Кху беттан 23-чу дийнахь Кадыров Рамзана герз тоха бакъо елира нохчийн полицин белхахошна кхечу регионашкара баьхкинчу ницкъаллин стурктурийн белхахошна, нагахь уьш меттигерчу Iедалшна а цахууш республикехь операци ян гIортахь.
Кадыров Рамзан: «Массарна а хаа дезаш ду Нохчийн республикан территорина тIехь коьртаниг низам хилар. Ас официалан кепара дIахьедар до. Нагахь шуна а цахууш, шун территори тIехь гучувалахь, башхалла а дац иза Москохара, Ставрополера хиларх, тIедахийта герз. Вайга ларам хила безаш бу. Вайн бакъо яц ГIалгIайчохь террористашна а, экстремисташна а дуьхьал мероприяти ян. Нагахь шу шайн меттиган дай делахь, аша дола дан деза цуьнан».
Кадыров Рамзан оьгIазвахийтинарг дара КIирандийнахь, эскарех юьзначу республикан коьртачу гIалин юккъехь, цхьанге а хIумма а ца олуш, луларчу регионера баьхкинчу тIеман барзакъ доьхначу наха маьрша стаг вер.
Гуттар иза эргIадвахийтинарг дара иза тIом дIабаьлла бохуш бахархой те беш а волуш, республикан дега юккъехь иза хиларна.
Кадыров Рамзан: «Вайн территори тIехь и тайпаниг хир дац. Иза хир ду моьттуш берш Iехабелла. Царна хаа деза вай а машар а, къепе а хилийта лууш хилар. Ткъа 2000 шерашкахь хилла хенаш дIаевлла. Цхьанна нохчи лаца лиинера аьлла, иза дIа а вигина вер... Цу тайпаниг хир дац».
Кхузахь уггаре а Кадыровна а, цуьнан гонна а кхераме лара догIург ду цхьанна дага дагIахь цу тайпа операци царна дуьхьал а дIаяхьа мегаш хилар.
Охан-беттан 24-чу дийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло харц дира Кадыровн дешнаш, Ставрополерчу полисхоша аьлла хилла шаьш стаг лаца дохкуш хиларх лаьцна Нохчийчура бехктакхаман талламан урхалле аьлла.
Амма нохчийн верси кхоччуш кхин ю. Нохчийчура омбудсмено Нухажиев Нурдис динчу дIахьедарца, хилларг иштта ду. «Дадаев, куьйгаш а айина, тIевахана низамашлардечу органийн белхахошна. Цуьнга хьажна доцуш, цунна герз диттина. Цуьнан машенна цхьа дендарг а бен ца кхетта, ткъа цуьнан дагах кхеттарг ши дендарг ю. Цул сов, цунна лоьрийн гIо а цадина. Полисхоша цхьа а тIевуьтуш цахилла стаг вийначу метте «цо тхайниг вийна бохуш».
"Ницкъалллин структурийн белхахоша йина операци киллерийн белхах тера ю. Цхьа а бахьана а доцуш иза лелон хIуьттур бацара уьш, гарехь царан дикка шайкай елла» , - боху Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиевс.
Оццу дийнахь Кадыров Рамзана шен дIахьедар дира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина хаам харц бу аьлла.
Кадыровн омрица Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчохь йолчу урхалло бехктакхаман гIуллакх схьаддилира 43 шо долу Дадаев Джамбулат верна бехке болчу Ставрополерчу полисхошна дуьхьал. Амма шолагIчу дийнахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александр дIакъевлираиза. Цунна ша реза цахилар дIахаийтира шен Инстаграммерчу агIонна тIехь Кадыров Рамзана.
Кремл цкъачунна мелла а жигара юкъа ца гIоьрташ Iаш ю цу гIуллакхана. Амма, Кадыровна критика ян Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн куьйгалхо сих цабаларо гойтуш ду, Кадыровна луург чекхдера хилар а, цу къовсамехь иза оьшур цахилар а аьлла хета Оьрсийчура политикан эксперташна.
Царах цхьаммо, журналисто Шевченко Максима ша кху исторехь нохчех теша боху. Цара дуьйцург баккъалла хиллачу тера ду аьлла яздина цо ша «Коммерсант-газетехь зорбане яьккхинчу артиклехь.
"Эксперташна хетарехь, Ставрополерчу полисхойн Iалашо цахилла «зуламхо» лаца, церан Iалашо хилла Дадаев вен. Болчу хаамашца, бохкабеллачу Ставрополерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан белхахоша кхочуш деш хилла хьалха Дадаевн дов даьлла хиллачу Дагестанерчу нехан дехар", -бохуш яздо журналисто Шевченко Максима.
Шевченкос дийцарехь, Кадыров шен дарж дита куийча ву. Амма даржера дIабовла мегаш бу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхой аьлла хета цунна.
Амма Маршо Радиоца цу хьокъехь къамелаш динчу кхечу эксперташна хетарехь, Кадыров оьшуш доьрзур дац и гIуллакх.
Цу хеннахь Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана гIортор йина Кадыров Рамзанна. «ХIунда эха езаш ю (республикашка) чакхе а йоцуш мичара ю а цахууш йолу герзаца йолу тобанаш?
Нагахь со республикан куьйгалхо велахь хаам бе соьга, ткъа ишша – суна мичара хуур ду и нах вайнаш бу, я бац",- бохуш вара Абдулатипов Рамазан Къилбаседа Кавказан зорбанан гIирсийн Ассоциацин декъашхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. «Мега доцуш ду, -- элира цо, - регионийн куьйгалхошна хетарг тидаме цаэца".