Your browser doesn’t support HTML5
Политикан протесташна юкъаийзабала боьллачу кегийрхошца къийсало Оьрсийчоьнан Iедал: лаамза хийшош, хьоьжуьйту «кхетош-кхиоран» филмашка, гулбо лекцешка, дуьйцу мел кхераме ю урамашкара протесташ. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондентан Шрек Карлан артикл.
Тольятти гIалара 17 шо долу Матвей кхетара, шаьш, ша а шеца доьшурш а, класса чуьра ара а даьхна, стенга дуьгу.
«Тхуна хаьара филм кхечу школашкахь а гайтинийла», боху Маршо Радиога шен цIе юьззина цаяккхар дехначу цо.
Иза бакъ хиллера – Оьрсийчуьра оппозици фашистийн, террорхойн могIара хIоттош яккхинчу филме хьовса дIагулдира бераш.
Суна нийса ца хета школашкахь политика яржор...
Матвейс и филм гойтучу хенахь шен шерашкарчу кхечу бераша диннарг дира – шен телефон чу «историна» дIаяздира филм гойтучу миноташкахь лелла хьал.
«Ас иза пропаганда лору. Хьулйина пропаганда. Иштаниг школо лело мегаш а дац», аьлла хета кIантана.
Матвей: «Суна нийса ца хета школашкахь политика яржор, Iедална, оппозициний юкъахь лаьттачу тIамна юкъа бераш ийзор».
ТIаьхьо Матвейс а, цуьнан классерчу бераша а оцу филман кийсак а, хьаьвсина девлча, шаьш опоозицин боламах лаьцна директорца а, хьехархошца а къуьйсуш яьккхина видео а хIоттийра интернете.
YouTube-хь яьржина и тайпа видеош нехан тергоне йирзина – цара гойту Путин Владимиран Iедалний, къоначу чкъораний юкъаюлуш лаьтта гамо.
Оьрсийчохь лелачу коррупцина дуьхьал ши бутт хьалха иккхинчу протестан гуламашкахь кегийрхой хаабаларца доьзна статисташа бинчу талламаша гойту къона чкъор цхьана доккхачу декъанна Iедалх тешаш доцийла.
Кху беттан 17-чохь Оьрсийочьнан дешаран, Iилманан министро Васильева Ольгас аьлларг даржийра ТАСС агенталло: «Протестан дог-ойла лелаш ю, оцу берашца-протестхошца вай болх бан а беза».
Иштта, цо элира, мегар дац кегий нах «халкъана дуьхьаллаьттачу боламашка ийзабалийта», «адам талхочу маьттазчу радикализме» берзийта.
РогIерчу президентан харжамашкахь Путинера гIант къовса кечлуш волчу Навальный Алексейн кегийрхошлахь авторитет кхуьуш хилар гойту хьоло. Цуьнан цIе кегийрхошлахь яьржаш ю, Оьрсийчоьнан официало а, пачхьалкхан хаамийн гIирсаша а иза кхераме экстремист вина вийцахь а.
«ДIа а гIой, хьайна цIахь бан белла болх бе!»
Ши кIира хьалха, Зазадоккху-беттан 12-чу дийнахь протестан акцеш хила а езаш, интернетехула яьржира массех видео – протестхошна юьстах совца бохура цара кегийрхошка. Дахначу кIиранах поп-эшаръалархочо Вокс Алисис ша арахецначу клипан текстехь боху, «Ма гIерта политикана юкъа, дIа а гIой, хьайна цIахь бан белла болх бе!»
Ткъа реперо Птахас бехкейо Iамеркан Штаташ «кема техкорна», боху «тамаше ду Сэма деллачу ахчанах патриот ваьлла лелар». Кремлерчу критикаша Навальный Алексейх эрриг ду реперо бохург – «Iамеркан марионетка».
Навальныйс бехкейо Кремл цо ша бахархошкара йоккхучу йола тIера и тайпа видеош яржош ахча дайарна – 3 миллион адам хьажна протесташна дуьхьал интернетехула яьржинчу видеошка. Амма уьш ша ца яржийна, дIахьедина Путинан администрацис.
Баррикадех ларлуш...
Москох Лаккхарчу экономикан школехь политикан талламийн лабораторин куйьгалхо ю Касамара Валерия. Цунна хетарехь, кегийрхошна, уьш протестан боламах къахкош, Iаткъам алсам мел бин а кхераме ду Iедална. «Оцо мелхо а совдоккхур ду протесте буьйлучу кегийрхойн терахь», элира цо Маршо Радиона интервью луш. Ткъа цунна хетарехь, цкъачунна кегийрхойх доккха дакъа теша веккъа цхьана стагах – Путинах.
Студентийн юкъара васт го тхуна: баррикадашкахь шаьш зен лууш бац уьш...
Касамара: «Вайна гуш долу сурт - иза президенталлах теша бохург дац. Деккъа дIа Путин Владимирах теша. Уьш цунах теша, цхьаъ делахь, дог дохуш цуьнгара диканиг кхачаре, иза бен ца го царна президентан даржехь, сатийсам бу беккъа оцу стагна тIехьажийна».
Iилманчас Касамара Валерияс, шен коллегашца цхьаьна, 6000 студент декъа а озош, зийна кегийрхойн политике болу хьежамаш. Цо бахарехь, скепсис ю церан ойланашца, ца лаьа царна шайна дезарг «баррикадашкахь тIедаккха».
Касамара: «Студентийн юкъара васт го тхуна: баррикадашкахь шаьш зен лууш бац уьш, мульхха а протест – иза риск ма юй. Ца лаьа царна кхерамна кIел нисбала. Царна шайн дахаре некъ боккху комфорт еза».
Касамарин хьажамца догIуш нисло кIира хьалха бинчу талламан жамIаш а. 66 процент реципиенташа боху, коррупци йоккха проблема ю Оьрсийчохь. Амма 72 процент наха протесташка эшалур яц боху коррупци.
Иштта бу Маршо Радион корреспондента Шрек Карла арахецначу артиклан чулацам