Кемана ша хаале, гергарнаш Рамаданца декъалбина дагестанхочо. Цул тIаьхьа…

Шереметьевохь цIеяьллачу кеманца хиллачех велла 41 стаг. Царалахь ву тIеман хIордакеман мичман Искандеров Навруз. Хьовзам толлуш хьийзачу цуьнан доттагIаша а, кеманчуьра дийна арабевллачара а дийцарехь, кIелхьаравала аьтто хилла 23 шо долчу дагестанхочун, амма иза сецна наханна гIодеш.

Кху беттан 5-чохь иккхина бохам. Мурманске даха новкъадаьлла Sukhoi Superjet 100 кема, стигал даьлла 28 минот йолуш юхадирзина ша гIаьттинчу Шереметьево. Мотораш дагадоларна. 78 стаг хилла чохь.

Талламо зуьйш ю массех верси: пилоташна кема дика девзаш цахилар; диспетчерша шайн болх бан ма-безза цабар; кема тIомадаккха тоъал кийча хилла дацар; чолхе хенахIоттам. Иштта боху Оьрсийчоьнан Талламан комитето шен сайтехь.

Аэрофлот авиакомпанино пхиппа миллион сом ахча лур ду SU1492 рейсехь беллачийн доьзалшна.

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира а аьлла, ша гIодийр ду кхелхинчу Наврузан гергарчарна.

Амма дацара Наврузан я да-нана а, я йиша-ваша а. Да велла иза бер долуш, нана лурчах раках кхелхина.

ЧIаьнкъа (метис) вара Навруз, да – казах, нана – Каякентан кIоштарчу Усемикентера гIумки.

"Тийна бер дара Навруз жима волуш. Суна иза оццул майра, доьналла долуш хьалакхуьур ву аьлла а ца хетара, амма цунах-м эскархо-эпсар а тIехь хилира", дагалоьцу кхелхинарг цуьнца цхьаьна школехь дешначу Исмаилов Шемала ша "Кавказ.Реалиица" дечу къамелехь.

Искандеров Навруз жима волуш ( аьрру агIор хьалхарниг)

7 класс яьккхинчул тIаьхьа ХIинжа-ГIаларчу кадетийн корпусе дехьавалла Навруз. Цигара ваьлча, вахана Петарбухарчу тIеман-хIордан политехинституте, гIуллакхдеш вара Мурманскехь тIеман х1ордакеманца.

Юьртахоша дийцарехь, даймахка вогIийла ца хуьлура цуьнан цхьа наггахь бен.

Бохам хиллале хьалха жимастаг кхиина Дагестанехь хан яккха, меранна дарба дайта, цергаш тоян, машен лело Iама, дьйцу цуьнан доттагIчо Шемала.

Ша Москох дIакхаьчнийла а хаийтина Шемална Навруза, мархин бутт болабаларца иза декъал а вина.

"Бегаш хаза болуш вара Навруз. Цо беламе цхьа хIума аьлча, тешара массо а. Вела а ца луш бора бегаш. Даима а, бехк ма билла ша бегашбарна, олура", дагалоьцу Шемала.

ДоттагI ца кхета, "стенна ца вуьйцу хIинца Навруз?"

"Ур-атталла видео а дIайоккху интернетера, оха иза юхачухIоттийна ялале", цецвуьйлу Шемал.

КIанта хьехориг ю цо а, Наврузца дешначу кхечу кегийрхоша а кеманца хилла бохам гойтуш яьккхина хроника. Оцу чохь комментаторо боху: "Навруз хиина Iен меттиг 11-чу могIарахь, атто агIор, йистехь бу. Дийна бисина цул хьалха хилла массо а, делла шиъ доцург – Пилипчук Альбина а, Джереми Хинтон Брукс а (Iамеран Цхьаьнатоьхначу Штатийн вахархо). Цараний, Искандеровний юкъахь гIентийн кхо могIа бен бацара".

"Видео чохь Наврузан аз ду, цо эпсаран озаца боху нахе: "Массо а арадовла!" Иза шеко а йоцуш ву Навруз. ТIеман хIордакеманийн эпсар ма вара иза", дуьйцу Шемала.

КхидIа а боху видео чохь комментаторо: "Ша кIелхьарвалар дуьйцуш Молчанов Олега элира, ша шен зудчуьрчу 12-чу могIарахь хиина вогIура, цунна тIехьа хилла Навруз. МолчановгIара дийцарехь, цхьа жимастаг вара наханна гIодеш, хилла иза я ца хилла кеманчуьра белхахо, царна ца хаьа".

Комментаторо хьехош волу белхахо (стюарт) Моисеев Максим ву. Иза кеман цIоганехь хилла, инструкцино бакъо ца ло цунна хьовзам хуьлуш шен белхан меттиг йита – "цундела кхочийла дац стюарт Навруз Iийначу метте".

Исмаилов Шемал тешна ву шен доттагI Искандеров Шемал, шен дийна виса таро йолушехь, нах кIелхьара баха бухасецнийла кеманчохь.

"Богучу нахе а хьоьжуш, иза цкъа а Iийр вацара", боху Шемала.

Уллеранаш бацахь а, цхьаболу гергара нах болуш ву Шемал. Оцу нахана хала ду видео хьовса:

"Лазам бу цаьргахь. Дакъа дIадолла шайга схьадаларе сатуьйсу цара, кIиранах хьежа беза аьлла: экспертиза чекхъяллалц. Бакъду, Наврузан шичас дина Iедална оьшуш мел долу тоьшалла. Дакъа сов даьгна а дац боху", дийцира Исмаилов Шемала.