелина тIехь лелла «ФСБ-н агентан» цIе лийлира велла, аьлча а, вийна дIаваллалц талорхойн «Лозански» тобанерчу кхин а массех декъашхочунна тIехь. Дуккхаъчу хьостанаша дийцарехь, 2000-лагIа шераш тIехIиттале къар а йина, Нохчийчохь шайна тобанах пайдаэца долийна къайлахчу сервисаша. Ткъа церан гIуллакх чекхдаьллачу муьрца нисло тIаьхьий-хьалхий тобанхой эгар а.
Масала, Исламов Леча («Борода») 2000-чу шарахь Нохчийчохь къамеле а кхайкхина, лаьцна, вигира ФСБ-но. Исс шо хан туьйхира, набахтехь велира цхьана девзаш доцчу дIаьвшах, ша волчу набахте «чай мала веъна» стаг дIавахана валале.
2001-чу шарахь логах урс хьакхна, Соьлж-ГIалин йистехь вийна карийра «Лозански» тобанера Текилов Балавди.
Мелла а аьттоне юхьанца нисбеллера кхечу «лозанхочун» Атлангериев Русланан кхоллам.
2000-чу шеран бIаьста цо ФСБ-хошна лаца аьтто баьккхира Ичкерин баьчча Радуев Салман. Оццу шеран гурахь, Iехийна, Дагестанан Iедалца бертан къамеле вуьгу аьлла, лацийтира Ичкерин кхерамзаллин министр Атгириев Турпал-Iела. Оцу накъосталлина дуьхьал Кремло, полковник а веш, массех совгIат делира Атлангириев Русланна.
Ткъа ша Атлангириев бевзашбочцара лаьцна, Москох вадийра 2008-чу шо долалуш. Кхин дийцарш бен, дериг хаанза вайна.