Федералан Гуламе шеран коьрта дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто

Оьрсийчоь -- Федералан Гуламе шеран коьртан дIахьедар дира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Кремлан коьртачу чоьнехь, ГIур12, 2013

Путин Владимира шен дIахьедар дIадийшира ирахь. Цу гIуллакхана цунна ийшира 1 сахьт 9 минот. Оьрсийчоьнан куьйгалхочо мехкан парламентан шина чоьнна хьажийна коьрта дIахьедар дарх лаьцна дийца Кремлехь тIеэцнера 522 журналист.

Хуьлуш дерг шайн эфирехь оццу хенахь гойтуш яра «Россия 1» а, «Россия 24» а, «Хьалхара» а телеканалаш а, «"Маяк", "Вести FM" и "Радио России" радиостанцеш а.

Президенто шен къамел долийра гулбелларш Конституцин Денца декъал а беш. Цо дагадаийтира цу документан адамийн бакъонаш а, маьршонаш а юйцуш йолу агIонаш хийца мегар ца хилар. Амма, Путина дийцарехь, цхьацца нисдарш дан мегар ду Оьрсийчоьнан коьртачу низаман тIехь.

Оьрсийчоьнан президенто шен къамелехь хьахийра мехкан дахаран ерриг а агIонаш. Махкахь къепедацарш лелош а, юкъаралла карзах йохуш а дерш къаьмнаш дац, гIиллакх-оьздангалла йоцу интернационал ю элира Путин Владимира.

Путин Владимир: «Иза деш берш хIокху, я кхечу къаьмнийн векалш бац. Иза деш берш култура йоцу, шен а, кхечу къаьмнийн а ламасташка ларам боцу нахз бу. Иза цхьа шен кепара «г1иллакх-оьздангалла йоцу интернационал» ю, шайна юкъахь доьхка даьстина, эхь доцучу бевлла лелан Оьрсийчоьнан цхьайолчу Къилберчу регионашкара схьабевлла нах а, этникан мафина тхов латтош болу, бохка белла низамашлардон органийн белхахой а, ткъа иштта шайх оьрсийн националисташ олу нах а болуш - муьлхха а дахарца боьзна бохамах вандализм лело а, цIий Iенош кегаре эккхийта а бахьана дан кийча болу тайп-тайпана экстремисташ».

Кхечу пачхьалкхашкара, коьртачу декъана СССР-на юкъайогIуш хиллачу республикашкара нах, шайн махка эхарх лаьцна йолу проблема а хьахийра Оьрсийчоьнан президенто шен къамелехь. Меттигера гIиллакхаш а, низамаш а, дахаран кепаш а ларйеш боцучу нахана махка бахкар доьхкур ду олуш, цо олуш дерг чекх а далале тIараш детташ бара гулбелларш.

Путин Владимир: "Царна вайн махкахь баха елла бакъо, цхьана ханна аьлла, доза тоьхна хила еза. Ткъа кхузахь бехаш вайн дахаран кепаш йохочу нахана Оьрсийчу бахкар дихкина хир ду... динчу зуламе хьаьжжина кхаа шеран тIера 10 шаре кхаччалц".

ХIара дуьне кхоьллинчхьана адамашна юкъахь лелаш хилла гIиллакхаш а, юкъаметтигаш а ларйир ю Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедар дира Путин Владимира. Иза кху дуьнентIехь дуккха а нахана товш ду бохуш вара иза.

Путин Владимир: «Ткъа вайна хаьа кху дуьнентIехь вайна гIортор еш дуккха а нах хилар, вай адамаша лоруш долу ламастан коьрта хIуманаш лардон дела. Ткъа уьш ду эзарнаш шерашкахь цивилизацин, хIора къоман бухехь лаьттина долу хIуманаш.

Уьш ду хила ма безза болчу, ламастан доьзалша лоруш дерг а, ма-дарра долчу адаман дахаран кеп а, шенан юкъахь динан дахар а долуш, гуманизм а, дуьне тайп-тайпана хилар а».

Дуьненаюкъарчу политикехь шаьш юьхьарлацначух иштта элира Федералан Гуламе шеран коьртан дIахьедар деш волчу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Путин Владимир: «Вай даиман а дозалла дина вайн махках. Амма вай цкъа а ца хилла, дуьненна а урхалла дан гIерташ йолуш санна тIеоьцуш йолу тIех сов пачхьалкх ю тхайниг аьлла цIе яккхийта гIерташ. Тха цхьанна а луург охьа таIо гIерташ дац, цхьанне а дола дар тIедожо гIерташ дац.

Вай цхьа а ваха Iамо гIерташ дац. Амма вай лидерш хила гIертар ду, дуьненаюкъара бакъо ларйеш а, халкъийн къоман суверитнитет а, церан ша тйпа хила йолу бакъо а ларйеш».

Демографин хаттар а хьахийра Путина, кхо бер долу доьзал Оьрсийчоьнан норма хила еза, аьлла. Цул сов, цо дIахьедар дира тIеман агIор шайл а ницкъболуш пачхьалкх хуьлуьйтур яц шаьш аьлла. Цу гIуллакхана кху шара 23 миллиард сом дохка дагахь ю Оьсрийчоь.