Стохка гурахь а, Зазадоккху-беттан юьххьехь а Оьрсийчохь парламентан а, президентан а харажамаш харцонашца дIабахьарна бехке еш ю говзанчаша карарчу хенахь цу махкахь лелаш йолу конституци. Иза тIеэцар а дара бохаман чулацам болуш.
Оьрсийчоьнан цу хенахь хилла волчу президентана Ельцин Борисна а, цуьнан агIончашна а хетарехь, махкахь реформаш ян оьшуш йолу керла конституци тIеэцаран процес дукха яхъеллера.
И бахьана долуш Ельцина 1400 номер йолу омра арахийцира, депутатшка шайн даржаш охьа а дахкий, парламент дIасахеца, аьлла. Оьрсийчоьнан Конституцин кхело сацам бира цу указо йохош ю мехкан конституции 12 артикл, аьлла.
Цу тIе а тевжина, Оьрсийчоьнан Лаккхара кхеташо реза ца хилира Ельцинан указ кхочуш дан, цо динарг Iедал карчо гIортар ду, аьлла. ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министро Грачев Павела буьйр а дина, парламентана го бира танканаша. Гергарчу массех дийнахь, тIе яккхийн тоьпаш а етташ, хIаллакйира эскарша Оьрсийчоьнан коьрта низамаш доху орган.
Цу хьокъехь дара Маршо Радионо Оьрсийчоьнан парламентан гIантда хиллачу вевзаш волчу политикца Хасбулатов Русланца дина къамел.
Маршо радио: Руслан, Оьрсийчоьнан эскарш шайн мехкан парламентана тIе яккхийн тоьпаш йиттира. И тайпаниг хьалха хилла хIума дарий исторехь?
Хасбулатов Руслан: Дера ца хилла-кх хIокху кхаа эзар шарахь-м. Гитлеро а шен рейхстагана ма ца йинера тоьпаш туху кхел. Цхьа а тайпа бакъонаш-м яцара оцу рейхстаган. Делахь а, яккхийн тоьпаш тоьхна а, я ца тоьхна а, парламент дIасалаьллина исторехь хууш хIума дац-кх иза. Дуьххьара дина хIума ду-кх иза.
Маршо радио: Ткъа уггаре а къоршамениг муьлха тIаьхьало яра аьлла хета хьуна цу гIуллакхан.
Хасбулатов Руслан: И Ельцин боху мостагI а веана, парламент хIаллак а йина… цул тIаьхьа ма-болабелира и тIом нохчийн махкахь. Кура а бевлла хIара инарлаш. Цара болийра-кх и тIом. Парламент хIаллакъяран нийсса йолу тIаьхьало ма яра цара болийна болу и тIом.
Маршо радио: Оьрсийчоьнан парламент хIаллакъеш 200 сов стаг вийра, официалан кепара беш болчу хаамашца. И зулам дарна жоьпе озийна стаг вуй, шу, дIалецна, чудохка гIертар а бен кхин цхьа а хIума диний цара?
Хасбулатов Руслан: Дера ца дина. Прокуроратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллира,150 стаг вийна, аьлла. ДIадерзийра-кх цара. ХIунда аьлча, байина нах совбевллехьара, дуьненаюкъарчу низамашца адамаллина дуьхьал дина зулам ду аллла, юкъагIур яра хIара (пачхьалкх). Иза ца хилийта шаьш байинчу нехан терахь лахара гайтира-кх цара. Соьга инарлаша дийцира, со араваьлча, ши-кхо эзар стаг хIаллак ма вина цара.
Маршо радио: Хьоьца болу нах тайп-тайпана ойланаш йолуш бара. Шайна тIе яккхий тоьпаш етташ хIун ойла яра шун?
Хасбулатов Руслан: Дала къелхьара ваьккхира-кх со. Уггаре хьалха, хIаллак со ве, аьлла, омра ма-динера Ельцина. Коржаковс дийца а ма дийцира иза, шега Ельцина аьллера, бохуш, уггаре хьалха Хасбулатов тапча тохий ве, схьа ма лаца иза, аьлла. Дала къелхьара ца ваьккхича, цхьа а ницкъ бацара-кх со къелхьара ваккха.
Маршо радио: ХIинца ткъех шо а даьлла цул тIахьа. Истори кхечуагIор йоьрзур яра аьлла хетий хьуна, нагахь иза ца хиллехь?
Хасбулатов Руслан: Дера гIур яра кхечу агIор! Оьрсийн пачхьалкх хаза нехан санна ехаш хир яра. ЕльцингIара хIаллакйина заводаш а, фабрикаш а, оха хIаллакйойтур яцара. И коррупци бохург тхо хIаллакдинчул тIаьхьа дIадоладелира. Заводаш дIалуш, фабрикаш дIалуш, кеманаш дIалуш…
Гой хьуна, хIора денна охьаэгаш ду кеманаш. Заводийн меттана казинош а йина, ресторанаш а йина, дIахIоттийна кхара хIара пачхьалкх. Нагахь санна, мехкдаьтта духкуш, шортта ахча схьадогIуш дацахьара, хIара пачхьалкх хIаллакйина дIаяьлла хир ма-яра.
Маршо радио: Нохчийчоьнан куьйгалхо хIинца Кремло хIоттош ву, хьо хьалхатеттича, масала, хьо гIур варий цига куьйгалла дан?
Хасбулатов Руслан: (Вела а воьлуш) Нохчийчохь куьйгалла дар суна къезиг ма-ду! Нохчий… Вайн махкахь-м дикка куьйгалхо ву вайн. Суна хIара Росси санна йоккха пачхьалкх ма-езара куьйгалла дан. Иза схьаяьккхира кхара соьгара…
ХIара интервью дуьххьара зорбане яьлла 2011-чу шеран ГIадужу-баттахь.